uz
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Kanalga Telegram’da o‘tish

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Ko'proq ko'rsatish
345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
sticker.webp0.00 KB

ГӀиллакх - Ӏилма долчунгахь а, доцучунгахь а лаккхара тӀегӀантӀехь хила хьакъ дерг ду! ГӀиллакх хиларо - хьан даӀват неха дегнашчу дӀакхачадо! ГӀиллакх хиларо - хьоьга нийсо тӀелоцуьйту! ТӀаккха ца хета хьуна, гӀиллакх, хаза амал а, уггаре хьалха ахьа хьайгахь хилийта дезарг дуй?! Ӏилма Ӏамдарал хьалха - нахаца хаза юкъаметтиг лело Ӏамда деза адмо!

sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB

Шен чохь жовхӀарш гуллийна тӏорказ ду хӀара.. https://youtube.com/@islamantariyh?si=Xs1z53pYSKhvUN9T АллахӀа тӀаьхье беркате бойла хӀара болх! АллахӀ даиманна а реза хуьлийла хӀара болх бечунна!

sticker.webp0.00 KB

Бакъон хьалха вахьтаӀаро, адман мах вахьбоккхуш бац! Муххане а, АллахӀан дуьхьа вахьтаьӀнарг, АллахӀан дуьхьа эсал хилларг, неха дегнаш чохь а, эхартахь йалсаманен даржашкахь а, Веза-Сийлахь волу АллахӀа лакхавоккхура ву! Ткъа кураллаш еш лелларг, шен кураллиц нахелла лакхавала гӀерташ хилларг, нах шелла лахар хеташ хилларг, шега бакъо кховдийча и бакъо къобал ца еш хилларг, цу бакъон инкарло еш хилларг, дуьненчохь нахана гуттар лахара хетар ву иза, неха дегнаш чохь гуттар сийсаз хира ву иза, ткъа эхартахь, йалсаманен хьожа а кхетар яц цуна!

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Къуръанаца долу, Делаца долу гергарло ахь сов мел доккху а, и хьан чӀагӀ мел ло а хьуна хенаца а, хьан дерриг дахарца а, хьан даьхница а, ахь лелочуьнца а, хьан балха тӀехь, некъахь, хьан доьзалца, хьан могшаллица, хьан дегӀаца, хьан дерригенца а хьуна беркат хуьлу. И беркат АллахӀа хьуна делча а бен хуьлуш дац. И беркат ду АллахӀа вайгара тахана дӀадаьккхинарг, хӀунда аьлча, цу Делаца йолу юкъаметтиг вайн гӀийла хиларна. Цундела вайна ца карайо цу Далла яла хан, буьйсанах а, я дийнах а, ур-атталла рузбанна а. Рузбанан хьехам: Элчанан Ӏибадат

Recording_55.m4a39.60 MB

Хьалха санна кху телеграм чохь хьулуш елира и эфир

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Рузбанан хьехам

sticker.webp0.00 KB

«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]». [Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят] «ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь». [Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

sticker.webp0.00 KB

Аша АллахӀан гӀодахь, Цуьнан дош айбадарца, АллахӀа шуна а гӀодийра ду!