Мутаlеламан лар
Kanalga Telegram’da o‘tish
1 263
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-17 kunlar
-1230 kunlar
Postlar arxiv
1 263
ЧАЬКХХЕННА ОЙЛА ЯР
Ибнуль-Джавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Хьалкъан йукъар дуккха а lеса наха шайн чаькххенна ойла йарна бахьана долуш тоба дина.»
"Атl-тlиббу ар-рýхьáний" (агlо: 151).
1 263
Адаме дикка къаста ца ло шен пайде дерг шен зене долчух, цундела ду динехь "истихарат ламаз" дар а, цу [доlанна] юкъахь ду-кх: (суна йазде Ахьа пайдехь дерг иза миччахь делахь а, цул тӏаьхьа со цунна реза а ве Ахьа!).
"Аль-илхьад ар-рувхьий", Хlайсам Тlалlат, (агlо 25).
https://t.me/muta1elaman_lar
1 263
Фудайл бин lияда аьлла : «Шен гӏиллакхах воьхначьунан дин а гӏеллура ду.»
"Аль-áдáбу аш-шарlиййахl", Ибн Шайхис-салламиййахl (агlо: 353).
https://t.me/muta1elaman_lar
1 263
Сийлахь волчу Аллахlан неlалт тlе дахьш къа ду хlара! Тlкъа Аллахlан неlалт вайна тlе дагlахь дуьне я эхарт хира дац вайна!
1 263
Саlудехь хурманаш дlаса йоькъийтуш, цигахь хурман дитташ дугlийтуш вай къахьегаре терра, хlинца вай цlахь дуккху нехан хlусмашна хилла болу бохамаш гина-кх вайна, цхьаболу нехан еригге хlусам йоьххаш а бу..
Царна гlо дан деза вай, кlадо ца яьш, мало ца яьш..
Царна бакъдоулш де эшна хан еъна-кх!
1 263
Бусулба динах вай хердовлахь хlу хира ду вайх?
Дера ду вай хьакхарчишца церан уьшлахь керчар, цхьанна хlуманах хьожа ца йогlуш!
1 263
Бусулба наха шайн динца долу хьал нисдича, церан дуьнен дахар а нислура ду.
"Аль-ислам валь-илхьад важхlан ливажхl" (агlо 100).
https://t.me/muta1elaman_lar
1 263
Телпога хьекъалш даха дойтучул а, Къуръане хьекъалш кхиадайтар гlолехь ма дар вайна.
1 263
Repost from Ойланаш
Дуккху хlума зеделла хьуна, дуьненна а lаббалца ца lаш къахь даллалца чам баьккхина ахь, адаман амал а йоьвзина хьуна, тешамечуьнан тешам а, ямарт волчунна ямартло а, дуьненна кlезиг lехваларшкахь там хилла хьайн сингаттамаш а, хьайн чевнаш а цхьана кlезиг хенан юкъана йиц яьш ваьхна хьо ...
Тlаккха хlинца, тахана, оццул хьан оьмарах хан дlа иккханчул тlаьхьа, хьан дахаран малх чубуза дlа гlоьртинчул тlаьхьа, хан тlе ца кхаьчна хьуна керла lалашо хоттийна, хьайн lалашонна чеккхе генна ломал дехьа, кхин а генна Эхарта дlа гlортталлца lалашо хоттийна Дална тlе боьдуш болчу некъан тlехь нисвала, хlай Аллахlан лай?
1 263
Имам Ибн Хьазмас (Сийлахь волчу Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:
Шуна хаийла: хlара дин схьакхачош lеламнах бацхьара, хlора чкъоранна хlара дин дlа хьоьхуш = Ислам дин деригге дlа даьлла хира ма дар!
Сиха ца луш, дикка, шортта ойла йелаш цу хьокъехь!
Цундела ма аьлла царах [хьадисехь] : (Пайхамарийн верасаш).
"Ат-талхийс ливужухlи ат-тахлийс" (агlо: 198).
1 263
Ша халонашкахь волчо шортта: "АстагlфирулЛахl" бохийла.
Ша ниlматашкахь волчо шортта: "АлхьамдулиЛлахl" бохийла.
Дуьххьарлераниг: хьан халонаш юкъара ара вала онда бахьан ду хьуна.
Шозлагlниг: хьан диканаш хьоьгахь латто а, кхин а цаьргахь сов ваккха онда бахьан ду хьуна.
1 263
Иштта хила йиш йолуш дац шуна вай :
Хьолдас хьоршам тоьхча цуьнан гондахьа болчара олу : Дала къинхетам бойла вайн хьоме вашах.
Амма нагахь санна къечуьнгар хьоршам ялахь цара олу : оввай-кх! Мила ву иза шен цамгарца чохь ца lаш, вайна юкъа веъан хьоршамаш яьтташ верг?!
1 263
Нахан юкъахь уггаре бехаш берш : царна юкъахь уггаре дукха дикнаш деш берш бу.
"Аль-адабу ас-сагlийр" (агlо: 112).
1 263
ЖУЬГТИЙН АМАЛ
Жуьгтий шайна пайдехь дерг кхочуш дан лууш бу, церан бала бац шаьш деригге хlара lалам доха дахь а, коьртаниг шайн lалашонаш кхочуш йича хьана.
"Аш-шаварид", lаззам (агlо: 18)
1 263
Ахь марха достуш хенахь доггаха дийра долу цхьа доlа хила йиш йолуш ду хьуна хьан деригге дахар хьуна дагахь ца хиллачу кепара дикачу агlора хийца.
Endi mavjud! Telegram Tadqiqoti 2025 — yilning asosiy insaytlari 
