uk
Feedback
Мутаlеламан лар

Мутаlеламан лар

Відкрити в Telegram

Бусулба Нохчийчоь

Показати більше
1 270
Підписники
-124 години
+127 днів
+630 день
Архів дописів
Ехха хеначохь шегар нахана шортта дика даьлла волчу стагера цхьауза гlалат дожарца наха самукъа дуьйлуш иза цоьстуч гича... Адаман иза доккха масал ду: ша деш долчу хlумангахь наха шех тамаш бан буйьла белча, наха ша хьесточера охьа вуьллуш ца хилча, цу тайпа меза дешнашна цхьа цуьрг пусар дан дезаш ца хилар, я ши капек мах хадо безаш ца хилар! Адаман бокъалла амалш евзачунна цlкъа а дог догlур дац дика lамалашкахь уьш тергал бан.

Бусулба стаган хьарам ду Библий а, Еванглий а ешар. Иза Имам Шафиlийн мазхlабера баккхий lелманаха къеггина билгала даьккхина
Бусулба стаган хьарам ду Библий а, Еванглий а ешар. Иза Имам Шафиlийн мазхlабера баккхий lелманаха къеггина билгала даьккхина ду. Наггахь санна иза воккха lелмастаг велахь тlаккха цуьнан хьокъехь къамел ду. Делахь вай санна болу пекъаршан цу чу хьежар, дешар хьарам ду, хlунда аьлча цара иза цхьа а эхь-бехк доцуш хийланза хийцана долун дера. Чу хьажа : "Хьашияту Аш-ширваний lала Тухьфатиль-мухьтаж" (1/178).

Repost from Ойланаш
ТИЛЛА БЕЛЛА ١АХАР - Тилла белла lахарах лаьцна хlу эра дар ахь? - Иштта иштта эра дар аса, масала: шайн жаlус бохург динехьара цо, шен божах тlаьхьа ца биснехьара иза, шен бала боцуче ца кхиднехьара иза .. тиллура бацар-кх иза! Тlаккха Сийлахь волчу АллахIа боху шен Къуръан чохь: (Аса кхоьллана ма дац жиннаш а, адамаш а цаьрга Сайна lибадат дайтар хьам бен). Тlаккха вайна хаа ду: Делан некъахь вай дlа хьоьвзана, Бусулба динах вай гена доьвла, дегlан лаъаман гайн лаъаман вайх лайш хилла, вай лийра хилар вайн декъеш нlаьнеш дуург хилар дицдина вай лелча вайх а хуьлий кху дуьненахь : "тилла белла lахар"!

Repost from Ойланаш
ТИЛЛА БЕЛЛА ١АХАР - Тилла белла lарах лаьцна хlу эра дар ахь? - Иштта иштта эра дар аса, масала: шайн жаlус бохург динехьара цо, шен божах тlаьхьа ца биснехьара иза, шен бала боцуче ца кхиднехьара иза .. тиллура бацар-кх иза! Тlаккха Сийлахь волчу АллахIа боху шен Къуръан чохь: (Аса кхоьллана ма дац жиннаш а, адамаш а цаьрга Сайна lибадат дайтар хьам бен). Тlаккха вайна хаа ду: Делан некъахь вай дlа хьоьвзана, Бусулба динах вай гена доьвла, дегlан лаъаман гайн лаъаман вайх лайш хилла, вай лийра хилар вайн декъеш нlаьнеш дуург хилар дицдина вай лелча вайх а хуьлий кху дуьненахь : "тилла белла lахар"!

Дlа яьллачу хlуманна билгало ю-кх хlара!

ЧАЬКХХЕННА ОЙЛА ЯР Ибнуль-Джавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьалкъан йукъар дуккха а lеса наха шайн чаькххенна
ЧАЬКХХЕННА ОЙЛА ЯР Ибнуль-Джавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьалкъан йукъар дуккха а lеса наха шайн чаькххенна ойла йарна бахьана долуш тоба дина.» "Атl-тlиббу ар-рýхьáний" (агlо: 151).

Адаме дикка къаста ца ло шен пайде дерг шен зене долчух, цундела ду динехь "истихарат ламаз" дар а, цу [доlанна] юкъахь ду-кх: (суна йазде Ахьа пайдехь дерг иза миччахь делахь а, цул тӏаьхьа со цунна реза а ве Ахьа!). "Аль-илхьад ар-рувхьий", Хlайсам Тlалlат, (агlо 25). https://t.me/muta1elaman_lar

Фудайл бин lияда аьлла : «Шен гӏиллакхах воьхначьунан дин а гӏеллура ду.» "Аль-áдáбу аш-шарlиййахl", Ибн Шайхис-салламиййахl (агlо: 353). https://t.me/muta1elaman_lar

Инзаре чlогlа дика аьлла ду!
Инзаре чlогlа дика аьлла ду!

Сийлахь волчу Аллахlан неlалт тlе дахьш къа ду хlара! Тlкъа Аллахlан неlалт вайна тlе дагlахь дуьне я эхарт хира дац вайна!
Сийлахь волчу Аллахlан неlалт тlе дахьш къа ду хlара! Тlкъа Аллахlан неlалт вайна тlе дагlахь дуьне я эхарт хира дац вайна!

Саlудехь хурманаш дlаса йоькъийтуш, цигахь хурман дитташ дугlийтуш вай къахьегаре терра, хlинца вай цlахь дуккху нехан хlусмашна хилла болу бохамаш гина-кх вайна, цхьаболу нехан еригге хlусам йоьххаш а бу.. Царна гlо дан деза вай, кlадо ца яьш, мало ца яьш.. Царна бакъдоулш де эшна хан еъна-кх!

Кху чу вайх хlораъ хlу эцна гlура ву? И ду-кх коьрта хаттар!!!
Кху чу вайх хlораъ хlу эцна гlура ву? И ду-кх коьрта хаттар!!!

Ойла йойла, ойла ялла кхетам болчара...

Бусулба динах вай хердовлахь хlу хира ду вайх? Дера ду вай хьакхарчишца церан уьшлахь керчар, цхьанна хlуманах хьожа ца йогlу
Бусулба динах вай хердовлахь хlу хира ду вайх? Дера ду вай хьакхарчишца церан уьшлахь керчар, цхьанна хlуманах хьожа ца йогlуш!

Ма дукха хlума ду-кх лайн кийрахь Шен Кхоллархочуьнга деха а, далха дан а...

Бусулба наха шайн динца долу хьал нисдича, церан дуьнен дахар а нислура ду. "Аль-ислам валь-илхьад важхlан ливажхl" (агlо 100). https://t.me/muta1elaman_lar

Телпога хьекъалш даха дойтучул а, Къуръане хьекъалш кхиадайтар гlолехь ма дар вайна.
Телпога хьекъалш даха дойтучул а, Къуръане хьекъалш кхиадайтар гlолехь ма дар вайна.

Repost from Ойланаш
Дуккху хlума зеделла хьуна, дуьненна а lаббалца ца lаш къахь даллалца чам баьккхина ахь, адаман амал а йоьвзина хьуна, тешаме
Дуккху хlума зеделла хьуна, дуьненна а lаббалца ца lаш къахь даллалца чам баьккхина ахь, адаман амал а йоьвзина хьуна, тешамечуьнан тешам а, ямарт волчунна ямартло а, дуьненна кlезиг lехваларшкахь там хилла хьайн сингаттамаш а, хьайн чевнаш а цхьана кlезиг хенан юкъана йиц яьш ваьхна хьо ... Тlаккха хlинца, тахана, оццул хьан оьмарах хан дlа иккханчул тlаьхьа, хьан дахаран малх чубуза дlа гlоьртинчул тlаьхьа, хан тlе ца кхаьчна хьуна керла lалашо хоттийна, хьайн lалашонна чеккхе генна ломал дехьа, кхин а генна Эхарта дlа гlортталлца lалашо хоттийна Дална тlе боьдуш болчу некъан тlехь нисвала, хlай Аллахlан лай?

Имам Ибн Хьазмас (Сийлахь волчу Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: Шуна хаийла: хlара дин схьакхачош lеламнах бацхьара, хl
Имам Ибн Хьазмас (Сийлахь волчу Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: Шуна хаийла: хlара дин схьакхачош lеламнах бацхьара, хlора чкъоранна хlара дин дlа хьоьхуш = Ислам дин деригге дlа даьлла хира ма дар! Сиха ца луш, дикка, шортта ойла йелаш цу хьокъехь! Цундела ма аьлла царах [хьадисехь] : (Пайхамарийн верасаш). "Ат-талхийс ливужухlи ат-тахлийс" (агlо: 198).

Ша халонашкахь волчо шортта: "АстагlфирулЛахl" бохийла. Ша ниlматашкахь волчо шортта: "АлхьамдулиЛлахl" бохийла. Дуьххьарлераниг: хьан халонаш юкъара ара вала онда бахьан ду хьуна. Шозлагlниг: хьан диканаш хьоьгахь латто а, кхин а цаьргахь сов ваккха онда бахьан ду хьуна.