БАКЪДЕРГ
Kanalga Telegram’da o‘tish
▫️связь с админом: @baqderg_bot ▫️ если хотите поддержать проект 👉 https://pay.cloudtips.ru/p/e4212284 (скопировать ссылку и вставить в браузер или написать в бот).
Ko'proq ko'rsatish4 564
Obunachilar
+624 soatlar
+57 kunlar
+3030 kunlar
Postlar arxiv
4 564
Кхин 1овжа хӀун ду сан?
🖊Матагов Ихьсан
БӀарзвелла, къарзвелла, къежвала ца туьгуш, хебарша чкъуран куц сибатехь талхийна, гӀелвелла шелвелла, са дала ца туьгуш, дахарехь сайн Далла къабала балхийна, дехарийн жоьпаш а, мостагӀийн тоьпаш а, вовшашна гуш доцуш къийсаме дуьйлучохь, дехарна жоп хуьлуш, гиначохь воккхавеш, жоьпаза диснариг жоьпанна хьакъ ца деш, муьлххачу хьолехь а, вайн Далла хастамбеш декъачу куьйгашна бодашкахь латтар деш, буьйсанна цхьалхачу лазамца висина, дерриге ма доггах, ма логгалц хӀоьттина Ӏаш ву со кху буса, кхин Ӏовжа хӀун ду сан?t.me/baqderg
4 564
Дегабаам (проза)
– Са ма лозу сан, – элира цо, цхьа кIира даьлча, дуьххьара, дуьххьара соьга йистхуьлуш, – хIун ди-кх ахь суна… суна иштта хала ма ца хилла… хьо кIира хьалха… маца, стомара…хьо цхьаьнга, цхьана йоIе, хьо дIахьаьжча, суна уллора цуьнга дIахьаьжча…
– Муха?! Маца?! Хьаьнга д1ахьаьжча… ахь…ахь хIун дуьйцу, ахь хIун йоI, мила йоI…
– ХIун бен ю, цхьана йоIе… – балда дегийра, бухара балда, дуьненах цадашшал кура дусаделла сонта хилла балда, кIаьгнашка уьдуш, хебаршка, юха горглуш, хецалуш…сецна ши бIаьрг а, беттан буьйса санна, хин тIадамаш а, деза, даккхий, мохк бегош санна хиэташ, наггахь цхьацца лаьтта бужу.
Со дуьххьара, сайн дахарехь, сайн дахарехь дуьххьара – ца кхеташ санна кхийтира, йоьIан сих – безамо ойла хьаьшначу сих – са кхуьуш, йоьIан сих дуьнен чохь цхьа а кхетта а я кхетар а воцийла цкъа а…
▫️▪️Читать полностью
🖊Бексултанов Муса
t.me/baqderg
Endi mavjud! Telegram Tadqiqoti 2025 — yilning asosiy insaytlari 
