uz
Feedback
hazayoza🕊

hazayoza🕊

Kanalga Telegram’da o‘tish
994
Obunachilar
-124 soatlar
-47 kun
-830 kun

Ma'lumot yuklanmoqda...

Taglar buluti
Ma'lumot yo'q
Muammo bormi? Iltimos, sahifani yangilang yoki bizning qo'llab-quvvatlash boshqaruvchimizga murojaat qiling>.
Kirish va chiqish esdaliklari
---
---
---
---
---
---
Obunachilarni jalb qilish
Sen '26
Sentabr '26
+4
0 kanalda
Avgust '26
+4
0 kanalda
Get PRO
Iyul '26
+3
0 kanalda
Get PRO
Iyun '26
+5
0 kanalda
Get PRO
May '26
+14
0 kanalda
Get PRO
Aprel '26
+6
0 kanalda
Get PRO
Mart '26
+8
0 kanalda
Get PRO
Fevral '26
+12
0 kanalda
Get PRO
Yanvar '26
+14
0 kanalda
Get PRO
Dekabr '25
+16
0 kanalda
Get PRO
Noyabr '25
+2
0 kanalda
Get PRO
Oktabr '25
+17
0 kanalda
Get PRO
Sentabr '25
+22
0 kanalda
Get PRO
Avgust '25
+9
0 kanalda
Get PRO
Iyul '25
+16
0 kanalda
Get PRO
Iyun '25
+20
0 kanalda
Get PRO
May '25
+20
0 kanalda
Get PRO
Aprel '25
+21
0 kanalda
Get PRO
Mart '25
+12
0 kanalda
Get PRO
Fevral '25
+18
0 kanalda
Get PRO
Yanvar '25
+27
0 kanalda
Get PRO
Dekabr '24
+30
0 kanalda
Get PRO
Noyabr '24
+34
1 kanalda
Get PRO
Oktabr '24
+40
0 kanalda
Get PRO
Sentabr '24
+74
1 kanalda
Get PRO
Avgust '24
+61
1 kanalda
Get PRO
Iyul '24
+23
1 kanalda
Get PRO
Iyun '24
+61
0 kanalda
Get PRO
May '24
+63
1 kanalda
Get PRO
Aprel '24
+98
0 kanalda
Get PRO
Mart '24
+88
0 kanalda
Get PRO
Fevral '24
+91
0 kanalda
Get PRO
Yanvar '24
+47
0 kanalda
Get PRO
Dekabr '23
+47
0 kanalda
Get PRO
Noyabr '23
+39
0 kanalda
Get PRO
Oktabr '23
+42
1 kanalda
Get PRO
Sentabr '23
+131
0 kanalda
Get PRO
Avgust '23
+50
0 kanalda
Get PRO
Iyul '23
+39
0 kanalda
Get PRO
Iyun '23
+34
0 kanalda
Get PRO
May '23
+159
0 kanalda
Get PRO
Aprel '23
+49
0 kanalda
Get PRO
Mart '23
+87
0 kanalda
Get PRO
Fevral '23
+29
0 kanalda
Get PRO
Yanvar '23
+42
0 kanalda
Get PRO
Dekabr '22
+74
0 kanalda
Get PRO
Noyabr '22
+89
0 kanalda
Get PRO
Oktabr '22
+42
0 kanalda
Get PRO
Sentabr '22
+32
0 kanalda
Get PRO
Avgust '22
+84
0 kanalda
Get PRO
Iyul '22
+94
0 kanalda
Get PRO
Iyun '22
+168
0 kanalda
Get PRO
May '22
+73
0 kanalda
Get PRO
Aprel '22
+48
0 kanalda
Get PRO
Mart '22
+203
0 kanalda
Get PRO
Fevral '22
+24
0 kanalda
Get PRO
Yanvar '22
+29
0 kanalda
Get PRO
Dekabr '21
+60
0 kanalda
Get PRO
Noyabr '21
+13
0 kanalda
Get PRO
Oktabr '21
+300
0 kanalda
Sana
Obunachilarni jalb qilish
Esdaliklar
Kanallar
26 Sentabr0
25 Sentabr0
24 Sentabr0
23 Sentabr0
22 Sentabr0
21 Sentabr0
20 Sentabr0
19 Sentabr+1
18 Sentabr0
17 Sentabr0
16 Sentabr0
15 Sentabr0
14 Sentabr+1
13 Sentabr0
12 Sentabr+1
11 Sentabr0
10 Sentabr0
09 Sentabr0
08 Sentabr0
07 Sentabr+1
06 Sentabr0
05 Sentabr0
04 Sentabr0
03 Sentabr0
02 Sentabr0
01 Sentabr0
Kanal postlari
- Кертах чекхъиккхина кхечухьа дехьаваьлла хир ву иза, олий кхидӀа а лаха боьлху вийначу кӀентан накъостий. Гехас чу а воьдий, вийнарг шен кӀант вуй а ца дуьйцуш, хеттарш деш лево шен чӏирхо, муха нисделира, хӀун хиллера, бохуш. ХӀара кӀант атта а хетта, оцу ловзаргахь ша цхьана волуш, вуьйш алсам хиларе терра, коча баьхкина, эвхьаза забарш йеш хьовзийна хилла. Мухха делахь а, хӀокху кӀентан ка а даьлла, Гехин кӀант вер нисделла кхуьнан. Ша вийначун да вуй хууш ца дуьйцу цо иза, шега хаьттича, ма-дарра охьадуьллу. Цкъачунна дӏатаӏӏий Ӏелахь, и жӀаьлеш дарделла ду хьуна, вайшимма цхьа агӀо йийр йу хьуна, олий цуьнан догъоьцу. Ӏуьйранна сатосучу хенахь, стерчий дӀа а дужий, ворданна цӀа чу шен кӀентан чӏирхо а вижавой, цунна тӀехула хьаьжкӀийн гӀад дуттий, йуьртах вала волало Геха. Сатасале ворда а йоьжна, вийна кӀант волу Геха йуьртах вала волавелча, мостагӀ лоьхуш берш шек бовлий, дуьхьал бовлу кхунна. Уьш шена тӀегӀоьртича, шен йукъарчу шаьлтанна тӀе куьг а дуьллуш, Гехас мохь тухуш човхабо уьш: - Вийнарг сан кӀант ву, шу шаьш динарг дина девлла, суна герга гӀоьртинчуьнца сан дов хир ду. Цу кепара шаьш човхийча, уьш йуха бовлу. Цул тӀаьхьа, йуьртах а волий, кӀентан йуьрта боьдучу новкъа волу Геха. Иза бенойн кхечу уллорчу йуьртара хилла. И кӀант дӀа а вуьгий, цуьнан лулахошка дӀало, Гехас, ша ала олуш: - ХӀокхуьнан карах вайн чуьра кӀант велла, цуьнан накъостий, жӀаьлеш дарделла ду, кхуьнан дола де ала. Цул тӀаьхьа, цхьан хан йаьлча, нохчийн къомах цхьа тоба Хонкара махка кхалха кечамаш беш хуьлу. Гехина тӀе кост дахьаш баккхий нах бохкуьйту кӀант вийначу чӏирхочун верасаша: Шайн кӀентан чӀир эцахьара аш, хьан йуьхьа дуьхьал ца хьийзалора, Хонкара даха дагахь дара тхо, олий. Гехас дуьхьал жоп дохьуьйту: - Чӏир оьцуш хиллехь, оцу буссехь эцна хир йара, цӀа а валийна дӀа а кхетор вацара. Шегахьара иза маьрша ву шуна, шаьш долхахь, шайн кӀант а эций дӀагӀо, олий. _©Алхазов ӏабдул-Гӏапура дуьйцуш дӏайаздина_

2
*Нохчийн лаьмнашкахь лелла гӀиллакх* Цхьаьннан карах мухха а цхьаъ кхалхар нисделча, йа цахууш, йа девнехь, йуккъехь дов лелла доцчу шина тайпанах болу Ӏеламнах, баккхийнаш, маслаӀатан дай, наха лоруш болу нах йукъа а хьаьвзий, и стаг тӏевитар, маслаӀат дар лохуш хилла. Мел доккха делахь а, дов дӀадерзош хилла ишттачу маслаӀатца. Масала, цхьаьннан карах цхьаъ велча, нах цхьаьна а кхетий, цунна орцах бовлий, оцу нахе дехаре боьлхуш хилла, и стаг тӏевитахьара, олий. Дехаре бахале, дуккха дийцарш деш хилла, кӀеззигчу тобанца тӀе а гӀой, вовшех дага а бовлуш, хиллачух, леллачух, бехк берг боцург дуьйцуш, массо хӀума листа а луьстий, дехарш деш, маслаӀате кхойкхуш хилла. Оцу кеппара стаг веллачу нахе дехар деш хилла, чӏирхо тӏевитар доьхуш. Дехар луш а хилла дукхахьолахь, амма дехар йуха тухуш меттиг нислуш а хилла. Гуттар маслаӀатана дуьхьало йича, гор хӀуьттий дехар а деш. Дехаре, маслаӀате кхойкхуш тӀаьххьара долу тӀегӀа и хилла - баккхийчу наха гор а хӀиттина, шайн коьртара куйнаш а даьхна (лаьтта охьа а дехкина), къоьжалла гучайаккхар. Оцу къаноша гуча йаьккхинчу кхоьжаллин лерам а бой, тӏевуьтуш меттиг нислуш а хилла чӏирхо. Иштта кхин цхьана а кепара чӏирхо тӀе ца вуьтуш дуьхьал бевлча, цунна марчо а хьарчадой, барамна тӀе а вуьллий, дӀаволла кечвинчу суьртахь, баккхийнаш хьалха а, кегийрхой тӀаьхьа а болуш, цу стаг кхелхинчу нахана хьалха и барам охьабуьллуш хилла. ХӀара оха шун керта охьавилли, хӀинца шайн чӀир эца кхунах, олий. Церан кхетамехь болчу наха дуьхьал схьа къамел деш хилла: Наха санна хӀара шен хеннахь кара а вина, кхуьнан чӀир эца тхан ницкъ ца кхечи, хӀинца ван а веана аш охьавиллича, тӏехьарчийна марчо а долуш волчу кхунах чӀир иэццал де доцуш а дац тхо, олий, цхьаъ тӀе а воьдий, шаьлта а йоккхий, цуьнан коьрта тӀера марчо дӀа а достий, корта гуча а боккхий, коьртах цхьа кӏинж йоккхуш хилла, корта башар барамехь. Тхоьгахьара маьрша ву, олий паргӀат вуьтуш хилла. Марчо а хьарчийна, веана уьйтӀа охьавиллина стаг вийна меттиг бац, хӀунда аьлча, иза Ӏаламат чӀогӀа эхье а, лерам боцуш а лорур дара. Чӏирхочо корта а, маж а йошуш ца хилла, тӏевитталц. Цунах терра, лелаш цхьа хаза гӀиллакх хилла нохчийн къоман, орца доьхуш, хууш а, цахууш а шайн керта чӏирхо-мостагӏ иккхича, иза вуьйш ца хилла, кертахь чӀир эцар гӀиллакхе ца хилла. Цу кеппара, кхечу экханах къаьхкина цхьа экха йуьрта иккхича, иза дуьйш а, йа эккхош а ца хилла. Нагахь санна иза дийча, цуьнгара бехк боккхуш а хилла, цунна неӀалт олуш хилла наха. И экха хьа ца деш Ӏаддуьтий, шена маршо йаьлча дӀадаха паргӀат дуьтуш хилла. Иштта, Зандакъарчу Гӏеза-Хьаьжас (Дала къинхетам бойла цунах, даржехь лекха воккхийла иза!) шен кӀант вийнарг тӏе а витина, шен кӀантана дина цӀенош оцу шен кӀант вийначу чӏирхочунна а луш, цу чу ваха хаийна хилла. Наггахь бен ца нисделлехь а, вайн къомана йукъахь масал а хилла, тӀаьхьарчу тӀаьхьенаша дийца а дуьйцуш лаьтташ ду и тайпа белхаш. 19-чу бӀешарахь иштта цхьа гӀуллакх нисделла Бенойн йуьртахь Гуьржа-Махкахь. Гуьржа-Махкахь вехаш хилла Геха цӀе йолуш стаг. Нахана йуккъе валлал, ловзарга ваххал кхиъна хилла Гехин воккхахволу кӀант, биснарш цул кегий а болуш. Гуьйренан цхьана буса, Гехагӏарна гена доццуш ловзар хилла, хӀокхарна цуьнан гӀовгӀа дикка схьа а хезаш. Геха волчу керта иккхина цхьа жимастаг, дуйнаш кхуллуш, ша дӏахьулвахьара бохуш, орцанца. Оцу мӀаьргонна шен хӀусамехь иза дӀа а хьулвой, керта араволу Геха. ХӀара араваларций, накхарийн вай даьлча санна доккха гӀугӀ дохьуш, керта лелха Гехин кӀентан накъостий: - Стенга ваха иза? - бохуш маьхьарий а детташ. - Аш хӀун дуьйцу, мила вуьйцу? - олу Гехас, ша цакхета сурт а хӀоттош. Совца а совций, воккхачо Гехе кадам бо: - Хьан кӀант дӏакхелхина, иза ведда хӀокху керта иккхинчу кӀентан карах велла, олуш. - Тхо иза схьалаца тӀаьхьа девлла дара. - Хӏокху керта иккхина цхьа а хаавелла вац, олу Гехас.
1
3
Ovozli xabar
205
4
Астагlфируллахl дукха бахаран къайленаш: - шайтӏа генадоккху. - Аллахӏ реза хуьлу. - гӏайгӏа а, сингаттам а дӏабоккху. - самукъа доккху. - йуьхь нуьре хуьлу. - ницкъ сов болу. - могшалла толо. - Аллахӏ везаволуьйту. - Аллахӏана везаволуьйту. - Аллахӏана герга хуьлуьйту. - Аллахӏ хьехош верг хуьлу и. - дог денло. - Аллахӏаца йолу йукъаметтиг толо. - къинош дӏадоху. - халонехь гӏо хуьлу. - малийкаша гуо бо цунна. - Аллахӏ виц ца валар хуьлу. - дог паргӏат хуьлу. - эхарт дагадогӏу. - дуьне генадолу. - Аллахӏана хастам бар хуьлу. - Аллахӏана Шена хастам беш берш хьахабойту малийкашка. - Аллахӏа ийманехь сов воккху. - Аллахӏа Шен дикчу лешха во. - халонаш атта хуьлу. - гӏуллакхаш тӏехь аьтто хуьлу. - рицкъанах беркат хуьлу. - кхерам дӏаболу. - толам хуьлу. - доӏанна жоп ло.
214
5
Тезета тӀекхаьчча, салам далар цуьнан уггар хьалха долу декхар а, бакъе а йу. Салам а ца луш, доӀа де бахар ца тов тезетахь. Жима велахь а, воккха велахь а. (Нагахь санна, шена гуттар а и салам дала товш ца хеташ хьал делахь, тобанна хьалха вер вац). ДоӀа тезета тӏевоьдучун ду, амма, бухарчо гӀиллакх а лаьцна, ахь доӀа де эр ду. Тӏевеанчо йа доӀа дийр ду, йа иза йуха а делла, тезетан доӀа схьаоьцучуьнга доӀа дойтур ду. Цул тӀаьхьа, кхелхинчунна Дала гечдойла а аьлла, водахь куьйге а вахана, шен меттиг схьалоцур йу тезетахь. Тезета дӀакхаьчча, оцу тезетан ба́раман цхьа меттиг схьа а лаьцна, накъосталла дан хьожур ву. Дакъа лийчош, йа каш доккхуш, йа маха беш, йа зикру деш, йа докъан ламаз деш - муьлхха а шен ницкъ кхочуш долу накъосталла дийр ду бусалба стага. Докъан ламаз даллалц собар дича дика хир ду. Дӏаволлалц саца йиш йелахь, кхин а доккха накъосталла а дийр ду цо, шена йоккха йал а йоккхур йу. 05.08.2026 22.02.1448 © Ислам Идрисов
220
6
Тезета вахаран кеп Тезета воьдуш волу стаг, цӀенна Делан дуьхьа ниййат долуш хила веза, оцу тезета а вахана, дӀакхелхинарг АллахӀ-Деле гечдар а доьхуш, воьхур ву аьлла. Оцу ниййатца Деле гечдар доьхуш доӀанаш а деш, зикр а деш, салаваташ а дохкуш, айаташ а, сураташ а доьшуш, муьлхха а пайде болу болх беш гӀур ву, дуьненан къамелаш а ца деш. Тезета воьдучун духар догӀуш хила деза нахана йукъа вала томехь: деха пхьош долу коч а, коьртахь хӀума а, дегӀа тӀехь паргӀат а долуш, тӀелетта а доцуш, тайп-тайпана беснашца къорза а доцуш духар хилар. Бусалба стеган васт а, куц-кеп а хила деза тезета воьдучу стеган, жима велахь а, воккха велахь, тӀех къегина воцуш, тӀех цӏак-ваьлла а, маӀа-ваьлла а воцуш. Стеган бедар (коч а, гӀовтал а) йеха товш йу, голе гӏоьртуш, коч хецна йолуш (хечичу йерзийна йоцуш). Пес тиллина велахь, кӏапа гуш йоцуш, корта къевлина товш йу. Далла хьалха ламазана хӀуттуш волчу стеган санна, шен духар нисдина, хила ма-деззара товш ду тезетахь. Иштта, тезетахь ша волчу заманчохь, сема а, ладоьгӀна а хила веза, забарш а, Ӏиттарш а, дуьненан къамелаш а, беларш а товш а дац, мегаш а дац. Шена уггар дукхавеза стаг дӀакхелхинчу шен тезетахь нах Ӏен луур долчу кепара Ӏен веза муьлххачу а нехан тезетахь. Тезета тӀе воьдуш, соцунгӀа а хилла, дӀасахьожур ву, гуш гергахь тӀевогӀуш стаг вуй. Нагахь тӀевогӀуш стаг (йа тоба) велахь, цунна (царна) собар а дина, вовшашца гӀиллакх а лаьцна, воккхахверг хьалха воккхур ву. Нагахь санна йуккъехь нахана вевзаш, лоруш дешна Ӏеламстаг, йа кхин лераме стаг велахь, иза хьалха воккхур ву. Иза а, важа а йуккъехь вацахь а, вовшашца гӀиллакх хӀоттор ду, жима велахь в, воккха велахь а. Амма, воккханиг йуха гӀертар гӀиллакхе ца догӀу, хӀунда аьлча, тезетахь болчу нахана хьалха, воккханиг йуха а теттина, хьалха ваьлча санна нисло, товш ца хуьлу (бехк баккха а тарло цхьамма). Кхузахь билгалдаккха догӀу цхьа хӀума, воккханиг а, къенаниг а боху ши дош башха-башха ду. Нахана йуккъехь леларг девзарг, кхеташ волу стаг, Ӏилма дерг, кхетам меттахь берг, говза мотт а болуш, дехьа-сехьа йарташкахь дерг девзарг - иза ханна жима велахь а, воккха ву, мел хӀуъа дийцича а, ишттаниг хьалха хилча а товш ду. Цуьнца доьзна ду масала, тезетахь берш цхьа хьехам, хьехар деш бу, йа доӀа а сацийна цхьа кхин болх беш хила тарло, ишттаниг нисло цхьайолчу йарташкахь. Цундела, ша доӀанна герга хилча, жимма соцунгӀа а хилла ладогӀар тӀехь ду, собар дан деза-те, тӀевоьду хьал дуй-те бухахь, корта таӀӀийна тӀе ца воьдуш. И тайпа само йеш верг хила веза хьалхаваьлла. Нагахь санна хьалхаваьлларг и само йеш вацахь, цунна уллохь верг мукъане а сема хила веза. Иштта, оцу тезетахь, нах а совцийна, цхьа тӀех даьккхина, цадогӀуш долу тоьшаллаш деш, дӀо генара цхьа ӀалагӀожа текхош, тезетан кеп йохийна лелар нийса а, товш а дац. Кхечу йуьртара нах белахь тезета тӀе богӀучарна йукъахь, царна хьошалла (жимхалла деш), доӀанна жимма герга хиллалц аьрро агӀор сацавелла, хьалха агӀор уллохь тӀегӀур ву, цул тӀаьхьа, цунна и сурт дӀа а гайтина, воккхачунна тӏаьхьахӏуттур ву. ДегӀастанахь (Нохчийчохь) тезетахь доӀа схьаоьцуш меттиг жимма хийцам болуш хуьлу: аьтто агӀор тезетан йуьххьехь хуьлу дукхахьолахь; шина агӀор йист а йолуш, йукъа меттехь дуьхьал бирзинчу могӀанехь (баьрччехь) а хуьлу цхьаццанхьа. Тезетахь куьйге вахаран а, охьаховшаран а кеп бакъахьара агӀо хила йеза, Къуръанан кепехь (могӀа боьшучу агӀор). Хьер хьаьвза агӀо олуш а хилла хьалха нохчийн и бакъахьа агӀо. Цундела, и меттиг хьешана йовзийтархьама, жимхалла дар товш ду йуьртахочо. ДоӀа деш верг билгалвеш, ӏасанца ишар йеш туркх хуьлу цхьадолчу тезетахь, ткъа кхечухьа кара Ӏаса (гӀаж) а лой дӏахӏоттавой жимха хуьлу, тӀевогӀург доӀанна тӀевуьгуш. Доӏа схьаоьцучунна хьалха гӀант хӀоттош Ӏедал ду цхьацца йарташкахь, иза билгал хилийта. Иштта, доӀа деш волчунна букъ товжо доккха гӀант дуьллуш низам а ду цхьаболчеран. Делахь а, иза а, важа а улло ца дуьтуш, деккъа шайн хьалха дайша лардина низам лардеш йарташ а йу дуккха а. Масала, хьалха гӀант хӀоттор, доӀа дечунна букъ товжо гӀант хӀоттор, иштта кхийолу билгалонаш а.
207
7
Яралиев Юсуп   ЭЦАРАН ХЬЕСАП   Эцаран хьесап нисдина ду «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъенаша» магийначу терахьийн кепашкахь.     1 х 1 = 1 Цкъа цхьаъ – цхьаъ 1 х 2 = 2 Цкъа шиъ – шиъ 1 х 3 = 3 Цкъа кхоъ – кхоъ 1 х 4 = 4 Цкъа диъ – диъ 1 х 5 = 5 Цкъа пхиъ – пхиъ 1 х 6 = 6 Цкъа йалх – йалх 1 х 7 = 7 Цкъа ворхI – ворхI 1 х 8 = 8 Цкъа бархI – бархI 1 х 9 = 9 Цкъа исс – исс 1 х 10 = 10 Цкъа итт – итт     2 х 1 = 2 Шозза цхьаъ – шиъ 2 х 2 = 4 Шозза шиъ – диъ 2 х 3 = 6 Шозза кхоъ – йалх 2 х 4 = 8 Шозза диъ – бархI 2 х 5 = 10 Шозза пхиъ – итт 2 х 6 = 12 Шозза йалх – шийтта 2 х 7 = 14 Шозза ворхI – дейтта 2 х 8 = 16 Шозза бархI – йалхитта 2 х 9 = 18 Шозза исс – берхIитта 2 х 10 = 20 Шозза итт – ткъа     3 х 1 = 3 Кхузза цхьаъ – кхоъ 3 х 2 = 6 Кхузза шиъ – йалх 3 х 3 = 9 Кхузза кхоъ – исс 3 х 4 = 12 Кхузза диъ – шийтта 3 х 5 = 15 Кхузза пхиъ – пхийтта 3 х 6 = 18 Кхузза йалх – берхIитта 3 х 7 = 21 Кхузза ворхI – ткъе цхьаъ 3 х 8 = 24 Кхузза бархI – ткъе диъ 3 х 9 = 27 Кхузза исс – ткъе ворхI 3 х 10 = 30 Кхузза итт – ткъе итт     4 х 1 = 4 Доьазза цхьаъ – диъ 4 х 2 = 8 Доьазза шиъ – бархI 4 х 3 = 10 Доьазза кхоъ – шийтта 4 х 4 = 16 Доьазза диъ – йалхитта 4 х 5 = 20 Доьазза пхиъ – ткъа 4 х 6 = 24 Доьазза йалх – ткъе диъ 4 х 7 = 28 Доьазза ворхI – ткъе бархI 4 х 8 = 32 Доьазза бархI – ткъе шийтта 4 х 9 = 36 Доьазза исс – ткъе йалхитта 4 х 10 = 40 Доьазза итт – шовзткъа     5 х 1 = 5 Пхоьазза цхьаъ – пхиъ 5 х 2 = 10 Пхоьазза шиъ – итт 5 х 3 = 15 Пхоьазза кхоъ – пхийтта 5 х 4 = 20 Пхоьазза диъ – ткъа 5 х 5 = 25 Пхоьазза пхиъ – ткъе пхиъ 5 х 6 = 30 Пхоьазза йалх – ткъе итт 5 х 7 = 35 Пхоьазза ворхI – ткъе пхийтта 5 х 8 = 40 Пхоьазза бархI – шовзткъа 5 х 9 = 45 Пхоьазза исс – шовзткъе пхиъ 5 х 10 = 50 Пхоьазза итт – шовзткъе итт     6 х 1 = 6 Йалхазза цхьаъ – йалх 6 х 2 = 12 Йалхазза шиъ – шийтта 6 х 3 = 18 Йалхазза кхоъ – берхIитта 6 х 4 = 24 Йалхазза диъ – ткъе диъ 6 х 5 = 30 Йалхазза пхиъ – ткъе итт 6 х 6 = 36 Йалхазза йалх – ткъе йалхитта 6 х 7 = 42 Йалхазза ворхI – шовзткъе шиъ 6 х 8 = 48 Йалхазза бархI – шовзткъе бархI 6 х 9 = 54 Йалхазза исс – шовзткъе дейтта 6 х 10 = 60 Йалхазза итт – кхузткъа     7 х 1 = 7 ВорхIазза цхьаъ – ворхI 7 х 2 = 14 ВорхIазза шиъ – дейтта 7 х 3 = 21 ВорхIазза кхоъ – ткъе цхьаъ 7 х 4 = 28 ВорхIазза диъ – ткъе бархI 7 х 5 = 35 ВорхIазза пхиъ – ткъе пхийтта 7 х 6 = 42 ВорхIазза йалх – шовзткъе шиъ 7 х 7 = 49 ВорхIазза ворхI – шовзткъе исс 7 х 8 = 56 ВорхIазза бархI – шовзткъе йалхитта 7 х 9 = 63 ВорхIазза исс – кхузткъе кхоъ 7 х 10 = 70 ВорхIазза итт – кхузткъе итт     8 х 1 = 8 БархIазза цхьаъ – бархI 8 х 2 = 16 БархIазза шиъ – йалхитта 8 х 3 = 24 БархIазза кхоъ – ткъе диъ 8 х 4 = 32 БархIазза диъ – ткъе шийтта 8 х 5 = 40 БархIазза пхиъ – шовзткъа 8 х 6 = 48 БархIазза йалх – шовзткъе бархI 8 х 7 = 56 БархIазза ворхI – шовзткъе йалхитта 8 х 8 = 64 БархIазза бархI – кхузткъе диъ 8 х 9 = 72 БархIазза исс – кхузткъе шийтта 8 х 10 = 80 БархIазза итт – доьзткъа     9 х 1 = 9 Иссазза цхьаъ – исс 9 х 2 = 18 Иссазза шиъ – берхIитта 9 х 3 = 27 Иссазза кхоъ – ткъе ворхI 9 х 4 = 36 Иссазза диъ – ткъе йалхитта 9 х 5 = 45 Иссазза пхиъ– шовзткъе пхиъ 9 х 6 = 54 Иссазза йалх – шовзткъе дейтта 9 х 7 = 63 Иссазза ворхI – кхузткъе кхоъ 9 х 8 = 72 Иссазза бархI – кхузткъе шийтта 9 х 9 = 81 Иссазза исс – доьзткъе цхьаъ 9 х 10 = 90 Иссазза итт – доьзткъе итт     10 х 1 = 10 Иттазза цхьаъ – итт 10 х 2 = 20 Иттазза шиъ – ткъа 10 х 3 = 30 Иттазза кхоъ – ткъе итт 10 х 4 = 40 Иттазза диъ – шовзткъа 10 х 5 = 50 Иттазза пхиъ – шовзткъе итт 10 х 6 = 60 Иттазза йалх – кхузткъа 10 х 7 = 70 Иттазза ворхI – кхузткъе итт 10 х 8 = 80 Иттазза бархI – доьзткъа 10 х  9 = 90 Иттазза исс – доьзткъе итт 10 х 10 = 100 Иттазза итт – бIе
187
8
Все люди, как книги, и мы их читаем, Кого-то за месяц, кого-то за два. Кого-то спустя лишь года понимаем, Кого-то прочесть не дано никогда. Кого-то прочтём и поставим на полку, Пыль памяти изредка будем сдувать. И в сердце храним, но что с этого толку? Ведь не интересно второй раз читать! Есть люди — поэмы и люди — романы, Стихи есть и проза — лишь вам выбирать. А может быть, вам это всё ещё рано И лучше журнальчик пока полистать? Бывают понятные, явные книги, Кого-то же надо читать между строк. Есть ноты — сплошные оттенки и лиги, — С листа прочитать их не каждый бы смог. Наш мир весь наполнен загадкой и тайной, А жизнь в нём — лишь самый длинный урок. Ничто не поверхностно и не случайно, — Попробуй лишь только взглянуть между строк. Михаил Жванецкий
230
9
Хорбаз
1
10
*Кхолламан* (Шо кхолла луш бутт) *Чиллин* (Уггар шийла, йочане бутт) *Бекарг* (Олхазарийн декар хеза бутт) *Оханан* (Латта оху бутт ) *ХIутосург* (ХӀума дӀайоь бутт) *Асаран* (Асар доккху бутт) *Мангалан* (Мангал хьокху бутт) *Хьаьттан* (йалта хьаьттане гулден бутт) *Товбецан* (шолгӀа буц йолу бутт) *Эсаран* (Йис йуьллу бутт) *Лахьанан* (Ӏаьнна жижиг дӀадуьллу бутт) *ГIуран* (ГӀорайо бутт)
322
11
Matn yo'q...
363
12
Matn yo'q...
325
13
Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. Нохчийн кица.
Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. Нохчийн кица.
314
14
*** Дуьненан аьттонаш гинарг, Хьуна ма хала хин дай, Дуьненан рицкъ кхачадина, Іожалло неl тоьхча хьайн. Хьайх йуьсург тӀаьхь
*** Дуьненан аьттонаш гинарг, Хьуна ма хала хин дай, Дуьненан рицкъ кхачадина, Іожалло неl тоьхча хьайн. Хьайх йуьсург тӀаьхьало хетта, Къастаран бала луш баз, Дуьненан марзонех кхеттарг, БӀарзлур ву-кх хьо чIогӀа, бӀарз. Дуьненахь со-м декъал хилла (Хастам бу-кх Хьуна, йо Дела!), Дуьнено, аьттонаш бина, Со Іеха ца вина дела. Абдулаев Леча 1989 шо «НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ» [агlо — 108]
269
15
Matn yo'q...
237
16
Ларйан халачу баьрченал, маьрша неlсагlе тоьлу. Асхабов lабдул-lазиз
Ларйан халачу баьрченал, маьрша неlсагlе тоьлу. Асхабов lабдул-lазиз
234
17
Ларйан халачу баьрченал маьрша неlсагlе тоьлу. Асхабов lабдул-lазиз
Ларйан халачу баьрченал маьрша неlсагlе тоьлу. Асхабов lабдул-lазиз
1
18
Забаре дийцар
Забаре дийцар
228
19
Хьо йоцуш хилча со, хир вара цхьалха, Ойла сан хир йара цхьа беркъа, тиша. Эшахь со кийча ву хьан метта кхалха, Ца хилча йиш
Хьо йоцуш хилча со, хир вара цхьалха, Ойла сан хир йара цхьа беркъа, тиша. Эшахь со кийча ву хьан метта кхалха, Ца хилча йиш йоцу сан хьоме йиша. Даудов Гилани
225
20
Matn yo'q...
205