cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

Рекламные посты
1 208
Подписчики
+124 часа
-37 дней
-930 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Бацалахь бес-бесара зезагаш дара х1инца а шайна т1ийра тхи дожаза. Даккхий куйнаш долу баппанаш схьа а дохуш, «Х1уп»-олий церан кортош эгош вог1ура со, хьуьнан йисте кхочий техьа, бохуш генна д1а б1аьрг а бетташ. Малх лакха мел болу а,хьуьнан йисте т1еоьхура тхо. Со сих-сиха Гудрига д1ахьожура.И мича доьду те лардора ас. Сан са ца туьйра сихха ж1аьлин нускалш ган лууш. «Жимма садо1у вай» - мохь туьйхира Дадас. Д1акхача герга дахначу хенахь Дадас и аьлча дог дет1ира сан. Сайн карара г1аж бацахула текха а еш воьдучу суна,когаш к1ел цхьа к1айн х1ума гира. «Дада,хьажахь,гриб ду!» - мохь туьйхира ас,ведда вахана Дадина и д1а а гойтуш. «Хьо ду кх гриб! Ж1аьлийн нускал ду и!» - вела а къежаш элира Дадас. «Ж1аь… ж1аь-лин нус-кал?? Муха? Гриб ма дара и…» - меллаша вистхилира со. Юххе деана ц1ога лестош лаьттачу Гудрина а дара и хетарехь суна санна «гриб». Со волччохь лаьттара со, х1ун ала деза а ца хууш. Сан коьртехь карладевлира нохчийн меттан хьехархочун дешнаш: «Шен мотт ца хаар боккха эшам бу. Вайн мотт уггар хьалдолчех цхьа мотт бу…» Сайн карарчу ж1аьлин нускалх г1аж а тоьхна,цуьнан коьртара куй кхоьссина Гудри долчу аг1ор д1а а бахийтина, ас сайн дагахь ч1аг1о йира,нохчийн мотт 1аморехь къахьега. Суо ц1авахча берашка дала хаттар а дара сан кийчча. Ткъа Дадега дан кхин хаттар дара сан: «Даьсса гали ирахь ца лаьтта бохург х1ун ду?» Liza Dishni.
Показать все...
👍 4
Ж1аьлин нускалш. Аьхкенан каникулашкахь юьрта воьдура со.Сан са лаьттара даимна а Воккха Дада а,Баба а долчохь.Г1алахь санна аьхкенан тов ца лаьтта юьртахь.Х1аваъ а ша-тайпа ц1ена,1алам а исбаьхьа ду цигахь. Маьрк1ажа хан хуьлуш лаьттара.Даьхнийн керта йоьду ринжа т1ийрагца д1айоьхкуш йоллура Баба: «Х1ара м хьаха ду,кхин эхь ца хеташ сехьадала кечделла! Шена йог1у шура д1амелла даьлча а дузуш а ма дац!» - бохуш,жима эса д1а а чехош. Етт оьзна шура чохь йолу ведар а лаьцна Баба яллалц лаьттара со. Дехьо Гудри 1уьллура,дийно сарралца дедда лелла г1елделла. Б1арийн дитта бухахь,лохачу г1анта а хиъна ламаз эцна ваьлла, генна д1а а хьоьжуш ойланашка вахна 1ара Воккха Дада. Дадин ойланаш йохаеш цхьаммо кет1ахь мохь туьйхира. - 1усман, чохь вуй хьо? Суна девзира некъал дехьа 1аш волчу лулахочун аз. Цуьнан к1ентан к1ант сан доттаг1 вара. - Ву,схьа чу вола! – жоп делира Воккха Дадас. -Х1ан-х1а,чу веъна ца 1а со. Цхьана минотана г1уллакх дара сан хьоьца – вистхилира лулахо. Дада хьала а г1аьттина кевнехьа волавелира. Бабас шура литта а литтина, раг1у к1елара тхевнах тесначу серах хьалатесира ведар. Хье ца луш раг1у к1ел веъначу Дадас элира : - « Кхана шеца бежнийн раг1 хийцахьара аьлла веана вара Хьамид. Цхьа г1уллакх чекхдаккха кхана г1ала ваха везаш нисделла цуьнан» Г1умаг1 схьа а лаьцна Бабина куьйгаш дила хи дуттуш лаьттара со. Куьйгаш дуьлуш йолчу Бабас элира: «Тахана хьоьжуш 1ийра со,эсашна т1аьхьа яхначу хенахь,ма хаза дежийла ю оцу хьуьнан йистешкахь. Цхьа хьийкъина ж1аьлин нускалш а дара к1айн куйнаш техкина кечделла.Цига лалла мегар ду бажа» - «Муха ж1аьлин нускал?»- дукха цецваьлла г1умаг1 чуьра хи дерриге а охьадоьттира ас. «Ж1аьлин нускал хуьлу,Баба?» - юха а хаьттира аса. - «Хуьлу дера.Хьуна ца хаара?» - елакъежира Баба. - «Ца хаара суна м. Вайн Гудрин дуй нускал,Баба? – кхин д1а а цецвуьйлура со. - «Ду дера. Х1ан,валол хьайн юьхь куьйг дилий д1ац1анлол х1инца» - дерзийра Бабас къамел. Ши т1ег1а йолчу дечиган лами т1ехула кхосса а луш, со сихха Воккха Дада волчу ц1а чу ведира. Дада ламаз д1адерзош воллура. Ч1ог1а яхйеллера суна цо до1а до хан. «Воккха Дада! Со а вуьгур вуй ахь хьайца кхана беже?» - дехарца вистхилира со. - «Вуьгур ву,хьуна лаахь» - жоп делира Дадас. Аьхкенан и буьйса цкъа а йицлур яц суна. Диллинчу корах чу къедара беттаса.Буьсанан тийналла йохаеш саццаза схьахезара цаьпцалгийн «ц1ар». Наггахь Гудрис даьхнийн кертахь «г1алх» олуш хезара. Ткъа сан ойланера д1а ца долура Бабас дийцина к1айн куйнаш техкина ж1аьлин нускалш. «Муха ду те уьш? Массо к1айн ду те? Церан куйнаш х1унда ду те,йовлакхаш а доцуш? Г1алахь болчу сан доттаг1ашна м ца хаа хьуна ж1аьлин нускалш хуьлий.Ма цецбевр бу уьш…» - набаро 1ехоллалц коьрте хьийзара эзарнаш хаттарш. Наб кхетта со висарна кхоьруш хилла со, кора к1елахь са тоссуш кхайкхинчу н1аьно самаэккхийтира. Сихха сайна т1е х1ума а йоьхна араиккхира со. Баба етт узуш яра. - «Вало,Дадийца хьайна х1ума яа» - элира Бабас. Ткъа со м меца вацара. Ж1аьлин нускалш гаре сатесначу суна логах чоьхьа х1умма а ер яцара. Делахь а Бабас аларна,раг1у бухахь х1ума юуш волчу Дадина юххе охьахиира со. «Схьаэца бепиг даа,т1о-берам чу а 1уттуш» - вистхилира Воккха Дада.Дукха деха къамел деш 1едал а дацара цуьнан. «Х1ан-х1а,ца еза суна» - жоп делира ас. «Даьсса гали ирахь ца лаьтта. Схьаэца,вала,х1ума кхалла» - ч1аг1дира Дадас. Дагахь деккъа цхьа ж1аьлин нускалш бен ца хиларна,дукха ойла а ца йира ас Дадас аьллачунна. И оьг1аз ца вахийта меллаша бепиган юьхк 1ийша х1оьттира со. Бабас даьхни аралохкуш,каде уьдуш юххе хьийзара Гудри. Иза тахана самукъне хийтира суна хьалхачул а.Я ас тидам беш ца хиллехь а х1инццалц. Урамца наха арадохучу даьхнех боккха бажа вовшах кхийтира. «Сих ца деш,дожуьйтуш д1адуьгур ду вайшиммо даьхни. Парг1ат церг а хьокхуьйтуш» - элира Дадас. Ткъа суна м сихха д1акхача лаара хьуьнан йисте. Гудри а дара хетарехь цига кхача лууш.Мотт ара а баьккина уьдуш дара и.
Показать все...
👍 3 1
Ирс кхолла — ирс дита дезар, некъ кхолла — некъ бита безар, кхечира хьуна чохь суна, дахар, и хаьий-те хьуна?.. Мерзаниг там боцчух хийцар, дог доцуш пхьоьхана хийшар, кхечира хьуна чохь суна, дахар, и хаьий-те хьуна?.. Шовкъ йитна гlайгlане лелар, йуха.., цхьа дегаза велар, кхечира хьуна чохь суна, дахар, и хаьий-те хьуна?.. Дуьне ган бlаьрг къовла безар, и ца ган баьлла и безар, кхечира хьуна чохь суна, дуьне, и хаьий-те хьуна?.. Матагов Ихьсан
Показать все...
7👍 2🔥 2
Хьо а ду-те ч1ег1аг? Йо1-м хиина 1аш йара… кху дуьнен чохь ша а, шен ойланаш а йоцург кхин цхьа а х1ума доцуш санна, гонд1а долу адамаш тергал а ца деш. Г1алина йуккъехь Эсамбаев Махьмудан ц1арах болчу урамера цхьана кафе чохь дуккха а адам дара. Рузба д1адаьлча доккхачу маьждигера схьабог1уш, х1ума кхалла чубаьхкина кегий нах алсам бара. Ши адам охьахаа 1алашо йолчу стоьла хьалха хиина 1аш йара йо1. Цуьнан коьртехь х1ун ойланаш йу хаа лууш санна, жимма дехьо доттаг1чуьнца хиина 1аш волчу цхьана к1анта тергал йора иза… И кху чу йеача дуьйна схьа, цуьнан лелар синк1оме хеташ хьоьжура цуьнга к1ант… Йистехула т1ехдолучу а, соцучу а, къамел дечу а цхьанна а адаме д1ахьожуш йацара иза… Хетарехь, шена хьалха йолчу к1айчу басахь стоьлана т1ехь ойланца цхьа йозанаш йаздеш 1ара и... Дукха мехкарий бевзачу кхунна тамашийна хетара иза… кхиниг хиллехь, иза чу мел волу к1ант тергал веш а, массо къамеле ладоьг1уш а, хьан х1ун олу те бохуш д1асахьоьжуш хилла хир йара, ткъа х1ара… Х1ара кхин йу те? Телефон 1уьллура стоьла т1ехь, схьаоьхучу хаамийн г1овг1а йолура сих-сиха… цхьа бен доцуш цу т1е а хьожий, йуха а шен ойланашка йоьдура йо1… иза гуттура а ч1ог1а хазделлера к1антана… Мацалла вала воллу ша, цхьаъ йаа вахийта вайша, бохуш, хилла волу шен доттаг1 хьалха йиллина йуург а ца гуш, йо1е хьоьжуш хиларх цецваьллера к1антаца верг. Йо1 хьалаг1аьттира, телефон буйна а лаьцна, шен г1ента т1ера жима т1оьрмиг белшах а тесна, кхин д1аса ца хьожуш арайала дагахь, не1аре йолайелира… цуьнца шен цхьа синан дакъа а кху чуьра д1адоьдуш санна хетаделира к1антана… и арайолучу йукъана итт ойла хьаьвзира цуьнан коьрте… «т1евахача йа ца вахача?.. вистхилча йа ца хилча?.. ткъа и дуьхьала йист ца хилахь?… со ца гуш санна и д1айодахь?..» Йо1 арайелира… чохь йуург а йолуш, шена хьалха лаьттачу хедаре хьаьжначохь висира к1ант. -Ас цуьнан тилпонан лоьмар йаккхий хьуна? - аьлла, аз хазийра доттаг1чо. К1анта корта ластийра, ма йаккха, аьлла. «Д1айаха иза?.. Ас д1айахийти иза?.. Кхин йуха а ца хьожуш?.. вай, ас х1ун до? хьера волуш лаьтта те?» - бохуш, коьрте ойланаш а хьийзаш, хьокхамах цхьа дакъа а даьккхина, кхин башха чам а ца хаалуш, 1ийша вуьйлира к1ант. «Х1ан-х1а! иштта хуьлийла а дац!» Ша волчуьра хьала а иккхина, кафе чуьра аратасавелира иза. Араваьлла, йо1ана т1аьхьаваха дагахь, не1арехь сецира жима стаг. Йо1 гена йоцуш, диттана бухахь лаьттара. Ч1ог1а лерина диттийн гаьннашка хьалахьоьжура иза… х1ун лоьхура хаац, амма иштта тидаме иза шега а хьажийта лиира к1антана… Т1евахана, иза а вуьйлира гаьннашка хьежа, х1ун го те цунна бохуш… -Ч1ег1аг ду, - элира йо1а. Дуьххьара и шега йистхилла, цуьнан аз хезча, мелла а соцунг1а хиллачу к1анта кхин х1ун ала деза ца хууш: -Х1ан? - аьлла йуха хаьттира. -Ч1ег1аг ду-кх дитта т1ехь, - къажарца элира йо1а, кхин кхуьнга схьа а ца хьожуш. -Х1ан, ду? … ду…. Йо1а сел ч1ог1а тидам беш долу олхазар муьлханиг ду а дицделлера к1антана, сийначу г1ашна йуккъера к1айн-1аьржа ч1ег1аг гучудаллалц. -Къегаш х1умма а йуй хьоьгахь? - хаттар дира йо1а, кхин хьажаран 1алашо хийца а ца хуьйцуш, -Х1ун? - вуьйхира к1ант. -Къегаш йолу х1ума лачкъайо боху ч1ег1агаша… Деши, дети, кхин йолу х1уманаш а… - аьлла, дуьххьара кхьуьнга схьахьаьжира йо1, йуха сихха б1аьргаш лаьтта а хьовсош. -Хьо а ду-те ч1ег1аг? - велавелира жима стаг. Ца кхеташ, хаттаре йо1 шега хьаьжча, гонд1а хьажар а кхарстийна, йуха шен б1аьргаш йо1е а хьовсийна, доккха са а доккхуш: -Тахана сан мел долу хьал а, бахам а лачкъийна йели-кх хьо…. Бабин йоl (22.06.24 шо)
Показать все...
👍 13🔥 4💘 2👏 1
00:52
Видео недоступноПоказать в Telegram
Дала сайна схьайелла ойланаш цхьаьнатоххалц цхьана ханна инста hazayoza дlакъевлина шуна ас. ойланашка ладогlа луург кху чохь хир бу белхаш https://www.instagram.com/reel/C9CFgeQID9Z/?igsh=a2xhNWVtN3F6cXlh
Показать все...
10.57 MB
5👍 1😭 1
https://t.me/jaynehderg ⏫️ оцу агlонехь ⏫️ айса йешна книгаш а чуйохкуш, царех доцца дош олуш, сайна хетарг эр ду ас. иштта кхидlа а болх бан ойла йу сан. Айса хlун йешна а, мел йешна а хуур ду. Шаьш йешнарг карайой хьовсур шу! Хlинца бен дlадолийна дац.
Показать все...
Ч1ИРО А ЦА ДОХИЙНА Г1ИЛЛАКХ Ас цхьа х1ума дийца хьуна, 1абдуллах1. Ч1ир нисйарехь а лелийна хьуна нохчаша г1иллакх. Маь1на айхьа дер ахь. Мацах б1е шо хьалха, аьлча а 1911-чу шарахь, дог1а дог1учу буса Шеларчу цхьана х1усаме воьссина Хорачара цхьа кхо стаг. Церан ц1ераш а хаьа суна, амма и коьрта дац. Уьш, шайн ч1ир нисйан дагахь, обарг Зелимха лохуш, цуьнан лорах кхаьчна хилла Шела. Салам а делла, хьеший т1еоьций аш аьлла, чубаьхкинчу кхарна бухахь гина шаьш лоьхуш верг. Х1усамдас баьрче хьала а ваьккхина, паднара т1ехь хиъна 1аш хилла, ах йуьхь не1арехьа а йерзийна, къанвелла, тишвелла, шовзткъа шо а кхачаза волу, беркъа духар дуьйхина стаг. Ч1ирхошна вевзина, т1е ма-кхеччи, кхин къамел а ца деш, вен лийрина волу шайн ч1ирхо. Амма шаьш хьошалг1а диссинчу х1усамехь герз ца хьедеш, собаре хилла, шайна йукъахь дерг йуха а оьзна, севцца уьш. Х1орш чубахкале ах сахьт хьалха кхаьчна хилла беркъа хьаша кху х1усаме. Ша мичара ву, шен ц1е х1ун йу, дийца х1ара кхиъна а ца хилла, йа х1усамдас кхуьнга хаьттина а ца хилла. Бухарчу хьешана а бевзина шен йуьртахой. Иза а хилла, герза т1е ка а йиллина, кийчча 1аш. Иштта, нехан йуьртахь цхьана х1усамехь нисбелла и ч1ирхой. Т1аьхьа т1ебаьхкина хьеший Хорачара буй хиъча, церан сий деш, хьешийн самукъадаккха, х1усамдас лулара пондарча кхайкхийтина. Ша х1унда кхойкху шена хиъча, пондарчо, йог1уш лаьтташехь, маршалла а хаьттина, т1аьхьа-хьалха пондар а балош, халкъалахь лелаш долу Зелимханах лаьцна илли д1ааьлла, хьешашна томана. Тапъаьлла тийна лаьттачу чохь хезаш йоь1ан къона аз бен ца хилла. – Дала сий дойла хьан, йо1, ахь тхан йуьртахочун ма-дарра, – аьлла царах воккхаха волчо. – Ахь тхан а ч1ог1а сий ди, тхо х1инца д1а ца дахча ца довлу, кхета дезаш меттиг йу тхан, 1одика йойла, – аьлла, хьала а г1евттина, йоь1ан карахь болчу кехатпондаран хебаршна йуккъе пхеа туьманан кехат а диллина, пондар т1етт1а а бахийтина, арабевлла хьеший. Пхеа туьманах говр йа йетт эцалора оцу хенахь, бохуш дуьйцура тхан баккхийчу наха. Баьрчехь тапъаьлла 1аш хиллера беркъа духар дуьйхина волу хьаша. Цо доккха садоккхуш а ца хезна чуьрачарна. Иштта царна ца хиъна, шайн хьаша х1инцца иллехь вийцина «сий долу халкъан к1ант хорачойн Зелимха» вуйла а. Яралиев Юсуп
Показать все...
👍 17 4
00:36
Видео недоступноПоказать в Telegram
Хlара сан ненавешин кlантана тlеlоттаделла хlума ду... Аьтто болчо йаржайейша хlара! Дела реза хуьлда шуна!😇
Показать все...
16.51 MB
👍 6
4.32 KB
1
Показать все...
Поэзин суьйре "Дагчохь йу бIаьсте"

👍 7
Выберите другой тариф

Ваш текущий тарифный план позволяет посмотреть аналитику только 5 каналов. Чтобы получить больше, выберите другой план.