uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Имам Бухарийн дахар дуьйцуш дарсашка ладоьгӏча, оц ӏеламнахан хьалха вахьахааран шовкъе хуьлу, Аллахӏа бойла вайн и аьтто, Аллахӏа оц ӏеламнехан хьалха вахьахийшар лойла вайна, Аллахӏа Шен динах нийса кхетар лойла вайна!

+1
2-гӀа дарс.mp3189.14 MB

Имам Бухарийн дахар дуьйцуш дарсашка ладоьгӏча, оц ӏеламнахан хьалха вахьахааран шовкъе хуьлу, Аллахӏа бойла вайн и аьтто, Аллахӏа оц ӏеламнехан хьалха вахьахийшар лойла вайна, Аллахӏа Шен динах нийса кхетар лойла вайна!

Иштта делар вай хьал, гуттар а шовкъе хира дара оц мажлисан)

Дарсехь хиларан а ял схьаоьцар ю вай, иншаАллахӏ)

МашаАллахӏ, кху кепара собар даро ву мутаӏелам кхиош, вайн ял схьаэцна, дарс ца хиларан вай хӏумма а эшна дац, иншаАллахӏ

Ӏеламстаг ва везаш ву аьлла цхьам хаам бина, цхьана маьждигехь вовшах кхетта, оц ӏеламстаган собар деш маьждигехь хийшан ӏаш дукх вай))))

4️⃣➖😌➖😉        😌😉😛😌

Дарс дола делча соьца зӏене довлаш, хаам белаш)))

sticker.webp0.00 KB

Асхьабши ӏалашо - тахана вай санна доккха, хаза маьждтгаш дар ца хилла, Асхьабши ӏалашо - мел жима а, тиша а и маьждиг делахь а, и маьждиг ден дар хилла, цу чохь ӏибадат дарца, Къуръан дешар хуьлийла и, ламазаш дар хуьлийла и, йа ӏилман дарсаш дар хуьлийла и!

Ӏибадатан кӏадо еш волу стаг - шайтӏо ловзора ву, шайтӏо цуна тӏехь куьйгалла дийра ду, вуьшта аьлча, шайтӏан лай хира ву иза!

sticker.webp0.00 KB

– Мадинатан герга хила лиъна цаьрна, Мадинатац шен дегнаш хӏитто лиира цаьрна...

Беркаташ дукх Аллахӏан тӏеӏенаш))

sticker.webp0.00 KB

«Мархийн баттахь ян мегар долу 173 дика ӏамал». • Яздинарг: Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид • Гочдинарг: Нурдин кӏант Ӏадлан

Repost from Зератхо
Чӏогӏа боккхачу кечамна кечделла ду дуьне, дерриге Делан ӏалам а. Чӏогӏа боккхачу хийцамна кечделла ду Дала мел кхоьллина долу хӏума. Амма цу Дала кхоьллинчух ву хьо а, вуй хьо цунна кечвелла ¿ Ма доккха хаттар ду и, бусалба нахах жоп доцуш, деса, шен йоккха хаттаран хьаьрк лаьтташ. Вуй хьо цу хийцамашка хьоьжуш ¿ Хьоьжуш ду и Делан кхолламаш, ялсамани, Аллахӏа кхоьллина йолу, ерриг барххӀе неӏ дӏайостур йолуш. Стигланийн ерриге неӏарш дӏайостур йолуш, ерриге цу жоьжахатин ворххӏе неӏарш дӏакъовлур йолуш, дӏадоьхкур долуш цу бетта чохь шайтӏанаш, царах хьалхадевлларш, царах боьха дерш дӏадоьхкур долуш, Аллахӏан къинхетам тӏебуссур болуш, Аллахӏан маликаш тӏедуьссур долуш, Аллахӏера кхаьънаш тӏедуьссур болуш, лайлатул-къадр буьйса тӏейогӏур йолуш, хӏора дийнахь цу мархийн баттахь, хӏора сарахь цу мархийн баттахь дӏаязбеш цхьа нах, дуккха а Делан леш дӏаязбеш, хӏара нах жоьжахатих хьалхабитина аьлла, хӏара нах жоьжахати чу гӏур бац аьлла шайн цӏершца дӏаязбеш. Муьлхачу дийнахь хир ю хьан цӏе цу юккъехь, я хир а юй-те ¿ Цу юккъехь хьайн цӏе хилийта сатуьйсуш хьо велахь, мел кечам бина ахь ¿ Мел кийча ву хьо цу баккхийчу хийцамашна ¿ Хьайн неӏ йиллиний ахь цу мархийн баттана дӀа ¿ Хьайн дог диллиний ахь цу мархийн баттана схьа ¿ Диллиний ахь хьайн дегӏ цу мархийн баттана схьа ¿ Диллиний ахь хьайн хьекъал цу мархийн баттана схьа ¿ Биллиний ахь хьайн болх цу мархийн баттана схьа ¿ Вирзиний хьо цу мархийн баттана тӏе ¿ [Рузбанан хьехам: Мархийн баттана а, эхартана а кечам бар]