Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Repost from Ӏилманан Аманат
Ибнуль Къаййима боху : «Цу жайнаш чухьаьжин, жайнешчура нахан жоп луш волу стаг, иза нах тиллош стаг ву.»
Ӏилма хьуна хаамаш бац, хьуна жайна Ӏарбой маттахь деша хаарах, хьуна дӀа деллачу хаттаран жоп дала хаарах, иза Ӏилма дац, цунах олу и хаамаш гул бара, иза муьлхачу стагехь хила йиш ю, иза кериста стагехь а хила йиш ю, иза Ӏилма дац. Ӏилма хӀун ду аьлча, и хьоьгахь болу хаамаш, и хаамин тӀоркъазчура муьлхуг схьаэца беза хууш, айхьа схьаэцнарг мича дил деза хууш, йа айхьа цу чура хӀумма схьаэца ца дези хууша, и тӀоркъаза схьа даста ца дези хууш, иза схьа маца даста деза хууш, схьадаьстнехь цу чура хӀун схьаэца деза хууш, схьаэцнарга хьаьнга кховдо деза хууш, иштта цунах дерг хьуна довзара, и ду и Ӏилма нийса лело хаар, хьоьгахь мел дукха бусулба динах хаамаш хиларха, и нийса хьуна лело ца хиича, цунах Ӏилма ца хуьлу, цуьнах нах тиллор хуьлу, хьуна хьой а нийса ву моьттуш, хьой гал ваьлла волуш, нах тиллор хуьлу цунах.
Хӏораннег ладогӏуьйтур дара аса хӏокхунг, йа Робб, оц дагхул чаккха болуш хьехам букх и, оц дагае асар йитна алар, хӏумма ца алар санна долуш, ладогӏалаш, тӏех ма довлаш!
Repost from ВАЙН МАЖЛИС
ВорхIалгIа жайна : "ТIаьххьара мархийн бутт".
∆ Жайна рамадан баттана дегнаш кечдеш ду.
Repost from N/a
Йа Робби, шен умматан атта де Ахьа хӀара валар...
Ша дӀакхелхачу минотехь а вайна сагаттадар цо!
Муха везар вац и? Муха дохкур дац цунна салаваташ?!
АллахӀера салават салам хуьлийла хьуна, хӀай нахалахь уггаре тоьлла верг!
Шен сийлаллах уммат дӏахьоьвзина хилар, букъ тоьхна хилар ду - уммат дин ӏаморан гена далар, умматан шен дин цадовзар!
Шен сийлаллах уммат дӏахьоьвзина хилар, букъ тоьхна хилар ду - уммат дин ӏаморан гена далар, умматан шен дин цадовзар!
Repost from N/a
- Дешнаш тайпа-тайпана а долуш, зӀе цхьаъ йолуш йалх хьадис Ӏамайнахь = цхьа хьадис Ӏамайна.
- Дешнаш цхьатерра а долуш, зӀе тайпа-тайпана йолуш йалх хьадис Ӏамайнахь = йалх хьадис Ӏамайна.
Хьадисийн дарсера
Repost from Хьадисаш LIVE
📖 Вай деша лерина Сахьихь Бухарийн хьадисаш, вай доьшур дерш ду хӀорш жайни чуьра схьахадийна
