uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Мархийн бутт дӀабаьлча хьалхарчу кӀиранах ларлуш хилалаш! Рамаданал тӀаьхьа догӀу хьалхара кӀира шайтlанца цӀий Ӏенош тӀом бу. Ламаз тӀаьхьататтарна, совнаха ламазаш дитарна, Къуръан дешар хьоьга дитита къа хьоьгу шайтlно. Стаг Ӏуьйра ламазна вижан висар нисло, хӀинцца Рамадан чекхдаьлла, садаӀа деза бохуш, Иштта дӀадоьду иза, Рамадан хьалха ша хиллачу хьоле юхаверззалца. Доla – кӀелхьарвалар ду. АллахӀе хьой чlагlвар деха. Дикаллица бевзаш болчу нийсачу доттагӀашца хила. Ламаз а, Къуръан а дехьавала йиш йоцу (дӀатаса йиш йоцу) цӀен сиз ду. Хьуна хаийла, Рамадан баттахь ахь йина Ӏамал къобал хиларан билгало ахь дина Ӏибадат бутт дlа баьлча лелош хилар. Сийлахь-Воккхачу АллахӀе доьху вай бакъдолчунна тӀехь а, вайн Дела реза волчунна тӀехь а чӀагӀдар, Шега вай дерзалца. https://t.me/tadabbar_alquran

6 постов Шавваля

Со ву Далла Шен гӀуллакхан лелош, кхин хӀумма дац сан карахь

Акха-Ӏарбочо Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаьттира: Къематде маца хӀуттар ду? аьлла. Цо (Элчано) элира цуьнга: ХӀу
Акха-Ӏарбочо Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаьттира: Къематде маца хӀуттар ду? аьлла. Цо (Элчано) элира цуьнга: ХӀун кечдина ахь цуьнна?

АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Жабраил малико элира соьга: "ХӀай Мухьаммад, хьайна ма-луъу ваха хьо, делахь а хьо лийр волуш ву хьуна. Хьайна луург веза а веза, делахь а хьо цунах къаьстар волуш ву хьуна. Хьайна лууш йолу Ӏамал а йе ахь, делахь а хьо Цунна дуьхьалкхетар волуш ву хьуна!"» [ Сахьихь ал-ЖамиӀ: 4355 ]

Буьйсанна АллахӀац къамеле вуьйлуш ахьа ала: «Ма кӀеззиг букх хӀара кхача, (йина Ӏамал) ма гена бу и некъ (эхарте кхача) ма сой хира ву со оцу некъахь (хьан Ӏамалаш йоцуш, кхин хӀумма гӀура дац ахьа дӀа, йа кхин цхьа а хира вац хьоьца)»

https://youtu.be/db4CAGgJFNc?feature=shared Ӏийда ламаз дар стегаршна а, зударшна а суннат ду

Тховса маьркlиж-ламаз дича, кхана lийда ламаз даллалц такбир дар (Дела воккхавар) - суннат ду.

АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва ЛиллáхIил-хьамд.

sticker.webp0.00 KB

Цхьаверг иштта))))

Лераме пассажираш, Рамадан-кема тӀема дала кечлуш ду шуна, шайн цу чуьра багаж схьаэца сихо елаш!
Лераме пассажираш, Рамадан-кема тӀема дала кечлуш ду шуна, шайн цу чуьра багаж схьаэца сихо елаш!

Хӏай сан Дела, хьуна ӏеса хиларан чам кхетта суна, Хьуна муьтӏахь хиларан чам кхетта суна, Валлахӏи, суна кар ма дина, Хьуна муьтӏахь хиларехь - ирс хилар, Хьуна муьтӏахь хиларехь - дерриге диканаш хилар; иштта суна кар ма дина, Хьуна ӏеса хиларехь - эрчо хилар, зен хилар, дерриге вонаш хилар; Хӏай сан Дела, сан дахар а, сан кхалхар а, Хьой реза волуш хилийта Ахь, Хьайна муьтӏахь болчеран рогӏехь хилийта Ахь со, Хьуна безачеран рогӏехь хилийта Ахь со, Ахьа йалсамане чу гӏо эра долчеран гӏолехь хилийта Ахь со, баккъалла а, Хьо ницкъ берг вукх, баккъалла а, Хьо доӏан жоп луш верг вукх!

sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB

Терхьера хьехам28.mp368.89 MB

sticker.webp0.00 KB

Терхьера хьехам27.mp360.45 MB