Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Хӏара чӏогӏа коьрта хӏума ду, цхьа доцца, цхьама яздича кхин а дика хира дара, язйеш ойла йа а хьал дац )))
Ӏеламнаха боху: лайгара мархийн баттахь йина ӏамалш, марха кхабар а къобад даран билгало - иза мархийн бутт дӏабаьлча а и лай ӏесалле ца верзар, цу мархийн баттан чу воьдуш ша хиллачулла а кхин нис велла, Делах кхерар чӏагӏ делла и хилар ду!
схьаэцна!
Repost from MOMSAR
ДӀа ваха воллу хӀара лераме хьаша, тӀе догӀучу шарахь гур дуй хиъча, иштта сингаттаме а хир дацар...
ХӀинцалла хаза бертахь, уьйр йолуш Ӏийнера вай кхуьнца, кхунах марзо оьцуш яккха йиснарг ши буьйса а ца хила мегаш хьал хилча, цхьа хаза Ӏодика е вай кхуьнан?
Тховса 29 буьйса ю, ледарло ма елахь!
Аллахӏа кху мархийн беттан хьакъ дӏаделлачерах дойла вай!
Аллахӏа декъал хилчарах, йалсаманен охӏланах дойла вай!
Аллахӏа жоьжахатех кӏелхьара даьхначарах, жоьжахате хьарам йинчарах дойла вай!
Баккъалла а бакьдолуш, сингаттаме ма ду сан хьал, мархийн бутт дӏабаха боллий хууш, Йа Робб, кхачаде Ахь тхо тӏе дохучу шеран мархийн батте, ма хилийта Ахь хӏара тхан тӏеххьаре мархийн бутт!
