Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Шайх Ӏусайминас (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла : «ВаллахӀи, цхьа минот эзар дирхӀамал а мехала ма ю!»
[Хьехам: Ихьфаз вакътак]
Хьенех :
Ламаз деш велла;
Сужудехь велла;
Марха а долуш велла;
И белхаш ишттанехьа хилла моьтту хьуна?
Цхьа хӀума лелош ваьхначунна цу тӀехь валар ло АллахӀа !
Хьайна тӀе цхьа бала Ӏотта беллехь, хьоьгахь гӀайгӀа балахь, хӀай сан доттагӀ, билгал хаалахь, хьо хьой йоци, хьоьца Ӏаламийн Дела вуй хаалахь, дог ма диллалахь, АллахӀан къинхетаман, АллахӀан комаьршалан неӀарш йиллина ю хьуна даиманна а, хӀай сан доттагӀ тохахь и неӀ, доггах, юх-юху, ма йалалахь цу неӀрера дӀа, хьан Ӏаламийн Дела ву хьо хаза лууш, хьуна уггаре диканиг дала лууш, хьан дог уггаре ирчачу денахь хьаста лууш, хӀай сан доттагӀ, вац хьуна Иза хьуна зен да лууш, Цо хьо тесна йац хьуна, йа хьо йиц а ца йина хьуна Цо!
ХӀай сан доттагӀ, АллахӀа уггаре дикачу агӀора дӀа нис дойла хьан хьал, АллахӀа хьостийла шун дегнаш, шу кху дуьненахь цхьана тохарац, иштта эхартахь а цхьана тохарац, АллахӀа кху дуьненахь а, эхартахь а ирсе дойла шу, цу фирдас йалсаманехь цхьана а тохийла шу цу Везачу-Далла!
АллахӀа Ӏалаш дойла шу, АллахӀа массо зеч-зуламах лара а дойла шу, АллахӀа Шен Ӏуьналлех а дохийла шу, АллахӀа Ша деллачу собарех ма дохийла шу, АллахӀа Шен реза долуш цу баланах кӀелхьара дохийла шу!
Repost from хийрачун лар
йа Робби, сийсара Ахьа тхуна догlа тlе ма доттара, палестинера бусалба нахана тlе Хьайн къинхетам ботта Ахь..
Repost from Институт «Дироя» | معهد الدراية
📒Вот эту книгу мы пройдем с нашими студентами первого семестра Ин шаа Аллах. В ней собраны 10 важных посланий для требующих знания от нашего шейха Салиха Бин Абдуль-Азиза Синди (да хранит его Аллах).
📒Список:
1 - «7 посланий требующим знания».
2 - «Как записывать знания и сохранять пользы».
3 - «Как закрепить шарх (разъяснение)».
4 - «Адабы Ислама».
5 - «Сладость знаний».
6 - «10 правил в поклонении».
7 - «Требующий знания и его время».
8 - «Полезные основы во время смут».
9 - «Ясный разум в требовании знаний».
10 - «Призыв к таухиду в наше время».
📒И эти послания мы будем проходить в добавок к основной нашей учебной программе: https://t.me/Diroya/171
📒 Подать заявку на обучение: @zayavka_diroya
Ӏумар ибн ХаттӀаба (АллахӀ реза хуьйла цунна) аьлла:
«Жоп хир дуй те аьлла са ца гаттадо ас, мелхо а, доӀа дарна сагаттадо.
ДоӀа дан Дала шуна дагадаийтанехь, тӀаккха цунна жоп, и доӀа дан ма-динна хир долуш ду шуна!»
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Repost from العقلاء
Цо элира: «Боккъалла а, сайн сингаттам а, сайн гlайгlа а Аллахlе йалхайо-кх аса.»
Сурат 12 айат 86
Repost from Зератхо
Хьуна герга хуьлийла деккъа Аллахlан дезарг, Цунна герга вуьгург, хьан иман чlагlдийриг а. Дуьненан халонаша дlа ма хьойла хьо, диц ма дойла кхузахь хьо стенна ву, хьан lалашо хlун ю, иштта хьой къахьега дезаш хилар а.
Хьайн дог дlа ма къовлийла ахьа, Аллахlана дош ца кхочуш шена тle. Цуьнан дашехь, Цуьнга верзарехь лохийла ахьа синтем.
Эхарт диц ма дойла ахьа, дуьне дитина Цунна тlе воьрзийла хьо.
Ирс лохийла ахьа Цунна гергахь.
Декъала хир ву хьо.
https://t.me/dottagaa
Иштта хаза кхаъ бу-кх..
Хьан хӀора а дашехь, хьо бакълуьш хиллий хьожуш санна АллахӀа аьтто бо-кх хьуна, деша лууш ву бохи ахьа, деша, аьтто бина хьуна...
Кху чохь воцург чу вала, деша дӀа ца тасавелларг дӀа тасло, мел кӀезиг далахь а, схьаэца и Ӏилма...
Цара доьшуш долу жайнеш, цара пайда схьаоьцуш болу Шайхаш, иштта вайна хаа мел дезарг а, цу чохь ду, еша иза а
