Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Милла велахь а, Асхьабаш безаш, церан ийман а, гӀиллакх а, амал а схьаэцнарг, кхаъ бу цуна, Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) бийцина болу йалсамане боьду некъ боьвзина цунна, оц некъа а ваьлла иза!
«Тахана уммат шен Ӏеламнахана тӀаьхьахӀитта уггаре чӀогӀа хьашта ду!»
ЙаӀне оц Ӏеламнахарг ладогӀа, уьш лара, церан сий да, вайна тӀехь ду, ткъа тахана вай цуна уггаре чӀогӀа хьашта ду, хӀунда аьлча вайна юккъехь тилларш даьржина, харца некъаш сов доьвла, ткъа Ӏеламнах уммат оц тилларчура хьала доккхуш, нийса некъ гойтуш, седарчий бу!
Repost from Ӏакъидатан Академи
🔘🟥🟥🟥🟥🔘🔘🔘🟥🟥🟥🟥🔘
📺Академехь вайн доьалгӀа чекхдаьлла долу 12-гӀа бӀешарера «Кашфуш-шубухӀат» олу жайна яздина волу Мухьаммад ибн Ӏабдул-ВаххӀабаца зӀе хотта жайна дӀадоьшуш эфир хир ю, вайца эфирехь вайн Шайх Вахьид Балий хир ву, вайн дешаран куьйгалхо волу, жайна цунна дӀадешна, ижазат Шайхера хир йолуш.
🕓Хан: 14.11.2024, цӀера хенаца 14:00 даьлча.
👆Шина а курсехь болчарна ю эфир, шолгӀа курсехь болчара а цу жайнах ижазат схьаэцна яцара хӀинца а.
Repost from ИСЛАМАНСЕРЛО
Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къемат-дийнахь адамна гойтур ду, цо шен дахаран сахьташ муха даьхна. Дика хIума ца деш мел даьккхинчу хIора а сахьтана, чIогIа дохковер ву иза».
Хьифзул-Iумри - Ибн ал-Жавзий, 62.
Дуьне лехча, дуьнен тӀаьхьаваьлча - сийсаз хуьлу хьо,
Ткъа эхарте лехча, эхартан тӀаьхьаваьлча - сийлахь хуьлу хьо!
