Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Repost from Ийманехь бераш кхиор
Ассаламу 1алайкум
Вай цхьана йишина г1одеш дара ,могшаллица ампал йолуш ю и. Кхин дийца цалаьа,нахана г1ода лаьа,шена дакъа лаца лууш волчунна номер йуьту аса. Аша хьалха дика накъосталла динера,Дала ше доьхь дойла!
2202 2032 1103 5631
Сбербанк ю
Repost from Delan din
Багара мотт хIума дIаюьйш долу латта санна бу. Хьуна хоийла къемат дийнахь ахь схьалахьон ерг ахь дIайийнарг юйла.
Repost from Рамзан Гендаргно
• Ширкано тавхьид эшор яц.
• Ӏесалло иман эшор дац.
• Харцоно бакъо эшор яц.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Дуьне гаттаделла, ахьа лайна балан доьхьал, цхьа а бӀаьрган гина йоцу, цхьа а лерган хезна йоцу, цхьа а хьекълан даг тесна йоцу, йалсаманен охӀланех хуьлийла хьо, уггаре а лаккхара даржан хьакъ дерг, оц дарже кхаьчна и ниӀматаш дуучерах хуьлийла хьо!
Соьх теша тешна, аса гӀо дарн са а тесна, дехнера ахьа соьгара гӀо...
.............................................................
Шайн безачарца кӀеда-мерза хила, Ӏожалла пурба ца доьху, Ӏожалла цаьххьина йоха, хьуна везнарг дӀаэца, хьоьга хоьттуш хӀумма а доцуш...
Хьо хьайн дегӀан лаамашна тӀаьхьаваьзна валахь, хьо цӀа а сийлалле кхочур вац хьуна!
Къуръан дагахь ца хааро а, Ӏарбойн матт ца хааро а, дин даржо даз до!
Цундела мелла а сиха шайн бух ботта, дин даржо аттече а даккха, шайна тӀехь долу декхар кхочушдархьам
Муьлхха хӀума, муьлххачо ша долочу хенахь, и хӀума хуучун, цу тӀехь чаккха ваьллачунга хотта, дагар волуш, масалан Ӏарбойн мотт Ӏамор, дукхах дерг хьуна хеза, и мотт Ӏамо луучо хоьттуш, хала дуй и бохуш.
Цу тайпа хаттаран жоп чӀогӀа атта ду, хьоьга хьаьжжина хира ду хьан дешар, хала и хилахь а, атта и хилахь а, хьан къиноше хьаьжжина хира ду, хьан Далла муьтӀахь хиларе хьаьжжина хира ду, хьан лааме хьаьжжина хира ду, хьоьца доьзна ду хьан дешар, оц ша дешарех доьзна дац!
Цхьа а хӀума дац атта, амма хьуна и баккъалла а оьшуш далахь, хьуна иза дезаш, хьо цуна тӀегӀерташ валахь, халоншан тидам ца бо, гуш дерг и гӀуллакх кара дерзар хуьлу, хьуна Ӏемаш хилар хуьлу, тӀаккха хьан самукъа дахьа меттиг боцуш, хьо лехьалуш ца хуьлу))
Цундела Ӏарбойн мотт Ӏамо хала дуй ма хетта массаьрга, цхьама и хала ду эра ду, вукхо и атта ду эра ду, ткъа хьо цхьаъ ву, цхьа миска волуш, наха корт хьийзор оьшуш а воцуш))
Repost from النصيحة في الدين
《"Сахьихь Бухарий" жайнина тарих》
Имам Бухарийс (رحمه الله) дуьйцу:
«Пайхамарна (ﷺ) йуххе а хӀоьттина айса и ларош гӀан дайнера суна, гӀенаш туьллуш болу Ӏеламнахе ас цу хьокъехь хаьттича, цара элира: «Пайхамарна (ﷺ) тӀекхуллур долу къамел йуха тухуш хира ву хьо»» Оцу балхо со вигира Сахьихь жайна йаздаре.[Тахана Имам Бухарийс йаздина долу жайна Къуръан дӀадаьлча уггаре бух болу жайна лоруш ду умматехь] АллахӀа къинхетам бойла цунах!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
10 даьлча «Сахьихь Бухарий» чуьра хьадисаш доьшу дарс ду хуьлуш, Пайхамарца зӀе а хотталуш
Repost from النصيحة في الدين
《"Сахьихь Бухарий" жайнина тарих》
Имам Бухарийс (رحمه الله) дуьйцу:
«Пайхамарна (ﷺ) йуххе а хӀоьттина айса и ларош гӀан дайнера суна, гӀенаш туьллуш болу Ӏеламнахе ас цу хьокъехь хаьттича, цара элира: «Пайхамарна (ﷺ) тӀекхуллур долу къамел йуха тухуш хира ву хьо»» Оцу балхо со вигира Сахьихь жайна йаздаре.[Тахана Имам Бухарийс йаздина долу жайна Къуръан дӀадаьлча уггаре бух болу жайна лоруш ду умматехь] АллахӀа къинхетам бойла цунах!
