uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Repost from N/a
Жимачуьнца, воккхачуьнца - массаьрца а лело юкъаметтиг йолуш, и юкъаметтиг лело хууш вара-кх Шайх. АллахӀа хьо вирзина меттиг декъала йойла хьан!

Аса шегар ӏилма эцна сан Шайх ца хиллехь а, сан Шайхан Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний хилар дозалла ду суна, Аллахӏа хан йах йойлакх вайн ӏеламнехан, Аллахӏа аьтто а бола вай, ӏеламнахаргар ӏилма эца, Аллахӏа атта а дойлакх вайна и, Аллахӏа сиха а дойлакх и... Кхин боккха лаам бан а буй аллал, ма боккха лаам букх и сан, йа Робб, сан а, сан тӏехьен а ӏеламнахан хьалха вахьховшаран тӏехь аьтто бе ахь, цаьргар пайден долу ӏилма а, амал а, гӏиллакх а эцар ло ахь тхуна!

Йа Абу Исхьакъ ал-Хьувайний, оц Веза-Сийлахь волчу Далла Шен хазболу, боккха болу къинхетам бойла хьоьх! И хӏун доӏа хилла те
Йа Абу Исхьакъ ал-Хьувайний, оц Веза-Сийлахь волчу Далла Шен хазболу, боккха болу къинхетам бойла хьоьх! И хӏун доӏа хилла теш ахьа динарг, оц Веза-Сийлахь волчу Далла, хьан хӏоккхал сий даллал?! И хӏун хаам, ӏилма хилла теш хьоьгахь дерг, хьайн синал, дегӏал чӏогӏа, хьуна Аллахӏ-Дела а, Делан Элча а (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) везал?! Аллахӏа сий до, Шен сий динчунна! Аллахӏа кхиъбойлакх хӏо умматан, Шайх Хьувайни санна къонахий, ма хьашта дара хӏара уммат, Шайх Хьувайни санна ӏеламнахан, Шайх Хьувайни санна Къонахашан хьашта ма ду хӏара уммат! Йа Абу Исхьакъ ал-Хьувайний, Аллахӏа Ша гар лойла хьуна оц ниӏматашах йоьттина йолчу йалсаманехь, Аллахӏа Шен Элчан уллехь цӏа доттийла хьуна, ма дегнаш дохош вахакх хьо дӏа, ма бӏаьрхиш ӏенош вахакх хьо дӏа, Аллахӏа кхиъбойлакх Шайх Хьувайний санна Къонахий кху умматан!

Repost from N/a
Цхьа де догӏура ду, хьалабаьллачу малхан, кхин сан дегӏ гура доцуш; Шен хазаллех ца ӏебаш, со шега хьийжиначу баттан, кхин гура йоцуш сан йуьхьсибат шега хьоьжуш; Дуьсур ду дерриге, кханенга дӏатиттита сан гӏуллакхаш; Йицлура ю, безаман иллиш ликхийначарна; Дӏадера ду дахар, ирчачу деношах, хилла шех гӏан! ~Ларамца шун доттагӏ

Repost from N/a
Со веънакха шерашкахь айса летийна къинош дохьуш, Со веънакха тӏех сов Къинхетаме волчунна тӏе! Со верриге дог тешна вукха, билгал хууш вукха со, Хьоьгахь гӏийлачунна дан дарба хилар! Аса доьху Хьоьга къиношна Ахьа гечдар, Тхоьгара дийлина сакхташ Ахьа дӏахьулдар а!

Repost from N/a
Хӏай сан Дела! Со лаьтташ вукха бӏаьргар оьхуш хиш а долуш, Сан дог а дукха хьан неӏарехь доьлхуш, сийсазхилла! Къа доккха ду сан, кечам кӏеззиг бу сан, Хьайн хаза хинболу къинхетам бехьа соьх!

Repost from N/a
Цо [Ибрахӏима] элира: «Баккъалла а со, сайн Далла тӏе воьду, Цо нисвийра ву со!»

Хӏай мархийн бутт, собар дехь, Янз йисан ӏамалаш ма яра сан; Хӏай мархийн бутт, собар дехь, Дешаз дисан Къуръан ма дара сан; Хӏай мархийн бутт, собар дехь, Делхаз дисан бӏаьрхиш ма дара сан; Чаккха бала герга букх хьо, хӏай сан хьоме бутт; Со тесна вуьтуш ву ахь, хьайн ирсе денош соьгара схьадахарац; Хӏай мархийн бутт, собар дехь, Сан дог дилла меттиг боцуш висна ма вара со, чаккха болуш бу теш хьо, со ӏадда витан, дӏаоьцуш вац теш ахь со, хьайн къинхетамац...

Repost from N/a
Валар... Баккъалла а адмо лардеш доцуш, гена тоьтташ долчух, уггаре гергарниг дукх хьо, Ма ца воьвза хьуна жиманиг а, воккханиг а! Валар... Кад букх хьо, хӏораммо мера болуш, Некъ букх хьо, хӏораммо хадор болуш, Тӏай дукх хьо, массо а шена тӏехул дехьа вера волуш!

Шайн доӏнашкахь Шайх Хьувайни виц ца вар дехар дукх сан шуга! Иштта мел волу ӏеламстаг а, цаьрна доӏнащ деш, шун диц ма лойлакх деха, вайна аьтто бар, цаьргар ӏилма эца, ткъа ӏилмел хьалха, церан хаза амал а, хаза гӏиллакх а! Шуьна хоуьйлакх, хӏара уммат, шен ӏеламнехан хьалха вахьаховша дацахь - эшна ду! Хӏара уммат, шен ӏеламнахан тӏетовжуш дацахь - эшна ду! Хӏара уммат, шен ӏеламнахац безам болуш, цаьрна доӏнаш деш, уьш ца хилахь - эшна ду! Каӏбан Делора ду хӏарс уммат оьшар - цо шен ӏеламнах дӏатасахь ! Цундела тасло царах! Тӏегӏерта ӏеламнахан! Хилийта хьан цаьрца безам! Де цаьрна гӏо, церан даӏват даржа дарца, цаьргара ӏилма эцарца!

Тахана доӏанна жоп дала 3 бахьана вовшахкхетта: 1. Мархийн баттахь дина доӀа. 2. Марха долчо дина доӀа. 3. Пӏераскан-дийнахь дина доӀа. https://t.me/Ramzan_Gendargno

Шен накъостий дIа а бевлла, ша цхьаъ висар дакъазалла ю. Амма Iеламнах дIабовлар - уггар баккхийчу бохамах ду. Iеламстаг ша цхьаъ висар, иза инзаре боккха бохам бу, Iеламстагана бен хуур а доцуш. Тахана вайгахь болу сингаттам боккха а, чолхе а сингаттам бу. Цхьана балана тIаьхьа богIуш кхин бала бу, ткъа хьалха хиллачеран новкъахь болу Iеламнах, (дийнна махкахь) цхьацца бен хуьлуш вац. Шайх Абу Исхьакъ Ал-Хьувайний (АллахIа къинхетам бойла цунах)

Мархийн бутт, кхераме бутт бу бохучух кхета, мархийн беттан тӏеххьаре йолу итт буьса йола елча... Шуна цхьанне моттане ма моттийла, хӏара итт буьйса, шеца йа цхьа дика, йа цхьа во дохьуш йохур яц... Хӏо итт буьйсанна хьо ледар хилахь, цо дохьур ду хьуна цхьа доккха во, хьоьх дийна шарахь, ирс аьтто дӏахедар болуш, Хӏо итт буьйсанна хьо ӏамал-ӏибадат деш, ледар воцуш хилахь, цо дохьур ду хьуна цхьа доккхв дика, хьоьх дийна шарахь дӏахедар дац хьуна ирс аьтто а!

Лайлатул-Къадр. Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт
Лайлатул-Къадр. Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт буьйсенан муьлхха а буса наб ярах, я суннат ламазаш ца деш, я Дела ца хьехош, я Къуръан ца доьшуш, я хlумма а ца деш, телпо кегош хlар итт буьйса эрна дlаяхийтарах ларлолах!, аьлча а, хьайн дахар тlера 83 - шо, дина хlумма а доцуш, эрна дайтарах ларлолахь!

Тахана маьркlаж-мол ма-кхайкхина дlайолало тlеххьарлера итт буьйса, шена чохь къайлаяьккхина лайлатул-къадр а йолуш. Аллахlа цу буьйсанан диканашха ма дохийла вай.

Repost from N/a
Дуьне - эхарт шена дика девзуш волу Мухьаммад Хьассан велхийнарг хӀун дара? - Умматан турс хилла лаьтташ волу шен дика доттагӀ кхелхина аьлла хаам хиллера цунна…

Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний | ХIижрат дар https://t.me/Ramzan_Gendargno

11:30 - Шайх Абу-Исхьакъ аль-Хьувайних лаьцна

Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний https://t.me/Ramzan_Gendargno