uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
104428287.mp34.59 MB

Доьшург: Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний

Къегина седа къайлабели, Сирла буьйса бодане ели. Уммато дӀадилли тезетан кевнаш, Лераме шайх Хьувайний кхалхарца... Элчанан
Къегина седа къайлабели, Сирла буьйса бодане ели. Уммато дӀадилли тезетан кевнаш, Лераме шайх Хьувайний кхалхарца... Элчанан хьадисех хьайн дог Ӏабийна, Элчанан дийцарех хьайн дог а дузийна. Гечдеш, къинхетаме мархийн баттахь, Ӏодика йи ахь чот йоцу дуьненан. Элчано хьадисехь дийцина ма-хиллара, Дин дӀадолу Ӏилма кхалхарца, Ӏилма дӀадолу Ӏеламнах кхалхарца. ЧӀурам богуш жим-жимма дӀаболу. Къуьданан мехкадаьтта жим-жимма дӀадолу. Динна эшам жим-жимма тӀебогӀу, АллахӀа базбина Ӏеламнах кхалхарца. Исхьакъан да, тхан шайх Хьувайний, АллахӀа кхоьллина, Цуьнга хьо вирзина, Дуккха а диканаш дитина тхох къаьстина, Хьан лелачу сагӀанах оьцур бу пайда. Рамзан А. | 18.03.2025 https://t.me/Ramzan_Gendargno

record.ogg5.37 MB

Муьлха бала балхабе, денна а хилча совбуьйлуш умматан баланаш! Муьлха дешнашца бе кадам, умматан Ӏеламстаг, кху заманан мухьа
Муьлха бала балхабе, денна а хилча совбуьйлуш умматан баланаш! Муьлха дешнашца бе кадам, умматан Ӏеламстаг, кху заманан мухьаддис, дуьненан жовхӀар, Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний кхалхарца умматна деъначу тезетахь! Кадам а хьаьнга бе, тезет хьенан керта хӀоттаде, тезет хилча умматан тезет! Ахь хьайн дерриге дахар Шена махийна деллачу, Ша везар хьайн цӀий чухула лелаш хиллачу, Цуьнан суннат умматна цӀандарца а, марзадарца а, хьехарца а, довзийтарца а хьайн дахар дӀаделлачу сийлахь Элчанца (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) АллахӀа цхьанатухийла хьо! -Хьо кхалхарца умматах яьлла киртиг, кхин цкъа а хӀуттур яц метта! -Хьо кхалхарца умматна хилла чов ерзо хир вац кхин цхьа а! ✈️Ӏадлан Харачо

Хила тарло цхьаболчарна вайн Шайх ца воьвзаш, амма Валлахӏи, цуьнан хьехам хезнаг, и шен дахарехь цхьауз бен хезна бацахь а, и ца везашам ца хуьлу! Шайхо дегнаш эцнера шен цӏеналлиц, шен динна дезарац, цу динна дуьхьа къахьегарац... Жимма а динах бала болуш, нийсо йовза луучун, уггаре хьомечу Шайхах Шайх ма вара Абу Исхьакъ ал-Хьувайний... Аллахӏа хьайна, хьайн синал а чӏогӏа везаш волчу Элчанца (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) цхьана тохийла хьо!

Динан лам бара хьо Шайх, Ӏилманна хӀорд бара хьо, АллахӀа Фирдавс Йалсаман охӀлунах войла хьо! Хьайна дукхавезначу Пайхамарца
Динан лам бара хьо Шайх, Ӏилманна хӀорд бара хьо, АллахӀа Фирдавс Йалсаман охӀлунах войла хьо! Хьайна дукхавезначу Пайхамарца ﷺ гулвойла хьо йалсаманехь! Ма боккха эшам букх умматан хьо санна волу Ӏелимстаг дӀавалар.

Нашид | Абу Исхьакъ ал-Хьувайний https://t.me/Ramzan_Gendargno

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнин тӀаьххьара дешнаш, АллахӀа къинхетам бойла цунах!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Олуш ма-хиллара: «Цхьаволчунна, и кхелхича цуьнан шен нана а ца йоьлху. Ткъа кхиверг кхелхича - цунна дерриг уммат доьлху». Иштта ю тховсалера буьйса а...

Repost from N/a
Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний баккхийчу Ӏеламнахах вара, АллахӀа къинхетам бойла цунах. Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний санна Шайх Ал
Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний баккхийчу Ӏеламнахах вара, АллахӀа къинхетам бойла цунах. Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний санна Шайх Албанис хестийна цхьа а вац, «Ас-силсила ас-СахьихьахӀ» олу шен жайни чохь сих-сиха хьахаво цо иза. Хьадис Ӏилмангахь чӀогӀа ву иза, хьадисана таллам чӀогӀа дика бо цо бохуш хеставо Шайх Албанис Шайх Хьувайний, шен мутаӀелам хилла ца Ӏаш, шен доттагӀ а ву иза бохуш. АллахӀа гечдойла Шайхана. АллахӀа лаккхарчу даржашка кхачавойла иза. АллахӀа собар лойла вайна массарна а хӀара боккха бохам лан.

Шайх Мухьаммад Хьасанан дарс доьдуш а долуш хаам бина, Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний кхелхина аьлла. https://t.me/Ramzan_Gendargno

Валлахӏи, кху латтан букътӏер ӏилма дӏаэцар хуьлуш ма дац, ӏеламнах дӏаэцарца бен! Ӏеламнах бу тахана вайна вайн дин лардеш, уьш баларца леш а ду и ӏилма.. Хӏай уммат, хьо сихлолахь, ӏеламнехан когашкахь вахьа хуьйшуш, ӏилма эцаран сутар хиллахь хӏай уммат! Валлахӏи, шен ӏожалла йолуш ма ву хӏора а, Валлахӏи, лаьттар ма бац ӏеламнах даиманна а, Валлахӏи, дохко дера ма ду уммат, ӏеламнах бала бел, шайгар ӏилма эца стаг воцуш дисича, тӏаккха шех шех ка етташ лелар ма ду уммат! Хӏай уммат, самадала! Шен синош, догӏмаш ӏилма дӏаделла болу ӏеламнах бу хьоьга хьоьжуш, ӏеламнах бу хьо самдаларе сатуьйсуш, Деле доьхуш. Хӏай уммат, самадала! Ӏеламнах бу хьуна хӏора а шо мел долу кӏезгалуш, дӏабовлуш, шен ӏожалло дӏагӏуш, Аллахӏа дӏаоьцуш! Хӏай уммат, самадала! Хьо ӏилмантӏехь соввавала маца воллу? Хьо ӏеламнахац гергарло лело маца воллу? Хьо хьайн Делан уггаре дукха безачеран тӏегӏантӏехь хила къа маца хьега воллу? Хӏай уммат, самадала! Ӏеламнах балар хьехам хуьлийла шуна! Ӏеламнах балар кхерам хуьлийла шуна! Ӏеламнах балар бахьан хуьлийла шуна! Ӏеламнах балар ирча кхаъ хуьлийла шуна! Шу сама дохур долчерах хуьлийла ӏеламстаг валар!

Инна лиллахӀи ва инна илайхӀи ражиӀун. Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний кхелхина, хӀокху безачу мархийн баттахь. АллахӀа Фирдавс ялсаманица бекхам бойла цунна! https://t.me/Ramzan_Gendargno

Делахь, ойла йича дагчу кхерамам тоса, дӏабаьлларг ах бутт бу, йаӏне ах дакъа ду мархийн беттан чаккха даьлларг, ткъа сов хӏун даьлла? Хийцам мичахь бу? Жоп хӏораммо ша шега локх, шеца бакъ а луьш, тӏаккха хуур ма ду хӏоранна, ша вижина йаьккхан хан бен сов ца йаьллий )))) Аллахӏа ма хуьлитийла иза иштта, вай соввадийлар, ӏамал-ӏибадаташкахь хуьлитийла Аллахӏа, Аллахӏа мархийн бетт хьакъ дӏаделлачарах дойла вай!

sticker.webp0.00 KB

Шайн шовкъалла латта йе, иза гӏеллало шуна, кху мархийн баттахь, цкъа а аша ца йина ӏамалаш йан шовкъе хила дезаш ду шу, уьш йан а езаш ю аша, ткъа уьш йа, вайна оьшург шовкъе хилар ду, шовкъе хилчи бен Аллахӏа дӏадоьллуш дац вайна цхьа а хӏума, шовкъе хилчи бен атта а луш дац вайна цхьа а хӏума...

Мархийн баттах лаьцна дукха хӏума чу дилла лууш, амма и терхьера хьехамш кхачаме бу, ладоьгӏчахь, бохуш дукха ӏадда ӏийна, кхин дӏа а ӏийра ду, ала луург, доцца, атта дерг ца лоьхуш, шайн хан йайъа, шайна пайда бохьур болу хӏуман тӏехь, йаӏне кху баттахь иза терхьера хьехамш букх...