ي
Відкрити в Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Показати більше189
Підписники
Немає даних24 години
-27 днів
-530 днів
Архів дописів
189
Ийман диллинчарна дуьхьалкхетча, цара олу: "Тхо ийман диллина ду." Шайн шайт1аншца цхьанабисча, цара олу: "Баккъала а, тхо шуьца ма ду, тхо-м уьш [ийман диллинарш] хьийзош дарий."
189
Церан дегнашкахь цамгар йу, Дала алсамъйаьккхи и кхин т1е а цамгарца, царна ма ду лазош долу 1азап, лаьш хиларна харцлуьйш.
189
قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: يوشك الأمم أن تداعى عليكم كما تداعى الأكلة إلى قصعتها، فقال قائل: ومن قلة نحن يومئذ؟ قال: بل أنتم يومئذ كثير ولكنكم غثاء كغثاء السيل، ولينزعن الله من صدور عدوكم المهابة منكم، وليقذفن الله في قلوبكم الوهن، فقال قائل يا رسول الله: وما الوهن؟ قال حب الدنيا وكراهية الموت"
رواه أحمد وأبو داود
Дела Элчано аьлла: (Делера къинхетам маршал хуьлда цунна) Герга ду-кх, дааран санна, шуна наха тlелетарш дан, цуьнга хаьттира: -Тхо кlеззиг долуш хира ду и? Хlай Дела Элча! Цо элира, дац! Муххале дуккха а хира ду шу цу дийнахь,
амма, Iоврашна тIе ялла чопа санна хира ду
Дала шух кхерар дlаоьцур ду цу керстнеха дегнашчуьра, ткъа шу дегнашчу гlийлалла тосур ю. Цуьнга юха а хаьттира и гlийлалла хlун ю, Хlай Дела Элча!?
Дуьне дезар, валар ца дезар ду. - элира Цо.
189
Аллахlана лиинчо lамадокх Къуран, жима вай, къанвелла вай, балхахь лара ца вой бохуш бехказлонаш ца лоьхуш.
Ткъа хlара воккха стаг Къуран дагахь lамош ву, хlора lуьйрана схьавогlу хlара Пайхмаран ﷺ маьждиге ша lаминарг дlадийца.
189
Фудайлас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къуръан дагахь хууш верг, иза бусулба динан байракх кара лаьцна ву, цун дела вочу нахах ветта вала ца веза иза, пайда боцуш долу хIуманаш лелош болчаьрца а лела ца веза иза».
[«Мухтасар ахла'къ хьамалатиль-Къуръан»]
189
Хьоьгахь гIайгIа, бала, сингаттам, сагатдалар, кхерам, дагчохь гатто, дега цамгарш хилар - ахь къинош летор бахьана ду хьуна.
Ткъа церан дарба – тоба а дина дохко валар а, “астагIфируллáхI” (аса АллахIе гечдар доьху сайна) бахар а ду.
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах).
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
Счастливые же пребудут в Раю. Они пребудут там вечно, пока существуют небеса и земля, если только твой Господь не пожелает иного. Это будет неиссякаемый дар.
11:108
189
Repost from N/a
Iилма Iáмор хала ду, делахь а, марзо а, синан паргIато а йу цуьнца. Iилмане цхьа а кхóчур вац халóнан а, къахьéгаран а тIай тIехула бен. Сахьтехь Iилма Iамош шен дéгIан лаам охьа ца таIийначо велла дIаваллалц жехIлалла лан дéзар ду.
Шайх Iабдул-Мухьсин ал-Къосим
189
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла: "Суна цхьа салават диллинчунна, Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӀера итт гӀалат а дӀадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккур ву."
Сахьихь ал-ЖамиӀ: 6359.
189
إِنَّ اللَّهَ وَمَلائِكَتَهُ يُصَلّونَ عَلَى النَّبِيِّ يا أَيُّهَا الَّذينَ آمَنوا صَلّوا عَلَيهِ وَسَلِّموا تَسليمًا(٣٣:٥٦)
Боккъалла а, Аллахl а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду Пайхамарна. Хlай Делах тешнарш! Салаваташ дахка цунна, маршо а йеха цунна. (33:56)
189
шен сатийсамашка кхача Делера гӀо лоьхуш, «астагӏфирулЛахӏ» бохуш къахьегнарг, шен лааме кхочур ма ву, цо сатийсанчулла а сов..
ибн Таймиййа.
189
Сих-сиха дагаоьхур ю хьуна айхьа Къуръан доьшуш яьхна буьйсанаш.. Дог доьлхуш са а тосур ду ахь цу хенашка. Баккъал а, ирсе дахар Аллахl хьехорехь а, И вовзарехь а бен дац-кх!
