ي
Відкрити в Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Показати більше189
Підписники
Немає даних24 години
-27 днів
-530 днів
Архів дописів
189
*СагӀа даларехь шортта пайданаш ду:*
Вочу кхалхарах лар во цо. Бала йуха а туху. Къа дӀа а доккху. Даьхни лар а до. Рицкъ тӀе а дохьу. Деган самукъа а доккху.
АллахӀах тешар а, иштта Цуьнца хаза ойла хилар а тӀе дохьу.ШайтӀа охьа а таӀа до, сийсаз до. ДегӀ цӀан а до, кхиа а до. АллахӀана а халкъана а веза волуьйту. Цуьнан массо а сакхт хьул до. Наха шена доӀанаш дар хулуьйту. СагӀа луш верг кошан Ӏазапах вуха туху. Къемат дийнахь ӀиндагӀ а хир ду цунна, АллахӀан гергахь цунна шафаӀат дар доьхуш. Дуьненан а Эхартан а белхаш атта а до цунна.
189
ДОГ ТОДАЛАРАН КЪАЙЛЕ
Хьузайф ал-МарIашийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къайлах, цхьанне а ца гучохь ахь АллахIана Iибадат дахь, хьуна лаахь а, ца лаахь а хьан дог Цо тодийра ду».
Сифатус-сафвахI, 4/270.
189
Аллахlaн Элчано ﷺ аьлла:
مَنْ كَانَ سَهْلاً هَيِّناً لَيِّناً، حَرَّمَهُ اللهُ عَلَى النَّارِ.
Аллахla жоьжаг1атийн хьарам вина кleда маьрза а волуш, шеца долу хlyма хала доцуш, нахаца атта волуш верг.
"сохьихь уль-джамиl", 6484.
189
Эшарш йоцаг кхи дол харам ду далахь дlа дакх и.
Хьай суртш далахь дlа даха
Тоба дай.
Хьо елч хьайн къинош тlе оьхш
оьши хьун и. Цхьанне оьшар ма дац вайн и.
Мухле а дикнаш ма дез вайн
Цундел дикнаг даржош пайд бе
кху бусулб динехь.
Къонхий зудчо кхиош ву
Вац мил милаъ зудчо
Хил ма ез бусулб динц йол зудчо кхиош бу.
189
«Вуно дукха Къуръан чу а, Пайхамаран (ﷺ) хьадисаш чу а хьежна со, хlетте а, рибá (процент) лелоралла а вон хlума ца карийна суна, хlунда аьлча, Аллахlа тlом кхайкхина и лелочунна.»
Имам Мáлик ибн Анас
189
اَللّٰهُمَّ انْصُرْ مَنْ نَصَرَ الدِّين
Йа Аллах1 Хьай Динан г1одеш болчарн толам ло ахь
وَ اخْذُلْ مَنْ خَذَلَ الدِّين
Букъ тох ахь йа Аллах1 шай динн дитан болч нахех
وَانْصُرْنَا عَلَى أَعْداءَ الدِّين
Тхун Толам Ло ахь йа Аллах1 Хьай Динан Мостаг1шан Т1ехь
اَللّٰهُمَّ احْفِظْ إِخْوَانَنَا مُجَاهِدِينَ
йа Аллах1 тха вежари Муджахидаш 1алаш Бе Ахь
اَللّٰهُمَّ حَقِّقْ وَعْدَكَ
йа Аллах1 Бакъ Хилити Кхочуш е ахь ахь тхуна ел йолчу ч1аг1о
أَنْ تُصْلِحْ لَنَا أَعْمَالُنَا وَ تَغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا
Ахь тха Хьал Хуьйцур ду аьлл
ахь тхан Къиношна Геч дийр ду аьлл долу
اَللّٰهُمَّ اجْعَلْنَا مِنْ مَنْ قَالَ لا اله الا الله ثُمَّ اسْتَقَامَا
Йа Аллах1 Де Ахь тхо لا اله الا الله
аьлла цул Т1ехьа цу т1ехьа ч1ог1 таса делла чекх дойлчарах
189
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
189
Repost from N/a
الجنة لا تنال بالكسل النوم والرحاة وإنما تنال بالتعب في الأعمال الصالح
«Ялсамане кхочуш вац наб ечу некъаца, ша дlалаьцначу малоно а, аттонца а. Бакьдолуш ялсамане кхочуш ву, къадваларца дикачу lамалшца».
189
وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَعِبٌ وَلَهْوٌ ۖ وَلَلدَّارُ الْآخِرَةُ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Дуьнéнан дáхар ловзар, синкъéрам бен ма бац, ткъа эхартара Iойла диках йу Дéлах кхоьручарна.
Баккъалла а, шу кхéта ца кхéта-те?
189
Фудайлас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къуръан дагахь хууш верг, иза бусулба динан байракх кара лаьцна ву, цун дела вочу нахах ветта вала ца веза иза, пайда боцуш долу хIуманаш лелош болчаьрца а лела ца веза иза».
[«Мухтасар ахла'къ хьамалатиль-Къуръан»]
🧡.
189
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:
«АллахӀан лайна Ӏамалшаха къемата дийнахьа дуьххьара хьесап дийр дерг, цуьнан ламаз ду».
قال رسول الله ﷺ
«إِنَّ أَوَّلَ مَا يُحَاسَبُ بِهِ العَبْدُ يَوْمَ القِيَامَةِ مِنْ عَمَلِهِ صَلَاتُهُ».
Тирмизий: 413
189
Repost from Серлонан тоба
БЕРАШ КХИОР
Шайх Ӏабур-Раззакъ ал-Бадрас шен жайни чохь язйина:
«ХӀокху дахарехь лайн тӀехь долчу уггаре даккхийчу декхаршах а, коьртачу аманатах а ду цо терго ян дезаш: «Бераш», уьш кхиадар, царна гӀиллакх Ӏамадар, царна хьехар дар, царна нийса некъ бовзийтар».
[Рака'изу фи тарбиятиль-абна'ъ, агIо 3]
189
«Кху дахаран мах хаахьара, Делан лайно эрна хан йойъура ма яцара. Делахь а, цунна хуур бу и мах шена валар герга деъча..»
Абу Наср ибн ас-Сабба́гӀ.
ي
189
ТОБА ДАР
Тоба дар - Деле ша динчу къинна гечдар дехар ду, ткъа цуьнан бехкамаш бу, уьш:
Даггара дохковаьлла хилар.
Кхин иштта дерг ца далийта шен дагахь сацам бар.
Даггара АллахIе шена гечдар дехар.
Нагахь нехан юхадерзо дезаш хьакъ делахь, иза юхадерзор.
Даккхийчу къиношна, хlоранна а шен-шена тоба дан дезаш ду, кегийчу къиношна дерриге чулоцуш тоба дича кхачам бу.
Кхиъ а, ша хууш а, ца хууш а летийначу къиношна гечдар доьхуш а дийр ду тоба.
189
Хlай кегийрхой, хlокху дахарехь стенца ирс лоьху аш Сийлахь долу Къуръан дlа а тесна!?
Аллахlан калам дlатесначул тlехь дуьненах марзо муха хаалура ю шуна!?
Аллахl вац ткъа хlара дуьне-lалам кхолла а кхоьллина, уьш Кхиош-Кхобуш Верг!?
Ткъа lаламийна Дела Волчу Аллахlан къамел букъ тlехьа а теттина хьенан къамел хьалха даккха воллура хьо!?
Баккъалла а, цхьаа сийлалла ма йац Къуръанаца йоцург, йа декъалалла а ма йа цу Къуръанах дlахьевзиначунна...
Берриге хьехам а, нийса некъ а, серло а, нур а, дерриге а декъалла хиларана некъаш а Къуръанаца ду, ткъа и Къуръан дlатессинарг оцу некъашна бlостнехьа воьдуш ву. Ткъа ма дакъазалла ю-кх Къуръанана бlоста ваьллачунна. Ма дакъазалла ю-кх Аллахlана къамелана букъ тоьхначунна. Дакъазалла ю-кх цунна дуьненчохь а, эхартахь а.
Хlай Везан Дела, тхан дахар Къуръанаца де Ахь, тхан кхалхар а Къуръанаца де Ахь, къемат дийнахь тхан гlиттор а Къуръанаца де Ахь!
Хlай тхан Дела,
Къуръанаца декъала де Ахь тхо!
