ru
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Открыть в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Больше
345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Ӏеламнеха вовшац болу ларам, вовшац долу гӀиллакх - уггаре хаза масал дукх, уггаре хаза доттагӀалла а дукх!

(Аллахӏа Ӏалашбойла вайн Ӏеламнах)

Ӏеламнехан дерг, бакъдолу вежаралла хиларехь сан шеко а йац. Шайх Мухьаммад Хьассáн Шайх МустӀафа ал-Ӏадавий (АллахӀа Ӏалашвойла шуьшиъ)

Хастам бина ца валлал хӀума ма ду иза!

Ирсех лаьцна дийца аьлча, уггаре хьалхарчу меттехь хила хьакъ дерг ду - хьан дика доттагӀ хилар! Хьан дика доттагӀ - иза хьуна дуьненан пайда беш верг вац, хьан дика доттагӀ - иза хьуна эхартан пайда беш верг ву! Шеца къамеле ваьлча, хӀораза, хӀораза хьан ийман чӀагӀ даларан бахьан хӀуттуш, хьан дика Ӏамал йан лаам хуьлуьйтуш, хьо шовкъе веш, хьо дине юха валош, хьо цхьа гӀулч а юха ца волуьйтуш, дин даржорехь хьо сутар воккхуш, хьуна шена санна сагаттадеш верг ву хьан дика доттагӀ. Хьуна даиманна тӀех сов хаза доӀнаш деш шен мотт тӀеда латториг ву хьан дика доттагӀ, хӀораза, хӀораза къмеле ваьлча, хьуна доӀнаш диний бен къамел чаккха ца долуьйтуш верг ву хьан дика доттагӀ. Дика доттагӀ, иза жовхӀар ду, дӀахеца, тесна дита йиш яц иза, дӀадиллина диц дан а йиш яц иза, даиманна шен даг чохь санна, шен уллехь латто дезаш долу жовхӀар ду иза! Дуьнен баланшан тӀе, кхин а чӀогӀа хьо гӀайгӀане вуьгург а ду хьан дика доттагӀ ца хилар! Цундела даиманна деха АллахӀе, баккъалла а бакъдолу, дуьненахь а, эхартахь а пайде хира волу, баккъалла а АллахӀан дуьхьа вовший дукха безар болу, доттагӀий беха АллахӀе! Баккъалла а даккхийчу ниӀмачех цхьа ниӀмат ду дика доттагӀ. АллахӀа цӀа а эша ма дойла шу суна, АллахӀа уггаре а хаза чаккхе елчарах дойла вай, АллахӀа оц йалсаманен майданахь цхьана а тохийла вай! АллахӀа массо гуш долу, гуш доцу зеч-зудамах лардойла вай, АллахӀа кху дерриге умматан пайде, беркате дойла вай а, вайн тӀехье а, АллахӀа кху дуьненахь а, эхартахь а ирсе хиллачерах, даккхийдечарах, декъал хиллачерах дойла вай! Баккъалла а АллахӀан дуьхьа вовший деза дезаш, АллахӀан новкъахь къахьоьгучарах, АллахӀ реза винчарах, АллахӀан муьтӀахь долчарах дойла вай!

sticker.webp0.00 KB

«Аллахӏана дуьхьала хӏотта цхьа а дика ӏамал йац-кх сан Иза дукхавезар бен.» Шайх Абу Исхьакъ аль-Хьувайний
«Аллахӏана дуьхьала хӏотта цхьа а дика ӏамал йац-кх сан Иза дукхавезар бен.» Шайх Абу Исхьакъ аль-Хьувайний

ЧӀогӀа дика хира дара уьш хилча

Рузбан динан, мажлисан гӀиллакхаш дуьйцуш дарс!

Ӏилман мажлисе веана стаг - мелла а оц Ӏилман герга хила веза, (йаӀне гӀиллакх долуш хила веза, адмашац ларам болуш хила веза)

sticker.webp0.00 KB

Ӏеламстаг * ма доккха дош ду иза, кху дуьнен тӀира мел долу хӀума ду цуна къинош гечдар, цунах къинхетам бар доьхуш. Уггаре чӀогӀа стаг Ӏилма Ӏаморан новкъа воккхург, иза шовкъе веш дерг ду иза!

sticker.webp0.00 KB

Ӏеламстаг * ма доккха дош ду иза, кху дуьнен тӀира мел долу хӀума ду цуна къинош гечдар, цунах къинхетам бар доьхуш. Уггаре чӀогӀа стаг Ӏилма Ӏаморан новкъа воккхург, иза шовкъе веш дерг ду иза!

НОХЧИЙН КЪОМ ӀЕЛАМСТАГ...БИЛУ ХЬАЬЖА Билу Хьаьжас (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дуьне хаьржина ваха воьдург хьо ву, ткъа со, эхарте хаьржина вала соцуш ву!» Билу Хьаьжа (АллахӀа къинхетам бойла цунах) Нохчийн къоман воккха Ӏеламстаг ву, Ӏедлар муьтӀахь хил, АллахӀан Ӏеса ца хила, валар хаьржина набахти чохь виса реза хилла иза! Вайн Къоман Къонах ву иза, шен хенахь хиллачу, уггаре гӀар йаьллачу дин хьоьхучу ишколехь дешна ву иза, цул тӀаьхьа шен юьртахь къеда хилла дӀа а хӀоьттира иза! Билу Хьаьжа (АллахӀа къинхетам бойла цунах) цӀера МартантӀира ву, тайпана Гендаргно ву. Билу Хьаьжа (АллахӀа къинхетам бойла цунах) 1852-чу шарахь дуьненчу ваьлла ву. 1925-чу шарахь, совет Ӏедало тоьпаш йиттина вина ву Билу Хьаьжа (АллахӀа къинхетам бойла цунах) АллахӀа Шен боккха къинхетам бойла цунах, АллахӀа цуна верза йалсамане а хуьлитийла, кху дуьненахь цо АллахӀан дош ма айбара, эхартахь АллахӀа цуна сий дойла!

sticker.webp0.00 KB

Кху ислам-динан оьшуш берш Къонахий бу, къуй бац!