ru
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Открыть в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Больше
345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB

ТАМАШИЙНА КХЕТАМ... Вайна юккъехь хийла хеза вайна, цхьа чӀогӀа тамашийна дош, вай дуккха а адама, арахь дехаш хиларе терра, кегийчу неха дукха хеттарш хуьлу, масала: вай керса неха махкахь дехаш ду, керста стега хӀума лачкъо мегар дуй? Кху махкахь хӀума йадо мегар дуй? Кху махкахь хӀара дан мегар дуй, важа дан мегар ду, иштта кхин дӀа а, цу хеттаршан жоп: ХӀан-хӀа, мегар дац, керста стега хӀума лачкъо мегар дац, йадо мегар дац, керста велахь а цуна зулам дан мегар дац, керста велахь а цуьнгара хӀума схьайаккха мегар дац! Иштта жоп делча, цхьа чӀогӀа тамашийна дош хеза вайна: и керста нах ма чӀогӀа дукха беза шуна, и керста нах ма чӀогӀа ларбо аша, олий, кхетам боцучу наха цу кепара дош олу! Керста стеган зулам ма де, и керста велахь а! Керста стега хӀума лачкъа ма йе, схьа ма йаккха, аьлча, цу керста нахех къа хеташ, йа и керста нах дукха безаш дуьйцуш долуш санна хета цхьаболчарна. Вай Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) къамел хезначух тера дац царна, иштта кхетам болчарна. Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла, Бусулба неха куьйга кӀелахь вехаш волу керстан стеган зулам диначу стеган хьокъехь аьлла цо: «Къемат дийнахь со хира ма ву цуна довхо» Оц бусулба стага зулам динарг керста стаг воллушехь, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ша хира ву аьлла цуна довхо. И керста стаг везаш ма ца аьлла цо иза, йа цунах къа хьеташ  ма ца аьлла цо иза, амма ислам-дин лардеш, ислам-дин гал ца даккхийта аьлла. Цундела керста стаган зулам ма де, керста стагер хӀума ма йаккха, керста стеги хӀума ма лачкъайе олучу хенахь, керста стагех къа хьеташ олуш дац иза, амма ислам-дин лардеш, ислам-дин гал ца даккхийта олуш ду, ислам-динан дозанаш хеда ца дайта олуш ду. Кху ислам-динан оьшуш берш Къонахий бу, къуй бац!

sticker.webp0.00 KB

ӀЕЛАМСТЕГА ДЕКХАР... Муьлхха а Ӏеламстег декхар ду, диканиг де алар, вониг ма де алар, къаьсттина и Ӏеламстаг нахана хьалхаваьлла валахь, и Ӏеламстаг цхьана даржехь валахь, имам хуьлийла иза, къеда хуьлийла иза, йа муфтий хуьлийла иза. Цу Ӏеламстег декхар дац, паччахьо мел йаьккхина йолу гӀулч, ислам-динехь нийса ю аьлла, исламан-басар цу тӀе хьакхар, цо мел динарг, ислам-динехь нис да хьажар. Муххале а, цу кепара Ӏеламстаг, паччахьо мел динарг ислам-динехь нис дан гӀерташ, цу паччахьо гат даьлларг дича, и нийсонна тӀе хӀоттош воцуш, цу паччахьехь долчу дуьнене сатуьйсуш, йа цуна таӀзарех кхера велла, дин тӀе харцо йуьцуш волу Ӏеламстага деш дерг доккха зулам ду. Веза-Сийлахь волу АллахӀа боху: «АллахӀан тӀе харцо йуьцуш волчулла а тӀех зуламе верг мила ву?!» Иштта кхечу аятехь боху АллахӀа: «хӀай Мухьаммад ахьа ала ахь, баккъалла а АллахӀан тӀе харцо йуьцуш берш, декъал хира ма бац» Ӏеламстег декхара, диканиг де алар, вониг ма де алар ду, Ӏеламстег декхар, шарӀан дознаша лардар, шарӀан дознаша лардайтар ду!

Муьлхха а Ӏеламстег декхар ду, диканиг де алар, вониг ма де алар, къаьсттина и Ӏеламстаг нахана хьалхаваьлла валахь, и Ӏеламстаг цхьана даржехь валахь, имам хуьлийла иза, къеда хуьлийла иза, йа муфтий хуьлийла иза. Цу Ӏеламстег декхар дац, паччахьо мел йаьккхина йолу гӀулч, ислам-динехь нийса ю аьлла, исламан-басар цу тӀе хьакхар, цо мел динарг, ислам-динехь нис да хьажар. Муххале а, цу кепара Ӏеламстаг, паччахьо мел динарг ислам-динехь нис дан гӀерташ, цу паччахьо гат даьлларг дича, и нийсонна тӀе хӀоттош воцуш, цу паччахьехь долчу дуьнене сатуьйсуш, йа цуна таӀзарех кхера велла, дин тӀе харцо йуьцуш волу Ӏеламстага деш дерг доккха зулам ду. Веза-Сийлахь волу АллахӀа боху: «АллахӀан тӀе харцо йуьцуш волчулла а тӀех зуламе верг мила ву?!» Иштта кхечу аятехь боху АллахӀа: «хӀай Мухьаммад ахьа ала ахь, баккъалла а АллахӀан тӀе харцо йуьцуш берш, декъал хира ма бац» Ӏеламстег декхара, диканиг де алар, вониг ма де алар ду, Ӏеламстег декхар, шарӀан дознаша лардар, шарӀан дознаша лардайтар ду! Вайна юккъехь хийла хеза вайна, цхьа чӀогӀа тамашийна дош, вай дуккха а адама, арахь дехаш хиларе терра, кегийчу неха дукха хеттарш хуьлу, масала: вай керса неха махкахь дехаш ду, керста стега хӀума лачкъо мегар дуй? Кху махкахь хӀума йадо мегар дуй? Кху махкахь хӀара дан мегар дуй, важа дан мегар ду, иштта кхин дӀа а, цу хеттаршан жоп: ХӀан-хӀа, мегар дац, керста стега хӀума лачкъо мегар дац, йадо мегар дац, керста велахь а цуна зулам дан мегар дац, керста велахь а цуьнгара хӀума схьайаккха мегар дац! Иштта жоп делча, цхьа чӀогӀа тамашийна дош хеза вайна: и керста нах ма чӀогӀа дукха беза шуна, и керста нах ма чӀогӀа ларбо аша, олий, кхетам боцучу наха цу кепара дош олу! Керста стеган зулам ма де, и керста велахь а! Керста стега хӀума лачкъа ма йе, схьа ма йаккха, аьлча, цу керста нахех къа хеташ, йа и керста нах дукха безаш дуьйцуш долуш санна хета цхьаболчарна. Вай Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) къамел хезначух тера дац царна, иштта кхетам болчарна. Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла, Бусулба неха куьйга кӀелахь вехаш волу керстан стеган зулам диначу стеган хьокъехь аьлла цо: «Къемат дийнахь со хира ма ву цуна довхо» Оц бусулба стага зулам динарг керста стаг воллушехь, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ша хира ву аьлла цуна довхо. И керста стаг везаш ма ца аьлла цо иза, йа цунах къа хьеташ ма ца аьлла цо иза, амма ислам-дин лардеш, ислам-дин гал ца даккхийта аьлла. Цундела керста стаган зулам ма де, керста стагер хӀума ма йаккха, керста стеги хӀума ма лачкъайе олучу хенахь, керста стагех къа хьеташ олуш дац иза, амма ислам-дин лардеш, ислам-дин гал ца даккхийта олуш ду, ислам-динан дозанаш хеда ца дайта олуш ду. Кху ислам-динан оьшуш берш Къонахий бу, къуй бац!

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
إن شاء الله)

Сатийсам кхочуш хилла де" аьлла цхьанхьа терахь дӀаяздира ду вай)

Repost from Зератхо
Доттагӏ, вайшиннан сатийсам герга бу хьуна, Ин ша Аллахӏ✨

sticker.webp0.00 KB

- КӀад делла долучу цу хьай дегӀе, жимма а са даккхийтахь... Валарца хира ду и са даккхар... Хьалхара ког йалсамане чу баккхарца хира ду и са даккхар...

Имам Бухарис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Доккхалица хӀара дуьне гатта динакх суна Йа АллахӀ, дӀаэцахь со хьайна!»

Имам Ахьмаде хаьттина хилла: «Садаlар маца хир ду те, хlай Имам?». Цо жоп делла: «Хьалхара ког ялсамани чу ма баьккхина хир ду». https://t.me/vay_nohchiy

sticker.webp0.00 KB

АллахӀа Ӏеламнах кхиабойла вайн къомана! Аллахӏа нисдойла вайн хьал! АллахӀа пайдечу Ӏилмангахь сов дохийла вай! Вайн деганаш иманах дузийла, вайн хӀусамашкара телевизоран телефонан гӀовгӀанаш Къуръанаца хуьйцийла! Вай мичча хьоьвсича а даӀват бен гуш хӀума а хир доцуш! Боккъалла а, и дан ницкъ кхочуш Ву-кх Иза!

«Бакъонна тIаьхьаваза атта ду, нах цу бакъонна тIебирзинчу хенахь. Амма, цу бакъонна тIехь латта хала ду, нах цу бакъонах дIабирзинчу хенахь». اتباع الحق سهل عند إقبال الناس عليه، ولكن الثبات عليه صعب عند إدبار الناس عنه. Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий ~~~~ Я АллахI! Хьайн дин тIехь чIагIве Ахь со.

sticker.webp0.00 KB