ru
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Открыть в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Больше
345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Вежараллах лаьцна дуьйцу 👆🏻

sticker.webp0.00 KB

25:30 Ӏали Ибн Абу Толиба аьллачу байташах луург...

- Хьехар деш, къамелан юккъехь хеттарш хӀунда ло? - Иштта хеттарш хӀунда ло хьуна аьлча, ладоьгӀуш болу нах, ладогӀа шовкъе беш; царга, хӀинца шайга дуьйцура долу хӀума дика дӀалацийта; тӀаккха кхин дӀа шайна лура долу жоьпан дикка терго йайтархьам, дикка ойла йайтархьам, уьш сам бохуш луш ду и хеттарш!

Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Баккъалла а, шун хӀоранна дагчохь долу и ийман тиша луш ду шуна, тӀедухуш долу духар тиша ма даллар, цундела АллахӀе дехалаш, шайн дегнашчохь долу и ийман карладаккхар»

Ӏали Ибн Абу Толиба аьлла байташ: «Хьикматечун къамел - дегнашна дахар ду, Стиглара догӀа ма хиллара - къаьмнаша къелхьара дохуш орцах, Хьикматечо къамел дича - боданаш дӀадовлу, Нагахь санна хьикматениг виста ца хуьлуш ӀаддаӀахь - иза хьикмате пегӀа ю хьуна, Хьикматечун дахар - дегнаша схьадоьллийла ю, Дийнан серлоно - буьйсан боданаш дӀа ма даххара.» (ХӀо байтши иснад, муӀдаль ю! Амма маьӀнан агӀора аьлча, и байташ чӀогӀа хаза ю, шай маьӀан дика хьакхеташ ю, шай чулацам, маьӀан нийса долуш ю.)

sticker.webp0.00 KB

photo content

sticker.webp0.00 KB

Цхьама ма аллара, дашо буьртиг бу хӀара)) АллахӀа кху дуьненахь а, эхартахь а сий дойла шен доьзал АллахӀан муьтӀахь болуш кхиоран тӀехь къахьоьгучарна, шен хьолех баккхий беш хуьлитийла уьш кху дуьненахь а, эхартахь а!

sticker.webp0.00 KB

Берашна хаза масал гайтар.mp36.75 MB

Шайн берашна чудилла хӀара!

Берашна хаза масал гайтар.mp36.75 MB

Цхьама, дӀабаханчу дика нахах аьлла: «Айхьа де аьлла долу хӀума, айхьа ма де аьлла долу хӀума, нагахь санна хьайгара къобал дайта лаахь, тӀаккха хӀун да деза аьлча, ахьа цхьаъ де аьллехь, массарел хьалха хьо и деш гайта веза ахь, айхьа де аьллачун тӀаьхьавозаш хьой гайта веза ахь уггаре хьалха; нагахь санна ахьа цхьа хӀума ма де аьлла хьехар динехь, и хӀума, доьххьара ца деш юха ваьлларг хьо хила веза, уггаре хьалха ахь Ӏаддадита деза и!

photo content

sticker.webp0.00 KB