Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
- Хьехар деш, къамелан юккъехь хеттарш хӀунда ло?
- Иштта хеттарш хӀунда ло хьуна аьлча, ладоьгӀуш болу нах, ладогӀа шовкъе беш; царга, хӀинца шайга дуьйцура долу хӀума дика дӀалацийта; тӀаккха кхин дӀа шайна лура долу жоьпан дикка терго йайтархьам, дикка ойла йайтархьам, уьш сам бохуш луш ду и хеттарш!
Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Баккъалла а, шун хӀоранна дагчохь долу и ийман тиша луш ду шуна, тӀедухуш долу духар тиша ма даллар, цундела АллахӀе дехалаш, шайн дегнашчохь долу и ийман карладаккхар»
Ӏали Ибн Абу Толиба аьлла байташ:
«Хьикматечун къамел - дегнашна дахар ду,
Стиглара догӀа ма хиллара - къаьмнаша къелхьара дохуш орцах,
Хьикматечо къамел дича - боданаш дӀадовлу,
Нагахь санна хьикматениг виста ца хуьлуш ӀаддаӀахь - иза хьикмате пегӀа ю хьуна,
Хьикматечун дахар - дегнаша схьадоьллийла ю,
Дийнан серлоно - буьйсан боданаш дӀа ма даххара.»
(ХӀо байтши иснад, муӀдаль ю!
Амма маьӀнан агӀора аьлча, и байташ чӀогӀа хаза ю, шай маьӀан дика хьакхеташ ю, шай чулацам, маьӀан нийса долуш ю.)
Цхьама ма аллара, дашо буьртиг бу хӀара))
АллахӀа кху дуьненахь а, эхартахь а сий дойла шен доьзал АллахӀан муьтӀахь болуш кхиоран тӀехь къахьоьгучарна, шен хьолех баккхий беш хуьлитийла уьш кху дуьненахь а, эхартахь а!
Цхьама, дӀабаханчу дика нахах аьлла: «Айхьа де аьлла долу хӀума, айхьа ма де аьлла долу хӀума, нагахь санна хьайгара къобал дайта лаахь, тӀаккха хӀун да деза аьлча, ахьа цхьаъ де аьллехь, массарел хьалха хьо и деш гайта веза ахь, айхьа де аьллачун тӀаьхьавозаш хьой гайта веза ахь уггаре хьалха; нагахь санна ахьа цхьа хӀума ма де аьлла хьехар динехь, и хӀума, доьххьара ца деш юха ваьлларг хьо хила веза, уггаре хьалха ахь Ӏаддадита деза и!
