cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Дика lамал

◉ Къуранан тафсир. ◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш. ◉ Шафиlийн фикъхl. ◉ Хьехаме дешнаш. ◉ Вайн бот: @Dika1amalBot

Больше
Рекламные посты
2 184
Подписчики
-124 часа
-137 дней
-7530 дней
Архив постов
Показать все...
Уммата Iеламнехан жайнаш дагор тарихехь лелла болх бу, Iилмана мостагIийн иза амал хилла ю. ГIезлоша Багдадехь дагайна жайнаш, жаIархоша Андалусехь дагайна. ХIинца вайна юккъехь ю "жайнаш даго тоба". Баркалла шуна шайн Iакъийдат аша гучаяккхарна. ● Дагошдолу жайнаш юккъехь ду: Ибн Таймиййат; Нававий; Ибн Хьажар жайнаш.
Показать все...
2
00:56
Видео недоступноПоказать в Telegram
3.63 MB
💔 1
00:42
Видео недоступноПоказать в Telegram
7.05 MB
Показать все...
Къуран Мусхьаф тlе а хьожуш дешар гlоле ду, ткъа шена дагахь хуаш дерг чlагlдан луачунна дагахь дешар гlоле ду.
Показать все...
Нахаlис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Рамадан баттахь кхобуш долу цхьа марха кхечу баттахь кхобучу эзар марханал а деза ду, цу баттахь Дела хьахор эзар тасбихь дарал а деза ду, цу баттахь деш долу ламаз эзар ламазал а деза ду.»
Показать все...
👍 8
Марха долчаьрга марха дастийта кхача кечбеш йолчу зудчуна хуьлуш ерг йоккха йал йу, нагахь цо шен нийат Делан доьхьа хилийтахь. Масалан: Цо 5 стаге марха дастийтахь, цара кхаьбначу мархийн йал хуьулу цунна. Цундела зударша хьоьгуш долу къа эрна довш дац.
Показать все...
22👍 2
Имам Малика (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къуран чохь а, суннатехь а дикка таллам бинчул тlаьхьа, Рибал а вон къа ца карийра суна, хlунда аьлчи Аллахlа шегахь тlом кхайкхийна къа ду иза.» Ткъа цlенна Риба ду кредит эцар.
Показать все...
👍 5 2
Муса Пайхмара (Делера салам хуьлда цунна) элира: «Сан ваша Хlарон сол а говза ву маттана.» Кхечеран дика белхаш ахь къобалдар, пайхмарийн гlиллакхех ду хьуна, ткъа уьш къобалцадар, шайтlанан гlиллакхех ду, хlунда аьлча Иблиса элира: «Со цул (Адам пайхмарал) гlоле ду.»
Показать все...
👍 10
Показать все...
👍 2
Показать все...
Показать все...
Repost from N/a
https://t.me/dorosalbadr 📌Хlара Шайх lабдурразакъ аль-Бадри дарсашна хаам беш, уьш чуйохкуш канал йу. ⏳Мединатерачу хенаца Маьркlижа а, lуьйра а ламаз динчул тlаьхьа хуьлу дарс. 🔗Дарс дlайолаелчи хlокху канал чу ссылка йуьллу, оцу ссылкана тlеваьлчи дlайоьдучу дарсе ладогlа аьтту бу. 📚Маьркlиж ламаз динчул тlаьхьа доьшуш долу жайна: فتح الرحيم الملك العلام lуьйра ламаз динчул тlаьхьа доьшуш долу жайна: تطريز رياض الصالحين
Показать все...
Шайх lабдульгlоний ан-Набалусис аьлла: «(Дас, нанас) Шен берашна йуккъехь нийсо цалелор хьарам ду, шаьшшинан цхьадолу бераш вукхарех схьакъестор берашна йуккъехь мостагlалла, хьагl, цабезам кхиош хlума ду, гергарлонаш хедадойтуш хlума ду.»
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
🔥 11👍 2
Показать все...
Repost from N/a
Фото недоступноПоказать в Telegram
Ин шаа Аллахl, хlокху жайнара пайданаш чудохкур ду вай хlинца. Къемат дийнан йаккхий а, кегий а, хилларш а, хилаза а билгалонаш йуьцу жайна ду хlара.
Показать все...
5👍 2
Адамийн хьакъ, шен аьтто боллушехь дlа ца луш сецор – зулам ду. Шен аьтто болучо нехан хьакъ дlадала дезаш ду, шегара схьа а ца доьхуьйтуш, ткъа, шен аьтто боллушехь иза дlа ца луш верг – зуламхо ву.
Показать все...
👍 4
Repost from N/a
11-гlа пайда: Делан Элча ﷺ дlакхелхачу хенахь цуьнан коьрта тlехь къежелла 14 мас бен ца хилла. Абубакарс (رضي الله عنه) аьлла:
«Хlай Аллахlан Элча, къежвеллакх хьо!»
Тlаккха Делан Элчано ﷺ аьлла:
«Хlуд сурато, Вакъиlат сурато, Мурсалат сурато, lамма сурато, Изашшамсу куввират сурато къежвина-кх со.»
Хlара сураташ къемат дийнан халонаш юьцу сураташ ду.
Показать все...
Repost from N/a
2-гlа пайда: Делан Элчано ﷺ аьлла:
«Нагахь шух цхьамма, бисмал даккха диц а делла, кхача биънехь, цо олийла: Бисмиллаьхlи аввалахlу ва áхирохlу.»
Шайх lабдурразакъа ал-бадрас бах:
«Нагахь цхьаъ ша хlума кхоллуш, йуьххьехь гlопул хилла, бисмалла даккха вицвеллехь, цул тlаьхьа ша хlума кхоллуш волуш, цунна дага дагlахь, цо эра ду: «Бисмиллаьхlи аввалахlу ва áхирохlу» тlаккха цунна ша йуучух беркат хир ду Делан пурбанца, иза Делера комаьршо йу.»
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
Имам ШафиIин мазхIабехь гIарваьлла волчу Имам ХатIийб аш-Ширбийнийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бусалба нехан къедано таIзар дийра ду, кериста нехан деза деношкахь дакъа лаьцначунна». МугIнил-мухьтáж, 5/518-519.
Показать все...
👍 4
Шайх Мухьаммад бин Салихь ал-lусаймине (Аллахlа къинхетам бойла цунах) хаьттина, боьршачу стагана йеха месаш лелор суннат дуй аьлла.
Шайхо жоп делла: «Йеха месаш лелор суннатах дац, хlунда аьлча Пайхмара ﷺ шен къомо лелош хилар бахьана долуш лелийна уьш, цундела шена ах корта месаш йитина, ах дlа а баьшна жима стаг гича цо цуьнга аьлла: «Йа берриге корта дlабаша, йа месаш lадда йита (ах дlа а ца йошуш).» Нагахь и суннат хиллехь, Пайхмара ﷺ цуьнга берриге корта дlабаша ца олуш, хьайн месаш йахйалийта аьлла хира дара. Цундела месаш йахйалийтар суннат дац, амма уьш лелор шен къоман lадат делахь лелор йу цо, ткъа дацахь шен къоман lадатехь дерг дийра ду цо.»
Показать все...
7👍 4
Фото недоступноПоказать в Telegram
Шайх Мухьаммад бин Салихь ал-lусаймине (Аллахlа къинхетам бойла цунах) хаьттина, боьршачу стагана йеха месаш лелор суннат дуй аьлла.
Шайхо жоп делла: «Йеха месаш лелор суннатах дац, хlунда аьлча Пайхмара шен къомо лелош хилар бахьана долуш лелийна уьш, цундела шена ах корта месаш йитина, ах дlа а баьшна жима стаг гича цо цуьнга аьлла: «Йа берриге корта дlабаша, йа месаш lадда йита (ах дlа а ца йошуш).» Нагахь и суннат хиллехь, Пайхмара цуьнга берриге корта дlабаша ца олуш, хьайн месаш йахйалийта аьлла хира дара. Цундела месаш йахйалийтар суннат дац, амма уьш лелор шен къоман lадат делахь лелор йу цо, ткъа дацахь шен къоман lадатехь дерг дийра ду цо.»
Показать все...
Показать все...
Ибн Къаййима (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьан Далла дукхавеза хьо, ахь Шегара дукха мел доьху, хьуна реза а хуьлу Иза, ткъа адамера ахь дукха мел доьху, цунна ца веза хьо, хьоьца гам ло иза». 📚 Мадариж ас-саликин
Показать все...
👍 7 2
Repost from N/a
Фото недоступноПоказать в Telegram
Newsweek журнало тахана хаам бина, байкот бахьана долуш Старбаксана 11 миллиард доллар зе хилла аьлла.
Показать все...
👍 15
Показать все...
Суфьян бин lуйайната аьлла: «Ша кхечулла а гlоле хеттачо куралла йина.» 📚«Сыфату ас-софвати (2/540)»
Показать все...
👍 1
https://t.me/dika_1amal Вайн канал хlораммо а шен статусе йилла.
Показать все...
Repost from N/a
Фото недоступноПоказать в Telegram
Баркалла хьуна, Гlазза! Баркалла хьуна, Гlазза, тlемалой Къуран lаморан хьуьжаршкара арабовлуш хилар гайти ахь тхуна, тlеман факультеташкара а боцуш. Тхуна ги-кха беллаш тlехь седарчий йа накхош тlехь медалаш йоцуш генералаш. Баркалла хьуна, Гlазза, ахь lамий тхуна берийн, зударийн бакъонаш бохуш беттачу маьхьарх lехадала мегарг цахилар, хьан бераш дойъуш тlараш детташ, lаш бу уьш, хьан зударий бойъуш дош ца эли цара, и йерриге бакъонаш бусалба доьзалш бохорхьама лелош гlирс бу цара. Баркалла хьуна, Гlазза, халоно йуьхь тlера туьтмlаьжгаш (маски) охьа а йохуш, йаххьаш шаьшша ма - йарра гучуйохуш хилар хаийти ахь тхуна. Шайна тlетовжа тешаме хеттайолу дуккха а беллаш экаме карий тхуна. Шайн къамелехь майралла хилларш, пис кlиллой карий тхуна. Тхуна Делан гергара нах бу моьттинаболу цхьаболу lеламнах паччахьаша бухкуш, оьцуш карий тхуна.
Показать все...
🔥 10👍 2
Repost from N/a
Нагахь хьо цхьа къа дита ца луш балехь велахь, хьуна хоуьйла хьо хьайн сица а, шайтlанца а джихlад деш вуйла, ткъа джихlадехь волчунна чов хуьлу, эшам хуьлу, амма вухавала бакъо яц цуьнан. Иштта ду хьан хьал а, хьуна хала хила тарло, йуха а и къа хьоьгара дожа тарло, амма дог дилле вуха ма валалахь, доггаха хьайн Деле хьайна гlо дар дехалахь, наьl доггаха йиттинчуна схьайиллина хьуна.
Показать все...
12👍 2
Repost from N/a
Салафша олуш хилла: «Буьйсанна ламазаш дечуьнан йуьхь нуьре хир ю.»
Показать все...
👍 7
Фото недоступноПоказать в Telegram
👍 6💔 3
Аллахlана виц ца велла хьуна зулам динарг, хьо велхайнарг, хьуна ницкъ бинарг, хьуна хоуьйла хlоранна а хьакъ цхьана дийнахь духадерзор хилар.
Показать все...
Аллахlана виц ца велла хьуна зулам динарг, хьо велхайнарг, хьуна ницкъ бинарг, хьуна хоуьйла хlоранна а хьакъ цхьана дийнахь духадерзор хилар.
Показать все...
10
Фото недоступноПоказать в Telegram
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
Аллахlа къуран чохь бах: «Шуьца тlом бан хlуьттур бац уьш (жуькти), цхьана а кхетта, чlагlйинчу йарташкахь бен йа пенаш тlехьара схьа бен.» Хьашр. аят: 14 ——————————————— Ибн Касирас хlокху аятана тафсир деш бах: «Шайн стешхалла (трусость), дегнаш чохь болу кхерам бахьана долуш бусалба нехан эскарна доьхьала хитталур бац уьш тlом бан, мелхо а чlагlйинчу ярташкахь, пенаш тlехьара схьа а бийра бу цара шуьца тlом.» @dika_1amal
Показать все...
👍 4