cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Дика lамал

◉ Къуранан тафсир. ◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш. ◉ Шафиlийн фикъхl. ◉ Хьехаме дешнаш. ◉ Вайн бот: @Dika1amalBot

Больше
Рекламные сообщения
2 292Подписчики
-224 часа
-117 дней
-4430 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Къуран Мусхьаф тlе а хьожуш дешар гlоле ду, ткъа шена дагахь хуаш дерг чlагlдан луачунна дагахь дешар гlоле ду.
Показать все...
Нахаlис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Рамадан баттахь кхобуш долу цхьа марха кхечу баттахь кхобучу эзар марханал а деза ду, цу баттахь Дела хьахор эзар тасбихь дарал а деза ду, цу баттахь деш долу ламаз эзар ламазал а деза ду.»
Показать все...
👍 8
Марха долчаьрга марха дастийта кхача кечбеш йолчу зудчуна хуьлуш ерг йоккха йал йу, нагахь цо шен нийат Делан доьхьа хилийтахь. Масалан: Цо 5 стаге марха дастийтахь, цара кхаьбначу мархийн йал хуьулу цунна. Цундела зударша хьоьгуш долу къа эрна довш дац.
Показать все...
22👍 2
Имам Малика (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къуран чохь а, суннатехь а дикка таллам бинчул тlаьхьа, Рибал а вон къа ца карийра суна, хlунда аьлчи Аллахlа шегахь тlом кхайкхийна къа ду иза.» Ткъа цlенна Риба ду кредит эцар.
Показать все...
👍 5 2
Муса Пайхмара (Делера салам хуьлда цунна) элира: «Сан ваша Хlарон сол а говза ву маттана.» Кхечеран дика белхаш ахь къобалдар, пайхмарийн гlиллакхех ду хьуна, ткъа уьш къобалцадар, шайтlанан гlиллакхех ду, хlунда аьлча Иблиса элира: «Со цул (Адам пайхмарал) гlоле ду.»
Показать все...
👍 10
Показать все...
Ислам дин санна дин гина дац сун - Шейх IабдуллахI Аш-ШанкъитIи

👍 2
Показать все...
Ислам дин санна дин гина дац сун - Шейх IабдуллахI Аш-ШанкъитIи

Показать все...
Ислам дин санна дин гина дац сун - Шейх IабдуллахI Аш-ШанкъитIи

Repost from N/a
https://t.me/dorosalbadr 📌Хlара Шайх lабдурразакъ аль-Бадри дарсашна хаам беш, уьш чуйохкуш канал йу. ⏳Мединатерачу хенаца Маьркlижа а, lуьйра а ламаз динчул тlаьхьа хуьлу дарс. 🔗Дарс дlайолаелчи хlокху канал чу ссылка йуьллу, оцу ссылкана тlеваьлчи дlайоьдучу дарсе ладогlа аьтту бу. 📚Маьркlиж ламаз динчул тlаьхьа доьшуш долу жайна: فتح الرحيم الملك العلام lуьйра ламаз динчул тlаьхьа доьшуш долу жайна: تطريز رياض الصالحين
Показать все...
Шайх lабдульгlоний ан-Набалусис аьлла: «(Дас, нанас) Шен берашна йуккъехь нийсо цалелор хьарам ду, шаьшшинан цхьадолу бераш вукхарех схьакъестор берашна йуккъехь мостагlалла, хьагl, цабезам кхиош хlума ду, гергарлонаш хедадойтуш хlума ду.»
Показать все...