cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

_zam_zam_1414_

Дашца дина а Ислам-дин Ӏалашдинчух АллахӀа къинхетам бойла!

Больше
Страна не указанаЯзык не указанКатегория не указана
Рекламные посты
236
Подписчики
Нет данных24 часа
Нет данных7 дней
Нет данных30 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Йар агӏо (канал) сацайо йо вай. Аллахӏа диканца бекхам бойла массарна а!
Показать все...
Repost from Дика lамал
Фото недоступноПоказать в Telegram
Хlай дай-наной, аш берриге а шайн бахам шайн доьзалшна дlабелчи а, уьш къемат дийнахь шуна хьалхара уьдур болуш бу шуна, аш шайгара дикнаш дехарна кхоьруш. Амма аш цаьрга Къуран lамадайтахь, цара шу лоьхур ду шуна, шун коьрта таж(корона) тиллархьамма.
Показать все...
«Дас-нанас шайн доьзалхочунна дечу диканех уггаре диканиг — цунна бусалба дин Iамор ду.» https://t.me/Dosh_tv
Показать все...
Шайх Солихь аль-Ӏусоймис (АллахӀа Ӏалашвойла и) боху: Ӏелимнехан барт хилла-кх, рукъийат деша мегаш хиларна, кхаа бехкамца: Хьалхара бехкам: Къуръанехь а, суннатехь деана хилар (и дешаран кеп); ШолгӀа: Ӏарбойн маттахь доьшуш хилар; КхоалгӀа: Рукъийат доьшуш верг а, и шен доьшург а, цунах дóлу дарба иза АллахӀан пурбанца хиларх тешна хилар, амма ша и рукъийат асар йеш цахилар, муххале а, бахьанех цхьа бахьана хилар; ХӀокху бехкамашна тӀехь хилла барт хьахийна Ӏелимнаха, царех цхьаъ Ибн-Хьажар ву, шен «Фатхьул-Бари» цӀе йолу жайни чохь.
Показать все...
Кочахь жайна лелор хьукма хӏун ду? Шайх Фарукъ (АллахӀа Ӏалашвойла и)
Показать все...
шайх-Фарукъ.m4a2.47 MB
Шайх Солихь аль-Ӏусоймис (АллахӀа Ӏалашвойла и) боху: «Шина стеган хьакъ (сий) емалдан йиш йац: Ӏелимстеган а, нахана шайн динах кхетам луш волчу, лоьран а, церан цамгаршна дарба деш волчу».
Показать все...
Тарихехь гӀарабевлла болу нах: паччахьаш, философаш, Ӏилманчаш, поэташ–исторехь шайн цӀе мелла а дукха йáха йисийта гӀиртина. Амма, царех долу иэс хенаца гӀелло. Йа уьш къайлабовлу, йа кхиболчу гӀарабевллачу наха уьш дӀабойъу йа царех долу иэс цхьа билггал йолчу тобанан бен ца дуьсу. Цхьа адам доцчуьнан–Пайхамаран, Делера салам-маршалла а, къинхетам а хуьлда цунна, Дала шен хьокъехь аьлла волчу: «Оха даздира хьо хьехавар» (94:4) Азан (молл кхайкхар) тӀедиллинчу дуьйна дӀа, таханалерачу дийне кхаччалц–дуьненчохь хезаш йу цуьнан цӀе: «Ас тоьшалла до, Мухьаммад–АллахӀан Элча хиларца». Миллионашкахь муэдзинаша (молл кхойкхуш верг) бӀешерийн йохаллийн хӀора а дийнахь цуьнан цӀе йу кхайкхош. ХӀора а ламаз деш волчо шен ламазехь цунна салават доьшу, тарихехь, ур-атталла, цух тера верг а вац, ойла йеш хилахьа цу аятан. Дог дерриг а гӀайгӀано дӀалоцу, цхьаболу Умматан кӀентий цхьа муьлхха а цӀе йаххана болу нахах дозалла деш, массо а хӀуманна тӀехь царех тарбала гӀерташ гучу хенахь. ТӀаккха сайга олу-кх аса: «Царна ца вевза-те Пайхамар, Делера салам-маршалла а, къинхетам а хуьлийла цунна, и вац-те шех дозалла дан тӀех хьакъ, кхидолу муьлххачу а адамел?!»
Показать все...
Repost from N/a
Ар-РабиӀа (ибн Сулейман) (АллахӀ реза хуьлда цунна) аьлла: «Аш-ШафиӀис дукхазза олуш хезна суна: “Ӏилма–иза Ӏамийнарг дац, Ӏилма–иза пайда беанарг ду!”» 📚Абу НуӀайм «Хьильятуль–авлия» 9/123
Показать все...
Ӏилма эца веанарг дарсехь майра дог долуш а, мекара хьажар долуш а, ларлуш долу лерса долуш а хила везаш ву. Шайх Солихь аль-Ӏусойми (АллахӀа Ӏалашвойла и)
Показать все...