Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Бераш дуьненчу довле хьалха дуьйна а, АллахӀе доӀнаш деш хила дезаш ду Да-Нана, шаьшшинна бакъхьа йол, оьзда йол, гӀиллакхе йол, Делах кхоьруш йол тӀаьхье ялар доьхуш доӀнаш дан дезаш ду цаьршимма;
Дала шаьшшинна и доьзал делчул тӀахьа а доӀнаш дан дезаш ду цаьршимма, и шаьшшинна дел долу доьзала, бакъхьа кхиийтар доьхуш, нийса кхиийтар доьхуш, ийманехь кхиийтар доьхуш, дин тӀехь уьш чӀагӀ бар доьхуш, хӀунда аьлча, Дала бахкийтина болу Пайхамарша дина доӀнаш ду уьш,
ЧӀогӀа беркате неӀарш ю уьш Дала схьа йиллина, Дас-Нанс шен доьзалан диначу доӀан жоп луш хилар, и доӀ юха тухуш ца хилар, иза къобал деш хилар!
АллахӀан диканах а, АллахӀан комаьршонах а ду хьуна, Дас шен доьзална дина долу доӀан АллахӀа жоп луш хилар, и доӀа Дала жоп ца луш дуьтуш дац, Дас шен доьзална дина долу доӀа, Дала юха ца тухуш жоп луш ду, къобал деш ду, иза АллахӀа вайна делла дика ду, АллахӀа вайха йина комаьршо ю, Цо вайха бина къинхетам бу
Оц берашна деш долу доӀ - уьш дуьненчу бовле хьалха деш ду, уьш дуьненчу боьвлачул тӀехьа а деш ду. Цундела да-нана шаьшшинна дика тӀаьхье ялар доьхуш доӀнаш деш хила дезаш ду. Иштта, оца берашна а доӀнаш деш хила дезаш ду и шиъ, АллахӀа и бераш шаьшшинна делчул тӀаьхьа.
Уьш нис дал доьхуш а, царех дика нах бар доьхуш а царех нийсачу новкъехь болу нах хилийта доьхуш а, уьш бусулба дин тӀехь латтор, бусулба дин тӀехь чӀагӀ бар доьхуш а!
Дас-Нанас дан дезаш ду и доӀнаш, Пайхамаршкар масал эцна, хӀунда аьлча Пайхамарша ма дина и доӀнаш, (ӀалайхӀи салам)
Вонц доӀнаш деш верг - кху дуьненахь дакъаз вера ву;
Эхартахь ша диначу доӀан жоп дала дезаш ву!
АллахӀа боху:
« Баккъалла адам сиха ду! »
Иштта адман амал билал йоккхуш боху АллахӀа, адам сиха ду.
Вониг доьхуш доӀ дар, сихалла ю, ткъа сихалла шайтӀангар ю.
ХӀай Сан лай, хьайн комаьршачу Делах хьо Ӏехинарг хӀун дара?
Ас хьайна ниӀмат делча, цунах вайшинна юккъе пардо ма дира ахьа.
Ас хьайна делча, дуьненчохь мел дерг хьайна муьтӀахь дина дӀахӀоттича, оцу ниӀматца суна герга вар меттан, Со везар сов даккхар меттан, Суна букъ тоьхна дӀамахӀоьттира хьо, хӀун дара сел комаьршачу хьо хьай Делах Ӏехийнарг?
Хьажахь оцу хазачу къамеле.
Дала и хаттар хьалхе делла вайга (Къуръанчохь) къемат дийнахь и хаттар вайга далле!
ХӀун дара хьо хьай Делах Ӏехийнарг?!
И ву И хьо ша кхоьллина, суьрте вина, меженаш нисйина, Шена луъчу суьртехь хьо схьахилитина!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
https://t.me/ilmanan_nur
кху баттахь шо кхаьчна хӀара хьоста долу, ткъа кхеран ютуб-канал чохь 108 видео ю, АллахӀа беркат дойла хӀара агӀо лелочарах, кхара мел дечух а дойла АллахӀа беркат
Къахьегар сов даккха деза,
ДоӀнаш дар сов даккха деза,
Ӏибадат дар сов даккха деза,
Къинош летор дӀа даккха деза,
Кхин хала хӀума дац, цу массо хӀуме вай кхочар ду, иза вайна атта а хира ду, нагахь вай буьйсанаш Ӏибадат деш ден еш ялахь, яцахь, вай дӀадоьдучу хӀора а денах, цхьа а беркат хира дац, йа дин агӀора, йа дуьнен агӀора!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
https://youtube.com/@ilmanannur?si=Zm83YMx76hhxme-q
МашаАллахӀ, ма хаза болх бу кху чохь
Repost from Рамзан Гендаргно
ПӀераскан дийнахь доӀанна жоп луш йолу хӏара хан ю, маьркIажа хан хилале йолу.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
