Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Muvahhidun
«Собар массо даккхийчу белхийн а, дикачу lамалийн а бух бу».
lабдуррахьман ал-Баррок
Тхан хьехархочун мелла улле вахьа хаа гӀерташ, тхан сиха далар дага даийти хӀокхо)
Вайчара иштта меттиг къуьйси теш маьждигера дарсехь))
КӀентий ниӀматаш ду, йоӀарий диканаш ду.
АллахӀа ниӀматашна хьесап дийр ду, ткъа диканашна бекхам бийр бу.
Repost from Нийса ламаз
АллахIа къинхетам бойла Фарукъах https://t.me/islamannurfaruk
сурт хlотталой шуьга кху белхан, 5311 дарс , царна юккъехь сахьтал деха дерш а ду, уьш дерриш эха сахьтехь лаьрча а лаххара барам, 2655 сахьт даьккхина хуьлу-кх хlорш дlаяздеш
ткъа вай царах маса дарсе ладоьгlна?! АллахIана хьалха хlун эр ду вай? цахуург хаа аьтто боцуш диснера ала меттиг-м яц вайх цхьаьннан а!
Repost from N/a
https://t.me/vayn_ruzma
масала, кху чохь хьажийша.. ма хаза, дика болх бу дlахьуш.. ткъа, вай йоьшуш дац! яржош дакъа лоцуш мухлен а!
вай ца даржийна хlара дин, кхин хьан даржора ду?! мила вогlура ву вайн меттан и даржо?! хьан меттан цхьаммо кхечо дале хьоьжуш ю/ву хьо?!
Repost from N/a
https://t.me/hehamtv1
кху чохь мел пайде хlуманаш ду! цу чуьра цхьацца сурт схьаоьцуш хlора денна статусе хlоттош хила, ният цlан а дай..
нохчийн маттахь гочдина аяташ, хьадисаш, бух боцу хlуманаш билгал дохуш кечдина суьрташ, мела дукха пайда бу оцу чохь, ца тешахь чу валий хьажа)
АллахӀа боху Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь:
«Тхуна атта ду иза»
АллахӀан хала долуш, цуьнга кхочуш ца далуш хӀумма дан а дац!
Цундела хьайна оьшург, мел хала хӀума делахь а, хьайна тӀеӀоттаделларг мел доккха делахь а, эц дерригенал воккха волчу, муьлхха а хӀума кхочуш дан Шена атта долчу АллахӀе деха ахь. Ахь даггара дехахь, дог тешна а волуш, дала ницкъ кхочуш И хиларх, жоп доцуш вуьсар вац хьо!
ХӀора а са долучун дагчохь цхьа бала, гӀайгӀа бу, кху дуьнено ца кхоаво жиманиг а, воккханиг а, тӀаккха кху сингаттаман цӀа долу дуьненахь ваха муха луура ду адман? Шен кеччийна Йалсамане хилар доьвзуш долу адам муха хира ду кху сингаттами цӀан реза?
Хила йиш яц иза!
Йалсаманан са гаттош воцург, и Йалсамане йоьвзуш вац!
Жоьжахатех кхоьруш воцург, и жоьжахате йоьвзуш вац!
Repost from N/a
https://t.me/vayn_ruzma
масала, кху чохь хьажийша.. ма хаза, дика болх бу дlахьуш.. ткъа, вай йоьшуш дац! яржош дакъа лоцуш мухлен а!
вай ца даржийна хlара дин, кхин хьан даржора ду?! мила вогlура ву вайн меттан и даржо?! хьан меттан цхьаммо кхечо дале хьоьжуш ю/ву хьо?!
Repost from N/a
https://t.me/hehamtv1
кху чохь мел пайде хlуманаш ду! цу чуьра цхьацца сурт схьаоьцуш хlора денна статусе хlоттош хила, ният цlан а дай..
нохчийн маттахь гочдина аяташ, хьадисаш, бух боцу хlуманаш билгал дохуш кечдина суьрташ, мела дукха пайда бу оцу чохь, ца тешахь чу валий хьажа)
ДА-НАНА ЛАРДАЛА ДЕЗА...
Да-Нана чӀогӀа лардала дезаш ду - шай берашна вониг доьхуш доӀ дарах!
Къаьсттина чӀогӀа лардала деза и Да-Нана, шаьшшинна доьзална, шаьшшиъ оьгӀаз дахача вониг доьхуш доӀ дарах!
ХӀунда аьлча, стаго ша оьгӀаз ваханачу хенахь, зудчо ша оьгӀаз яханачу хенахь, ша хӀун олу ца хууш чӀогӀа вон хӀума ала мега, неӀалт деха мега, Делан оьгӀазло хуьлуш хӀума ала мега, тӀаккха и хӀума бахьан долуш, берашна бала хира бу, сингаттам хира бу, бохам хира бу, церар доӀан жоп хилахь кхерам тӀебогӀура бу царна!
Цундела шаьшшиъ оьгӀаз дахача, ца дахача, шай берашна доьхьала вонц доӀ деш сихо еш хила дезаш дац да-нана.
ЧӀогӀа беркате неӀарш ю уьш Дала схьа йиллина, Дас-Нанс шен доьзалан диначу доӀан жоп луш хилар, и доӀ юха тухуш ца хилар, иза къобал деш хилар!
АллахӀан диканах а, АллахӀан комаьршонах а ду хьуна, Дас шен доьзална дина долу доӀан АллахӀа жоп луш хилар, и доӀа Дала жоп ца луш дуьтуш дац, Дас шен доьзална дина долу доӀа, Дала юха ца тухуш жоп луш ду, къобал деш ду, иза АллахӀа вайна делла дика ду, АллахӀа вайха йина комаьршо ю, Цо вайха бина къинхетам бу!
