Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Зударшех фитан хуьлу, нагахь санна уьш динан гена балахь. Амма уьш динехь нисбелча цара къаьмнаш лардо, къонахий а кхиабо, царах турпалхой а бо...
Къонахий кхелхаш бац кхалхарах догӏмаш,
Замано йойъуш йац шух йисна лар,
Шун цӏераш йехаш йу мел деха къаьмнаш,
Хӏолламаш хилла шайх лаьттар йу уьш!
Хатуев Умар
Валар-м массарна а догӏур дерг ду. Амма массарнв а цхьатерра догӏур дац-кх и.
Сийлахь валар дезачо шен дахар а сийлахьчу агӏора дӏагӏойла!
Хьой велча хьайла тӏаьхьа дуьне муха хира ду хаа лаахь, хьо хьажа цуьнга, кхиниг велча муха хуьла.
Ахьа ойла йича, муха бицбо вовшийн безначара шай безнараш белча.
Тӏаккхьа хьуна билгалла хуур дукх, хьо везначара а хьой виц-вийра вуйла а, уьш дуьнено хьоьх дӏахьовзор буйла а.
Хьай дахар де ахьа дерриге Аллахӏан, Иза цхьаъ вукх хьо вицвийра воцург.
Хьай гергарло Аллахӏац де ахьа, Иза цхьаъ вукх дӏавера воцуш верг.
Repost from N/a
Йогӏур ю дуьненчохь со воцуш хан,
дӏа дер ду, дерриге хилла шех гӏан,
тӏех довлуш кешнашна гича сан чурт,
дагадогӏур дуй теша шуна сан сурт?
Repost from Siylah Quran
Абу Хlурайратера деъна вайн Пайхамара ﷺ элира аьлла:
Аллахlах кхоьруш билхина бlаьргана Жоьжахате гур ма йац..»
lумар ибн Хаттlаб (Аллахl реза хуьлийла цунна) lазапах лаьцна аят моссуз хеза воьлхуш хилла, Аллахlах кхоьруш дукха вилхина, бlархиш хершнаш даьхна хилла.
Цхьана дийнахь новкъахь схьавогlуш вара lумар, цунна хезира цхьана кlанта Къуръан доьшуш. lазап даларах лаьцна шен аят хезча, вилхира иза. Цул тlаьхьа шен хlусаме дlавахара Iумар, цхьана баттахь гуш вацара иза йа цунна хlун хилла а ца хаьара нахана. Цонгуш хиллера lумар и шен хезна аят бахьана долуш, дукха Аллахlах кхоьруш сагатдина.
———
Хуьлийла-кх тlаккха вай а Аллахlах кхоьрушчарех а, Цуьнан lазап чlогlа хир хилар диц ца дешчарех а. Хlара дахара-м деха дац, бlаьрг-негlар тохале дlадер долуш ду, делахь а, коьртаниг ду-кх - Аллахlан хьалхахь муьлхачу хьолехь дlахlуьттур ду вай.
Хаза хӏун ду хаьи шуна?!
Хаза ду, тахана хьо гича, ша лелош долу хьарам дерг сацош хилар кхечо, хаза ду, хьо гича адман Аллахӏ дага вохуш хилар, хаза ду, хьо бахьан хилла, адмо цхьа къа дитар, йа цхьа диканиг дан волавалар, и дерриге ду хаза, и дерриге ду сан самукъа долучерах, цхьама со гича, 'хьенех ву хьуна, ӏаддаӏе, дӏа йаккха эшар' аьлча сан самукъа долу, сан самукъа долу 'хьенех, ахьа цӏа а сардам болла боьлний?' аьлла хаттар делча, сан самукъа долу, 'дӏо хьенехар бара хьо хьехош, ахьа и до бохуш, иштта хила лаара суна а' сан долу цу хӏуманах самукъа...
Ткъа и самукъа далар муха ду хаьи шуна?
Дера ду, Аллахӏан пардон ойла ярца, сил хаза и хиларан...
Сан къинош ца хилар дац иза, Аллахӏан пардо ду, Аллахӏ ву, сан къинош хьулдина ӏаш...
Ша хьаьстича, адман куралла соввайала ца еза, адман и соввайала меттиг а бац бакъдолуш, куралла ечух аса тамаш бо, со кхеташ хӏума дац иза...
Ша хьаьстича, адман Аллахӏах кхерар соввадала деза,
Ша хьаьстича, адман Аллахӏ везар соввадала деза,
Ша хьаьстича, адман Аллахӏан муьтӏахь хилар соввадала деза ...
Адма, доцца аьлча хӏумма яц, адми а яц хӏумма, хӏара дерриге дуьне цуна делахь а яц цуна хӏумма а !
Repost from N/a
Стенгара схьаоьцуш ду |илма?
|илма схьаэцаран хьалха заманахь дуьйна шен низмехь схьабог|уш некъ бу.
|илма дац Шайх-Ютубера, Шайх-Гуглера схьаоьцуш, йа ша охьа а хиина жайнаш доьшуш схьаоьцуш.
Х|оранне а бу-кх шен дахарехь лелош цхьа некъ, цхьаъ лор ву, важа хьехархо ву, кхин верг леташ ву, д|огарниг х|умма а деш вац, беса-бесара ду нехан хьелаш.
Вай |илма |амо дахка аьлла жайна деша охьа ховшахь, х|ора а шен кхетамца кхетар ву, шен дахарехь схьалаьцна некъе хьожжий кхета х|ора а адам. Мелхо цу некъашца |амайна долу |илманан чаккхе хуьлу ширкан чу вужуш, динехь нийса боцу кхетам юкъа болуш… Дала лар дойла вай ишттачух.
|илма шегара схьаоьцуш верг талла везаш ву, иза стенгахь |илма схьаьцна ву, цуьнан |елим нах муьлш бу…
Муха бу т|аккха и |илма схьаэцаран некъ?
Иза дера бу цхьангара вукхо |илма схьоьцуш. Иштта схьакхаьчна ду вайн |илма Пайхмаран Делера къинхетам а маршалла а хуьлийла а цунна, замангара дуьйна.
Ша охьа а хиина жайнеш дуьйшуш, цул т|аьхьа цунах ша кхаьтнарг д|а кхачош?
Бац.
Цхьана |елим стеган |амош мут|а|еламш хуьлу, цу мут|а|еламшах |елим нах хуьла, юха церан а хуьлу |амош мут|а|еламаш… иштта з|еца схьакхачайна и |илма. Иза бу и |илма схьаэцаран нийса некъ.
Уггаре коьртачуьнца масал, Къуръан схьалоцу вай. Вайна массарна а хеа-кх Къуръан муха доьссина ду. Къуръан - Сийлахь Тоьлла волу Аллах|ан дош ду.
Аллах|а Джабраилехула |алайх|ис-салам, Мухьаммаде Делера къинхетам а маршалла а хуьлийла цунна, доссайна, цо шен асхьабашка Аллах| реза хуьлийла царна д|акхачайна, цара таби|инашка (асхьабашна т|аьхьа бог|урш) кхачайна… иштта цхьана з|еца хилла-кх и д|акхачор а.
Айхьа даьшча а |елим стагаца даьшча а, цхьа жайна дац и доьшург, х|ун башхалла ю иза айхьа дешча, йа |елим стагаца дешча?
Башхалла йоккха ю. Муха ю?
Айхьа доьшучу хенахь, ахьа жайнан чура цхьа мог|а д|абаьшча цу т|аьхь ма дарра кхета хьо, йа хьайн дахарехь лелочу некъе хьожжий кхета хьо, хьалха билгала ма даккхар.
Ткъа |елим стагаца доьушуш, цо хьуна цу мог|ангахь лууш дерг схьа досту, цунна гондахьа дерг билгала доккху, цу жайнан чур бух болуш дерг/доцург билгала доккху. Беркате, малайкаш гуо бина йолчу мажлисехь хуьлу хьо, хьан хаттар кхолла делча, цунна жоп дала |елим стаг хуьлу хьуна уллехь… иштта шорта бу цу тайпа пайданаш.
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Тахана даIватан майданахь мутIаIеламаш жим-жима совбовлаш бу - Дала кхин а совбохийла уьш-, мутIаIелам иза Iеламстаг вац, цуьнан декхар ша Iеламнахера схьаэцнарг нахана дIадалар ду! нагахь Iеламнахана тIехвуьйлаш, церан ойла тергала цайеш умматан юккъерачу белхийн мах хедош и велахь хаа ду хьуна иза тиларан охIла вуй, цо мел дукха жайнин могIанаш дагара дахь а тиларан охIла ву и!
Муьлхха стега бакъо ю я декхар ду муьлхха мутIаIелиме хатта : хIинца ахьа дуьйцарг муьлха Iеламстагера схьаэцна ахь?-аьлла.
Нагахь вийца Iеламстаг вацахь хьй Дин, кхетам цу стагах тешадай ма Iелахь!
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Умматан юккъехь лелачу хьолех вай мел олу дош шайн Iилманца а, умматан насийхьат дарца а гIарбоьвллачу Iеламнахана тIетоьвжана ду, цхьана мутIаIелама бакъо яц шеггара дош ала умматан юккъерачу гIуллакхах лаьцна, ткъа Iеламнаха муьлхха хьола хадочу механа реза воцург, я Iеламнехан ойла тергала цайириг Iилман охIла вац, я Iилманца цуьнан цхьа гергарло а дац!
Муьлхха а питнан бух - ӏилман низам лар ца дар, ӏилман некъ гал баккхар, ӏилман аманат дохор!
