Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Delan din
Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«ВаллахӀи, цхьа минот эзар дирхӀамал а мехала ма ю!».
[Хьехам: Ихьфаз вакътак]
Repost from Delan din
Имам ШафиIис, АллахIа къинхетам бойла цунах, аьлла:
«Iилма - иза Iамийнарг дац, Iилма - иза пайде даьлларг ду!»
Хьилятул-авлияъ, 9/123
Ӏеламстаг веза - оц Къуръанчура, оц хьадисашкара, оц жайнашчура хӏора элпах, хӏора хьаьркех кхета!
Мутаӏелам ву алар а, хӏоккхал лардеш долу, ӏеламстаг ву алар муха лардеш хира ду аьлла хета хьуна!
Repost from Ӏилманан Аманат
Ӏеламстаго хьо кхиочу хенахь, уггаре чӀогӀа терго еш дерг ду - хьан Ӏилмац ахьа Ӏамал муха йо!
Нагахь ахьа хьай Ӏилмац Ӏамал еш яцахь - цу Ӏеламстаго хьо шен мутаӀелам ву-м эра дац!
Цхьаъ ӏеламстаг ву ала, ӏеламнаха ала дезаш ду иза ӏеламстаг вуй, тахана ахьа аса аьлча ӏеламстаг ца хуьлу, йа ӏеламстаг ца олу цунах!
Ӏеламстаг ву ала, иза ӏеламнахана дика гуш хуьлу, уггаре хьалха, цуна Делах кхерар го ӏеламнахана!
Ӏилман дазонаш дохош, и дазонаш дохош цхьаъ валарах, Валлахӏи, и некъ гал бера болуш, нийса некъ боьхна, байра болуш ма бац!
Ӏилман цӏарцӏа ахьа хьайна луург дийцахь а, бакъо билгал ца йолуш хира дац хьуна!
Ӏилман некъ ца бовзаро, ӏилман некъ лар ца баро - тахана чӏогӏа доккха, дукха зен деъна вайна!
Ӏилман низам, ӏилман некъ - ӏеламстагер ӏилма схьаэцар, ӏеламстагана хьалха охьахаар бу!
Ӏеламстаг ву ала, ӏилма ду ала, шегар ӏилма схьаэца хьакъ ву ала - бийца шен Шайхаш хила беза!
Ӏилман некъ, и ӏилма схьаэцар - шен ӏеламнах хилар ду, оц ӏеоамнахана хьалха охьахийшар ду!
И ӏилма, улле жайна диллан, дошам йиллан, жайна доьлу бохуш лелар - иза ӏилма шегахь хилар дац, йа ур-аттал ӏилман некъ а бац!
Ӏилма ӏамош, и жайнаш доьшуш - ӏеламнаха хьалха деша дезаш ду, ӏеламстаган деша дезаш ду, и ӏеламстаг санна кхета везаш ву, хьайн кхетамца кхета везаш вац хьо жайнан тӏехь болу могӏаншех, оц ӏеламстага билла безаш ву хьуна чу и нийса кхетам, оц могӏанах хьуна нийса кхета ӏеламтаг веза хьуна!
Еккъа цхьа университет йаккхар, еккъа цигахь бен ца доьшуш ӏар - иза ӏилман некъ бац, йа хьо цигахь бен дешна вацахь, хьо ӏилмангахь кхиамаш бинарг хира вац!
Цхьа университет йаккхарехь кхачам бан ца беза ӏилма ӏамо луучо, делахь а, кхин дӏа хьан хир болу балхан хьуна гӏо дийра долуш дешар ду иза!
Оц университет йаккхарца, ӏеламстаган хьалха охьахаар дӏадахьа дезаш ду!
