Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Ӏилманан Аманат
Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш нис а далийта Ахь!
Йа АллахӀ, со а, сан доьзал а Хьайн динан гӀоьнчий бе Ахь! Йа АллахӀ, сан доьзалан керахула толам ло Ахь бусулба нахана керста нахана тӀехь! Йа АллахӀ, суна а, сан доьзална а Хьайн нийсонна тӀехь лаьтташ долу кхалхар ло Ахь!
ХӀай доӀанна жоп луш Верг, сан доӀанна жоп ло Ахь! Хьо воцург цхьа а вац-кх доӀанашна жоп луш!
©доттагӀ
Repost from Рамзан Гендаргно
ПӀераскан-дийнахь доӀанна жоп луш йолу хӏара хан ю, маьркIажа хан хилале йолу.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Тахана, пӏераскан денахь доӏан жоп ло хан чохь хила еза хӏаранне ша вуьсаш хан!
Оц ша висарехь, шай Делац къамеле вийларехь - дарба ду!
Уггаре а хьуна там бохьур долу къамел ду хьуна, ахьа хьай Делац деш долу къамел!
Тахана, пӏераскан денахь доӏан жоп ло хан чохь хила еза хӏаранне ша вуьсаш хан!
Оц ша висарехь, шай Делац къамеле вийларехь - дарба ду!
Уггаре а хьуна там бохьур долу къамел ду хьуна, ахьа хьай Делац деш долу къамел!
«Толаме тоба маьждигашкахь кхуьуш ю!»
Мичахь бу и наной, шайн ӏалашо къонахий кхиор ю бохуш болу?! Шайн кӏентарши маьждигац уьйра хилийта, оц маьждиг чохь бен кхуьуш вац къонах, Аллахӏан омр кхочуш деш бен хуьлуш вац къонах!
Хӏара видео билгал цу хьостичура схьаэцна юй хаъ, амма иза цу чура сехьа йаккха кара ца йи )
Repost from Ӏилманан Аманат
Сий долу Элча (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьан дуьхьа вилхина, хьан дуьхьа еттар лайна, хьан дуьхьа махках ваьккхина, хьан дуьхьа халонаш лайна, хьан дуьхьа тӀемаш дина, ткъа хьуна цуьнан суннат лело эхь хета, хьуна цуьнан суннат гучудаккха эхь хета, наха хьайга "ахь хӀун леладо" аларан кхоьруш ву хьо.
Эхь хета вайна маж лело, цо санна бедар лело, цунчух болар тарда, цо аьлларг ала, цуьнан къамел ларада, кериста нахана юккъехь и вийца, и хьесто, эхь хета вайна цо деш ма хиллара даӀват да, эхь хета вайна цо хьехош ма хиллара нахан юккъехь цо санна Дела хьехо, эхь хета вайна нахан цун суннатан тӀехьадаза ала, эхь хета вайна сий долу Элчан (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатах.
Хьан дуьхьа хӀай сан ваша!
Хьан дуьхьа хӀай сан йиша!
Дукха халонаш лайна цо!
Шайх Хамис аз-ЗахӀраний
Repost from Ӏилманан Аманат
Хlай Анас, муха кхосса делира техьа шуьга, Аллахlан элчанна ﷺ тlе латта?!
