Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
АллахӀа аьтто бойла хьан, АллахӀа Шен беркат доттийла хьуна тӀе! Иштта болх бе ахь, хаза масал ду!
Цхьаболучара лелош долу хьосте хьаьжча, ала лаьакх "хьенех, хӀокх чохь дуккху а пайданаш ду хьуна, йозанан кепе даьхна даржийча дика хира долуш, ладугӀуш хила, цу чохь дуьйцург йозане даьккхина даржа де! " )))
ХӀара кӀезиг болх бу моьтта шуна?
Фарукъо бечу балхан, тӀехулани хьаьжчи а кӀад ло, ткъа цо бина и болх)
АллахӀа Ӏалаш войла иза! АллахӀа и саннарш сов бохийла вайн къоман юккъехь!
Къамелац говзалла йолуш дац вай, оц хӀора а хьости мах, оц къахьоьгучеран мах, шуна дӀакхачо, амма царна чу ваьл, пайда эца лууш, йоьшуш, ладугӀуш, и цхьа кӀеззиг долу къхьегар шун хилахь, шу дохком доьврам дац))
ХӀай къам! ХӀо умматан, къаьсттина вай къоман, даӀват дийраш оьшуш ма хиллара, царна вай хьашта ма хиллара, иштта вай хьашта ду и даӀват дечеран къамелаш даржош, церан болх нахана бовзуьйтуш, цхьа нах хилар, йаӀне дерриге къам хилар пайде дерг даржош!
Ӏеламстаги болх баржо безаш бу цу Ӏеламстаге ладугӀучара!
https://t.me/islamannurfaruk
https://t.me/adlanan_darsash
https://t.me/islamantariyh1
https://t.me/Ramzan_Gendargno
ХӀо масех хьостичохь, беш чӀогӀа хаза, беза болх бу, ткъа и хӀун болх бу аьлча, жайнаш ду доьшуш.
Пайда эца луучун, дин довза луучун боккха аьтто бу.
- Фарукъо, доьшуш тайп-тайпана жайнаш ду, царна юккъера дуккху а пайда эца йиш ю.
- Ӏадлано, вайн маттахь долу жайнаш дешча ижазаташ луш беш болх бу.
- Ахьмадо, хӀо чохь къаьсттина тарих ю йуьцуш, иштта тайп-тайпана пайде къамелаш а.
-Ткъа Рамзано, йозанца уггаре коьрта дерг, хазачу агӀора даржош болх бу беш.
(АллахӀа Ӏалаш бойла уьш)
Массо агӀора, массо говзаллица вайна и дин схьакхачо гӀерташ, къахьоьгуш бу вай къом къонахий!
ӀабдуллахӀ ибн Мубарака (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «ГӀиллакх-оьздингалла, оц дерриге Ӏилмах кхо дакъа дича, ши дакъа хила герга ду!»
Цо и дешнаш хӀунда аьлла ду аьлча, оц гӀиллакхи меттиг лакхара йолун дела, оц гӀиллакхи дарж дукха лакхара долун дела, оц гӀиллакхи хьал дукха сийлахь долун дела, хӀунда аьлча, гӀиллакх шайгахь долуш волу стаг, декъал веш хӀума ду, гӀиллакх шайгахь долуш волу стаг, ирсе веш хӀума ду иза, дуьненчохь а, иштта эхартахь а. Иштта коьрта, сийлахь, дези, доккха а гӀиллакх долун дела, Ӏеламнаха и гӀиллакх-оьздингалла йуьцуш яздина дуккху а жайнаш ду.
Ӏеламнаха (АллахӀа къинхетам бойла царах) жайнаш яздина Ӏилма лохуш волу мутаӀелами гӀиллакхаш муха хила деза дуьйцуш, Ӏилма Ӏамийна болу нехан гӀиллакхаш муха хила деза дуьйцуш, Сийлахь-Везачу АллахӀан Къуръан дагахь хуучу нехан гӀиллакхаш, амалаш муха хила еза дуьйцуш а, Къуръан доьшуш болучера, дагахь Ӏамош болучера, Къуръанан маьӀанах, тафсирах, чулацамах кхета гӀерташ ара боьвлачери - гӀиллакхаш муха хила деза, амал муха хила еза дуьйцуш Ӏеламнаха яздина дуккха жайнаш ду.
Repost from N/a
«Дуьненан марзонах дисина хӀумма а дац сан байтуль-Макъдис маьждигна уьйтӀахь, букъ тӀе дӀа а вижина, стигала хьоьжуш Ӏиллар бен».
Бишр ал-Хьа́фий (АллахӀа къинхетам бойла цунах, кхелхина: 227 хӀ.ш.)
Йа АллахӀ, Палестинан охӀланна толам ло Ахь,
Йа АллахӀ, гӀо де Ахь царна,
Йа АллахӀ, дегнаш цхьана тоха Ахь церан,
Йа АллахӀ, могӀанаш цхьана тоха Ахь церан,
Йа АллахӀ, ойланаш цхьана тоха Ахь церан,
Йа АллахӀ, сихонца толам ло Ахь царна, шен мостагӀчунна тӀехь,
Йа АллахӀ, церан гӀийлалле ца хьоьжуш тол бе Ахь уьш,
Йа АллахӀ, церан гӀийлачу, мискачу нехан доӀнашан жоп ло Ахь,
Йа АллахӀ, Хьо воцург шайна гӀо дан цхьа воцуш биснакх уьш,
Йа АллахӀ, Хьо воцург шайна кхин тӀетовжар йоцуш биснакх уьш,
Йа АллахӀ, царна орцах вала цхьа вац-кх Хьо воцург,
Йа АллахӀ, зулам динакх царна, шайна зулам диначун доӀ юха тухуш вац-кх Хьо, йа АллахӀ церан доӀнашан жоп ло Ахь,
Йа АллахӀ, эша ве Ахь церан мостагӀ,
Йа АллахӀ, церан мостагӀий дегнаш декъа Ахь,
Йа АллахӀ, церан мостагӀий могӀанаш декъа Ахь,
Йа АллахӀ, церан мостагӀий ойланаш екъа Ахь,
Йа АллахӀ, церан мостагӀашах, вовший мостагӀаш бе Ахь,
Йа АллахӀ, церан мостагӀий эскаран доьхьал Хьай эскар даккха Ахь, Хьуни бен хууш доцуш долу!
Repost from N/a
«Дуьненан марзонах дисина хӀумма а дац сан байтуль-Макъдис маьждигна уьйтӀахь, букъ тӀе дӀа а вижина, стигала хьоьжуш Ӏиллар бен».
Бишр ал-Хьа́фий (АллахӀа къинхетам бойла цунах, кхелхина: 227 хӀ.ш.)
