Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Ӏилманан Аманат
Аса дерриге дуьнен го тосура бу, массо агӀора толлура ду,
Ӏилма лахарахьам, йа валархьам цигахь, сан мел са гатталахь а,
Ткъа со вайахь, дуьне диъна аса,
Йа со цуна дохко а ца ваьлла,
Нагахь яздинехь дийна виса суна,
ТӀаккха со цӀа воьрзура ву, цхьа шеко йоцуш, кеста.
Вайна гергахь мел жима къа а, АллахӀан гергахь доккха къа ду ;
Вайна гергахь мел жима хӀума а, вай тидам ца беш тӀех долуьйтуш долу хӀума а,
АллахӀан гергахь даккхийчерах а, кхерамечерах а, АллахӀан оьгӀазло буха воьдучерах а ду!
АллахӀан Ӏазап ца доьвзачо - къинош атта летадо, царна иза дай ло ;
АллахӀан Ӏазап доьвзачо - къинош ца летадо, царна иза даз ло!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Цхьа шайх хилла шен мута1елимца кхаш (áренаш) юккъехула воьдуш. Шаьшшиъ воьдуш царшинна тиша мачаш гира. Царшинна дагадеара уьш уллерачу кхаш т1ехь болх бечу цхьана къечу стеган хир ю-кх аьлла, жимма 1ийча шен болх чекхбаьккхина уьш схьаэца вог1ур волу...
Мута1елима шен шайхега элира: "Оцу белхалочунца зáбар еш цуьнан мáчаш къайлаяьхча муха хета хьуна . Уьш кога йóха веача шена уьш яйна карийча цо х1у до хьовсур дара вай?!"
Лерамечу 1еламстага элира: "Нáхе сагатдайтарца вайн дог1мин самукъа даккха ца дéза вай ! Мелхо а, хьо таро йолуш ву, хьайна а, оцу къечу стагана а хазахетар дан йиш ю хьан, цуьнан мачаш чу ахча а диллана д1алечкъина хьажа цо цунна мел асар до! "(асар до - лар юьту цуьнан кийрахь).
Мута1елам реза хилара цо аьллачуна, оцу белхалочун мачаш чу ахча а диллина дитташ т1ехьа д1алечкъира иза, цуьнан шайх, оцу къечу стага х1у до хьовсархьама...
Жимма хан яьлча, оцу кха т1ера шен болх чекхбаьлла, шен мачаш схьаэца схьавеара т1ехь тиша бедарш йолуш и къен стаг. Шен ког мачи чубиллича цецвелира и, шен мачи чохь цхьаъ хааелла, д1ахьаьжча ахча карийра цунна, вукха мачи чу хьаьжча иштта ахча карийра цунна .
Юха-юха хьожуш вехха хьоьжуш 1ийра и ахчане, шена гуш дерг г1ан доцийла хаа г1ерташ...
Цул т1аьхьа гонаха д1асахьаьжира и, амма цунна цхьа ца карийра ! Ахча шен кисана диллина, голаш т1е воьжна воьлхуш стигала хьаьжира иза, т1аккха мохь туххуш, шен Деле кхойкхуш цо элира: "Х1ай сан Дела! Хастам букх Хьуна! Х1ай - сан зуда цомгуш юй, сан доьзалш даа бепиг доцуш меца буй - хууш верг ! К1елхьара ваьккхи-кх Ахьа со а, сан доьзал а х1аллакьхиларх!"
Вехха воьлхуш 1ийра и, стигал хьала хьоьжуш, Делера дезачу совг1атна хастам беш. Мута1елимна доккха асар хиллера, цуьнан б1аьргаш хих дуьзна дара, т1аккха лерамечу шайхас элира: "Х1инца болу там боккха бац, ахьа мачаш къайлаяьхча хьуна хир болчул а?!" Мута1елима элира: "Со дийна мел ву суна дислур доцу дарс ийци аса...
х1инца кхийти со сайн дахарехь со ца кхеташ хиллачу дешнийн маь1анах: "Д1алуш, схьаоьцучул сов ирсе хуьлу хьо!" - бохуш долчу. Шайхас цунга элира: "Сан жима к1ант! Хаалахь саг1а даларан дуккха дáкъош хилар:
- хьо ницкъ кхочуш волуш цхьанна къинт1ера вáлар саг1а ду хьуна.
- хьай вешина до1а дар саг1а ду хьуна.
- цунна бехказло лахар, цунах вуо моттар дитар саг1а ду хьуна.
- хьай вешин сий т1аьхьашха лардар саг1а ду хьуна....
Хьуна хаалахь, хьай лаккхарачу сатийсамашка хьо кхочура ма вац, дуккха халонаш ахьа Ӏовшалц!
Йуьхьенц халонан къаьхьал ца Ӏоьвшинчун, чаккхенгахь сатийсаман марзо хаа лура яц!
Ткъа халонан къаьхьалло хьо юха ма воккхийла, сатийсаман марзоне къачарах, иза АллахӀан суннат ду Шен халкъан юккъехь Цо лелош, Цуна лииначун бен хуьлуш дац и!
Repost from Дика lамал
Ибн Абу lимрана дуьйцу:
«Сан да цхьана дийнахь а жайна дешар дитина гина вац суна. Иштта цхьана lийдан дийнахь тlевоьлла жайнаш доьшуш карийра суна иза. Ас элира цуьнга: «Хlай сан эла, тахана мукъана а са ца доlу ахь?!». Тlаккха оьгlазе схьа а хьаьжна, цо элира соьга: "Цкъа а хьо хьайн lалашоне кхочур ву моьттуш вац со. Йешар доцург садаlар хета хьуна?! Вайн Делора, йешаре кхочуш садаlар ма ца хета суна."»
@Dika_1amal
