fa
Feedback
Аллахlан цlерш

Аллахlан цlерш

رفتن به کانال در Telegram

Аллахl веза - И вовза веза, Цуьнан цlерш а, куьцаш а lамош. Вайца зlе: @Alasmaulhusna_bot

نمایش بیشتر
کشور مشخص نشده استدسته بندی مشخص نشده است
1 896
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
اطلاعاتی وجود ندارد7 روز
اطلاعاتی وجود ندارد30 روز
آرشیو پست ها
Хlара ткъай хьалхара буьйса, иза дуьххьарлера буьйса ю, кху мархийн беттан тlаьралера итт буьйсанех, цундела, шайн дерриг ницкъаш схьа а гуладай, чlагlлой, шайн ниятш карла а дахе, нисдай, ден йе хlара буьсанаш - ламаз хlотторца а, Къуръан дешарца а, Дела хьехорца, Цуьнгара йоле саътуьйсуш, шайн дlадахана хиллачу массо къиношна гечдар лахархьама.

Аллахlа, хlара мархийн бутт кхаба ма-беззаре кхаба а кхаьбна, вайна гечдинчарех дойла вай!

Лайлатул-Къадр. Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт
Лайлатул-Къадр. Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт буьйсенан муьлхха а буса наб ярах, я суннат ламазаш ца деш, я Дела ца хьехош, я Къуръан ца доьшуш, я хlумма а ца деш, телпо кегош хlар итт буьйса эрна дlаяхийтарах ларлолах!, аьлча а, хьайн дахар тlера 83 - шо, дина хlумма а доцуш, эрна дайтарах ларлолахь!

Цхьана дийнахь ши марха кхаьбча санна ял езий хьуна? Ладогlа!

Мархийн баттах къамел 8-гIа дакъа

«ас-Самад» - Шех тоам болу Аллахl.

الصَّمَدُ ﷻ [Массо хlума Шега хьашта долуш, Ша цхьаьннега хьашт воцург ву И] Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху: Шех тоам болу АллахI ву И. [Ихлас] Эла ву И, Шен Делалла дуьззина волу; Хьикматениг ву И, Шен хьикмат дуьззина волу; Къинхетамениг ву И, Шен къинхетам буьззина волу; Комаьршаниг ву И, Шен комаьршалла юьззина волу; Хьал дерг ву И, Шен массо кхолламаш шега хьашта мел долучу хlуманга, хlуммане а хьашта воцу, мелхо, массо кхолламаш, шайн дерриге хьаштонаш Шега дерзош верг ву И. Дегнаш Шега кхерамца а, дог-йовхаллийца а туьйжург ву И. «ас-Самад» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь цкъа хьахийна. https://t.me/Asmaul_husna

photo content

🗓 | 8 Рамадан 1443хI. Дуьненчохь дика Iамалш ярехь хьалхе яьккхинарг, эхартахь ялсамана боьлхучарна а хьалха хир ву. Аллахlа боху: «Дика гIуллакхаш дарехь хьалхе яккха гIерташ хилалаш вовшашлахь». [Бакъарат, аят:148]

🗓 | 7 Рамадан 1443хI Лай ша латийначу къана дохко ваьлла Аллахlе воьрзур ма вац, цул тlаьхьа, Аллахlа юха а оцу къане боьду некъ цунна атта биний бен, иза шен дохко валарехь бакълийна я ца лийна хьажархьама. Аллахlа боху: «ХIай, имандиллинарш! АллахIах кхера, бакъ нахаца а хила». [Тавба] АллахIа элира: «Иза [къематан де] - бакълуьйчу нахана церан бакълеро пайда бохьур долу де ду». [Маида] «Ткъа шен Далла хьалха хIотта везарах кхера а кхерра, шен син лаамаш эшийначунна, ша воьрзу меттиг ялсамани хир ю». [Назиlат]

🗓 | 6 Рамадан 1443хI. Хlокху Рамадан батта чохь ахь уггаре а дика гергарло лелон хьакъ дерг - Къуръан ду хьуна. Къуръанца гергарло таса ахь, цкъа а дохко вера вац хьо.

Аллахlа боху: «Ша мискъалан зарратал диканиг диначунна - гур ду и шен [дика]». [сурат «аз-Залзалат», 7 - гlа аят].

Цхьа кlеззиг йолу яйн lамалш йина хила тарло ахь, йиначул тlаьхьа дукха сиха йицъелла хила а тарло хьуна уьш, делахь а, Аллахlана йицъелла яц уьш, церан ял а Цунна гергахь яйна а яц.

Цхьа банк ю-кха дуьненахь а, эхартахь а шен филиалаш йолуш, оцу банкан цIе "СагIа" ю. Дуьненахь ахча цу чу дилла ахь, эхартахь цу чуьра кхин а алсама схьаоьцур ду ахь.

Цхьа банк ю-кха дуьненахь а, эхартахь а шен филиалаш йолуш, оцу банкан цIе "СагIа" ю. Дуьненахь ахча цу чу дилла ахь, эхартахь цу чуьра схьаоьцур ду ахь.

Йа АллахӀ! Тхо а, тхан доьзал а, ламаз дӀахӀотта деш, и ламаз дарехь собаре а де ахь!https://t.me/dorogapravednikov

🗓 | 5 Рамадан 1443хI. Езачу буьйсанашкахь а, деношкахь а дикачу Iамалшна ледарло ян мегар дац. ХIунда аьлча, совдегархочо сá йоккхучу муьрехь ледарло йича, маца яккха воллу ткъа и сá?! [Имам ибн ал-Жавзий]. МинхIа‌жул-къа‌сидийн, 1/343.

Аллахlан цlерш - آمار و تحلیل کانال تلگرام @asmaul_husna