Аллахlан цlерш
前往频道在 Telegram
Аллахl веза - И вовза веза, Цуьнан цlерш а, куьцаш а lамош. Вайца зlе: @Alasmaulhusna_bot
显示更多未指定国家未指定类别
1 896
订阅者
无数据24 小时
无数据7 天
无数据30 天
帖子存档
1 896
Лайлатул-Къадр.
Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт буьйсенан муьлхха а буса наб ярах, я суннат ламазаш ца деш, я Дела ца хьехош, я Къуръан ца доьшуш, я хlумма а ца деш, телпо кегош хlар итт буьйса эрна дlаяхийтарах ларлолах!, аьлча а, хьайн дахар тlера 83 - шо, дина хlумма а доцуш, эрна дайтарах ларлолахь!
1 896
الصَّمَدُ ﷻ
[Массо хlума Шега хьашта долуш, Ша цхьаьннега хьашт воцург ву И]
Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Шех тоам болу АллахI ву И. [Ихлас]
Эла ву И, Шен Делалла дуьззина волу; Хьикматениг ву И, Шен хьикмат дуьззина волу; Къинхетамениг ву И, Шен къинхетам буьззина волу; Комаьршаниг ву И, Шен комаьршалла юьззина волу; Хьал дерг ву И, Шен массо кхолламаш шега хьашта мел долучу хlуманга, хlуммане а хьашта воцу, мелхо, массо кхолламаш, шайн дерриге хьаштонаш Шега дерзош верг ву И. Дегнаш Шега кхерамца а, дог-йовхаллийца а туьйжург ву И.
«ас-Самад» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь цкъа хьахийна.
https://t.me/Asmaul_husna
1 896
🗓 | 8 Рамадан 1443хI.
Дуьненчохь дика Iамалш ярехь хьалхе яьккхинарг, эхартахь ялсамана боьлхучарна а хьалха хир ву.
Аллахlа боху:
«Дика гIуллакхаш дарехь хьалхе яккха гIерташ хилалаш вовшашлахь». [Бакъарат, аят:148]
1 896
🗓 | 7 Рамадан 1443хI
Лай ша латийначу къана дохко ваьлла Аллахlе воьрзур ма вац, цул тlаьхьа, Аллахlа юха а оцу къане боьду некъ цунна атта биний бен, иза шен дохко валарехь бакълийна я ца лийна хьажархьама.
Аллахlа боху:
«ХIай, имандиллинарш! АллахIах кхера, бакъ нахаца а хила». [Тавба]
АллахIа элира: «Иза [къематан де] - бакълуьйчу нахана церан бакълеро пайда бохьур долу де ду». [Маида]
«Ткъа шен Далла хьалха хIотта везарах кхера а кхерра, шен син лаамаш эшийначунна, ша воьрзу меттиг ялсамани хир ю». [Назиlат]
1 896
🗓 | 6 Рамадан 1443хI.
Хlокху Рамадан батта чохь ахь уггаре а дика гергарло лелон хьакъ дерг - Къуръан ду хьуна. Къуръанца гергарло таса ахь, цкъа а дохко вера вац хьо.
1 896
Аллахlа боху:
«Ша мискъалан зарратал диканиг диначунна - гур ду и шен [дика]».
[сурат «аз-Залзалат», 7 - гlа аят].
1 896
Цхьа кlеззиг йолу яйн lамалш йина хила тарло ахь, йиначул тlаьхьа дукха сиха йицъелла хила а тарло хьуна уьш, делахь а, Аллахlана йицъелла яц уьш, церан ял а Цунна гергахь яйна а яц.
1 896
Цхьа банк ю-кха дуьненахь а, эхартахь а шен филиалаш йолуш, оцу банкан цIе "СагIа" ю. Дуьненахь ахча цу чу дилла ахь, эхартахь цу чуьра кхин а алсама схьаоьцур ду ахь.
1 896
Цхьа банк ю-кха дуьненахь а, эхартахь а шен филиалаш йолуш, оцу банкан цIе "СагIа" ю. Дуьненахь ахча цу чу дилла ахь, эхартахь цу чуьра схьаоьцур ду ахь.
1 896
Repost from 𝐃𝐨𝐫𝐨𝐠𝐚 𝐏𝐫𝐚𝐯𝐞𝐝𝐧𝐢𝐤𝐨𝐯
Йа АллахӀ! Тхо а, тхан доьзал а, ламаз дӀахӀотта деш, и ламаз дарехь собаре а де ахь!
⠀
https://t.me/dorogapravednikov
1 896
🗓 | 5 Рамадан 1443хI.
Езачу буьйсанашкахь а, деношкахь а дикачу Iамалшна ледарло ян мегар дац. ХIунда аьлча, совдегархочо сá йоккхучу муьрехь ледарло йича, маца яккха воллу ткъа и сá?! [Имам ибн ал-Жавзий].
МинхIажул-къасидийн, 1/343.
1 896
🗓 | 5 Рамадан 1443хI.
Езачу буьйсанашкахь а, деношкахь а дикачу Iамалшна ледарло ян мегар дац. ХIунда аьлча, совдегархочо сá йоккхучу муьрехь ледарло йича, маца яккха воллу ткъа и сá?!
1 896
Рамадан беттан 4-гlа де 🌙
Жим-жимма совъяха айхьа ен lамалш, юьххьехь къа а хьегга, чаккхенехь гlора кхачийна я кlордийна, lадда ца дитархьама!
«Цхьана а адамана ца хаьа, шайн бIаьргашна хьулдина хIун самукъа ду [я хIун марзо ю], цара динарг бахьанехь, бекхамна». (Сажда:17)
