es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Ӏилма - иза нур ду, нур дӀадайча, бода хуьлу, ткъа шайтӀо цу боданехь хӀуу а дойту, цундела и хьай нур дӀа ма далийта, даиман
Ӏилма - иза нур ду, нур дӀадайча, бода хуьлу, ткъа шайтӀо цу боданехь хӀуу а дойту, цундела и хьай нур дӀа ма далийта, даиманна Ӏилманан новкъахь хила, тӀаккха хира ву хьо даиманна а къиношна генахь, царах ларлуш..

«Муъмин стага дечу гӀуллакхах уггаре а сийлахь дезаниг АллахӀана тӀе нах кхайкхар ду, диканиг де алар, вониг ма де алар ду, П
«Муъмин стага дечу гӀуллакхах уггаре а сийлахь дезаниг АллахӀана тӀе нах кхайкхар ду, диканиг де алар, вониг ма де алар ду, Пайхамарийн а, Элчанийн а болх бу иза. ХӀокху уммата гӀуллакх толура дац нахана юккъехь и кхайкхам баржийча бен. Тарихо къеггина таьптарш деана вайна асхьабийн дахарера, цара шайн синош а даьхнеш а оцу беркате кхайкхаман новкъахь дӀадалар дуьйцуш». Шайх РогӀиб Ас-сиржаний

Repost from Muvahhidun

Со санна чун боккха хьехам

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Шайн безамаш шайгахь бита! Шайн баланаш шайгахь бита!

Айхьа доӀнаш деш, АллахӀ ницкъа болуш хилар дагадаийта ахь, АллахӀа куцош дагадаийта ахь, Юх юху а, цхьа хӀума, цхьа дешнаш дийца ахь, масалан: хӀай Дегнаш керчош верг, хӀай дегнаш керчош верг, хӀай дегнаш керчош верг. Бохуш деха ахь, хьан дог ойла чӀагӀ лура ю хьуна, айхьа доьхург доггах доьхур ду хьуна ахь, хьан даган асар хира ю хьуна.

Аттонехь хьайна АллахӀ дагаваийта ахь, Халонехь АллахӀан хьо дагавохур ву хьуна.

АллахӀан цадезачух ларлолахь, АллахӀа хьо а ларвийра ву, хьуна цадезачух.

АллахӀа Шен къинхетамца, Йалсамане вохуьйту, АллахӀа Шен нийсонца, жоьжахате вохуьйту.. АллахӀа бойла вайх Шен тӀех хаза болу къинхетам..

АллахӀа Шен комаьршонца Йалсаманен бошмашкахь цхьанатохила вай. Дуьненахь а, эхартахь а дикане кхачадойла вай, массо вонех ларадойла вай!

Mensaje de voz00:23

sticker.webp0.00 KB

Repost from Muvahhidun
«Дикачу нахана кечйина ялсамане йу церан дахар мел халонга даьллехь а, дуьне царна мел гаттаделлехь а, ткъа вочу нахана кечйина жоьжагlате йу, церан долахь мел дукха даьхни делахь а.» Ибнул-Къаййим

Массо а хена хьан ниӀматаш дууш, Хьуна хастам бан дага а ца догӀуш тхо лелашехь, тхоьх Хьайн ниӀматаш ца хадош волу Дела хастам бу-кх Хьуьна! Ма вон лайш хили тхо, ма дика Эла ву Хьо! Тхан ерриге а сийлалла, Хьан лайш хилар ю-кха! Тхан дерриге а дозалла, Хьо тхан Эла хилар ду-кха!

..къоламаш хьалаайбина, тептараш дакъаделла... АллахӀа Шена дезарг дезар лойла вайна, АллахӀа Ша реза волучун, реза хилар лойла вайна, АллахӀа Ша вайна яздинчу хӀумангахь, собарца чеккха довлар лойла вайна!

sticker.webp0.00 KB

Repost from Зератхо
Хьоьца доьзна долу массо хӏума хьоме а, хаза а ду-кх, сан хьоме Даймохк✨

Шавериг Нохчий хила лууш ву, амма хуьлуш вац! Баккхийчара олу: «йайначу тӀехьено бен дайш буьйцура бац!»