Ӏилманан Аманат
الذهاب إلى القناة على Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
إظهار المزيد345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
Ӏилма - иза нур ду, нур дӀадайча, бода хуьлу, ткъа шайтӀо цу боданехь хӀуу а дойту, цундела и хьай нур дӀа ма далийта, даиманна Ӏилманан новкъахь хила, тӀаккха хира ву хьо даиманна а къиношна генахь, царах ларлуш..
Repost from Серлонан тоба
«Муъмин стага дечу гӀуллакхах уггаре а сийлахь дезаниг АллахӀана тӀе нах кхайкхар ду, диканиг де алар, вониг ма де алар ду, Пайхамарийн а, Элчанийн а болх бу иза. ХӀокху уммата гӀуллакх толура дац нахана юккъехь и кхайкхам баржийча бен. Тарихо къеггина таьптарш деана вайна асхьабийн дахарера, цара шайн синош а даьхнеш а оцу беркате кхайкхаман новкъахь дӀадалар дуьйцуш».
Шайх РогӀиб Ас-сиржаний
Айхьа доӀнаш деш, АллахӀ ницкъа болуш хилар дагадаийта ахь, АллахӀа куцош дагадаийта ахь,
Юх юху а, цхьа хӀума, цхьа дешнаш дийца ахь, масалан: хӀай Дегнаш керчош верг, хӀай дегнаш керчош верг, хӀай дегнаш керчош верг.
Бохуш деха ахь, хьан дог ойла чӀагӀ лура ю хьуна, айхьа доьхург доггах доьхур ду хьуна ахь, хьан даган асар хира ю хьуна.
АллахӀа Шен къинхетамца, Йалсамане вохуьйту,
АллахӀа Шен нийсонца, жоьжахате вохуьйту..
АллахӀа бойла вайх Шен тӀех хаза болу къинхетам..
АллахӀа Шен комаьршонца Йалсаманен бошмашкахь цхьанатохила вай.
Дуьненахь а, эхартахь а дикане кхачадойла вай, массо вонех ларадойла вай!
Repost from Muvahhidun
«Дикачу нахана кечйина ялсамане йу церан дахар мел халонга даьллехь а, дуьне царна мел гаттаделлехь а, ткъа вочу нахана кечйина жоьжагlате йу, церан долахь мел дукха даьхни делахь а.»
Ибнул-Къаййим
Массо а хена хьан ниӀматаш дууш, Хьуна хастам бан дага а ца догӀуш тхо лелашехь, тхоьх Хьайн ниӀматаш ца хадош волу Дела хастам бу-кх Хьуьна!
Ма вон лайш хили тхо, ма дика Эла ву Хьо!
Тхан ерриге а сийлалла, Хьан лайш хилар ю-кха!
Тхан дерриге а дозалла, Хьо тхан Эла хилар ду-кха!
..къоламаш хьалаайбина, тептараш дакъаделла...
АллахӀа Шена дезарг дезар лойла вайна,
АллахӀа Ша реза волучун, реза хилар лойла вайна,
АллахӀа Ша вайна яздинчу хӀумангахь, собарца чеккха довлар лойла вайна!
Шавериг Нохчий хила лууш ву, амма хуьлуш вац!
Баккхийчара олу: «йайначу тӀехьено бен дайш буьйцура бац!»
