Ӏилманан Аманат
Ir al canal en Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Mostrar más329
Suscriptores
Sin datos24 horas
Sin datos7 días
Sin datos30 días
Archivo de publicaciones
Repost from ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ
Тахана вайгахь долу баланаш вайга кхаьчна ма дац, вайн къинош бахьана долуш бен!
Леид (Аллахlа lалашвойла иза)
https://t.me/leid_hehamash
Имам ТӀабарис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Ӏеламнехан барт хилла эшар хьарам хиларна, царах ларвала везаш хиларна тӀехь а».
[Жа́миI ли ахька́мил-Къуръан, агIо: 14/55]
Repost from N/a
Хьуна дӀахаийла: эшараш дукха езарг, Къуръан дезаш цахилар.
Ибн-Къоййимас аьлла: «Къуръан дезар а, эшараш езар а, цӀа а цхьана дагчохь вовшах кхетар дац. И шиъ вовшийца уьйра йолуш хӀума дац.»
Дехар дара сан, хӀара еша аьлла, дагца еша аьлла.
Шаьш нис деллехь, шен чурнаш нис бе, чурнаш нис беллехь, лулахой нис бе, иштта кхин дӀа а. Къоман юккъехь иман долуш масех стаг хиларах пайда бац, йа дукхох берш уьш белахь а, цаьра иман гӀийла долчарна хьехар деш, уьш нийсачу новкъа бохуш бацахь. Къоман тӀе доссош долу Ӏазап, цу къоман юккъехь цхьаъ бен вацахь, и къинош леториг валахь хуьлуш ду. ТӀаккха аша муха олу, хӀоранна шен каш ду, хьан хӀун бала бу цунах? " иштта кхин дӀа а.
Шайна доьвзнарг, кхечарна довзуьйтуш хила, диканиг де, вониг ма де олуш хила.
ТӀехьарачу хенахь, мох балар сов даьлла вайна, тӀаккха а вай нис ца лахь, вай къинош ца дитахь, вай маца дита дагахь ду уьш?
КаӀбан Делора ду иза, вай къинош бахьан долуш, вай куьйгаш дӀадийнарг ду вай схьаоьцуш.
Селханлера дарс, чӀогӀа пайде къамел дара, ечо видео йина даржо, яздечо йоза яздина даржо, цхьа а дош тӀех ца долуьйтуш)
ХӀора а хьехам, кху чура 👉 https://t.me/vaynmajlis жовхӀаран меха бу аьлча нийса хира дац, хӀора а ДОШ жовхӀаран меха ду аьлча нийса хира ду.
Чу довла, пайда оьцуш хила, хьехамаш боца бу, амма чӀогӀа мехала бу.
«Йа АллахӀ» паргӀатонехь ахьа олуш ца хилахь, халонехь ахьа хьокхура болу мохь хира бу хуьна иза!
Кху дуьненахь, паргӀатонехь, хьо АллахӀе кхойкхуш ца хилахь, къемат денахь халонехь ахьа хьокхура болу мохь хира бу хьуна иза!
Со жима волучу хенахь, Къуръан доьшучарах цхьамма, деш долу доӀ хезар суна, цу доӀо со вегавора:
«Йа АллахӀ, Хьан неӀар хьалха соьвцна тхо, тхай гӀуллакхаш, тхай хьаштонаш, тхай дехарш, Хьан неӀане вахьадихкина оха. Хьай къинхетаман уьйтӀар тхо ма лахкахьара Ахьа, Хьай Ӏуьналлех тхо ма дахахьара Ахьа.»
[«Хьо АллахӀ волун дела» жайничура]
Repost from Эхартан-хlонц
Ткъа шен гlиллакх хаза хиллачунна - Йалсаманчохь буьххьехь (уггар лакхахь) хlусам йугlур йу.
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏа хьехорехь юхакхеттачунна дегнаш бодане хуьлуш ду, сингаттаме хуьлуш ду. Шайна тӏе цхьа бала беъча, собарца чекх ца бовлало уьш. Хӏунда аьлча дегнаш Аллахӏ хьехорехь юха а кхетта сингаттаме ду церан, боданехь бу уьш. Делахь а, Аллахӏ хьехош долу дог - иза нуьре ду. Аллахӏ хьехийча хуьлуш ду дегнаш нуьре. Аллахӏ хьехийча хуьлуш ду дегнаш синтеме. Дала ма-аллара: «Ца хуьлу тӏаккха дегнаш синтеме Аллахӏ хьехош долу, дац тӏаккха дегнаш синтеме Аллахӏ хьехош долу?!».
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Лен болх ма бац, Элано шена тӀедиллинарг шена лиъча кхочушдар, ца лиъча цадар. Лен болх - дерриге белхашкахь шен Элана муьтӀахь хилар, ша тӀекхиахь, ца кхиахь, хьекъалца нислахь, ца нислахь, массо хьолехь муьтӀахь хилар ду.
ЙОӀАН ХЬОКЪЕХЬ ПАЙХАМАРА АЬЛЛАРГ...
Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнана йолу Ӏаишата( АллахӀ реза хуьлда цунна) дуьйцу: цхьа зуда еара ша йолуче, шеца ши йоӀ йолуш, и ши йоӀ йолуш и еача, уьш меца гича, церах къа хет, кхин яла хӀума ца хил, хӀурма елира ша цаьрна, кхо хӀурма елира ша цаьрна, цхьацца шен шин йоӀан дӀа ел, кхологӀ хӀурма шена йиса езаш йолу, цу нанас екъа екъ, иза цхьан шен шин йоӀан дӀа елира.
Юха Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) иза дӀа яхача чу веъча, Ӏаишата (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцира Пайхамаре (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) цу зудчо динарг аьл. ТӀаккха Пайхамар (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) мимбар тӀе хьала ваьл хьехам бира нахе: муьлхаъ шух, башхалла яц муьлхаъ шух, АллахӀа йоӀарий бел, АллахӀа ши йоӀ ел, зийнарг АллахӀа, цул тӀаьхьа цо уьш кхиъ бахь, Йалсамане чу гӀура ма ву иза, Йалсаманац Жоьжахатах хьалха воккхура ма ву иза.
Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхечу хьадисехь юха цу йоӀан хьокъехь олу: ши йоӀ кхиийнарг, Йалсамане воьдучу хенахь, шай ши пӀелг гайтар Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀара ши пӀелг санна шецани, ши пӀелг гайтан, соъ, и ши йоӀ кхиийнарг, хӀокху кепар гӀура ма ву цу Йалсамане, хӀкху кепар йуххе хӀоьттар, хӀара ши пӀелг санна суна йуххехь хира ма ву иза, цу къемат дийнахь, цу Йалсамане чу воьдучу хенахь.
Ткъа и кхиайар дацар, ахьа уьш хене бахар, деккъа кху дуьненчохь йуур латтор, цаьрна мерг латтор, и дацар кхиъбар бохуш дерг. Кхиъбар бохуш дерг, церан динац терго йолуш, динах дерг цаьрна хьоьхуш, довзийта дезарг Ӏамош, динац долу церан хьакъ лардар. Цул тӀаьхьа шен хан тӀе кхаьчча, уьш шен маре дӀа балар. Шен хан тӀе ма кхаьччехь, ахьа уьш дӀа нис бар. И дара ахьа уьш кхиъбар.
