en
Feedback
дийнахь цхьа статус

дийнахь цхьа статус

Open in Telegram

дика даржочеран хьоста

Show more
208
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
Дlа ца такхалуш долу декхар! Суфьян ибн lуяйната (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гlибат декхарал а чlогlа ду: декхар юхадерзало, ткъа гlибат юха ца дерзало». [Хьилят ал-авлияа, агlо: 7/275]

Доlа дарехь суннат Дуьххьара шена доlа дар, цул тlаьхьа шен дена-нанна, цул тlаьхьа къаьсттина болу бусалба вежаршна, цул тlаьхьа массо муъмин-нахана. «Сан Дела! Гечдехьа суна а, сан дена-нанна а, Делах а тешаш сан хIусаме веъначунна а, иштта Делах тешачу божаршна а, зударшна а». [Къуръан, 71:28]

сахь ахчанца даккхар

Жимачунна тIехь дац марха кхабар, амма Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Жимачунна тIехь дац марха кхабар пхийттараваллалц... Амма цу берана куьйгалла деш волчо кхобуьйтур ду цуьнга, иза Iибадате марздалийтархьама, нагахь цуьнан кхаба ницкъ кхачахь». (Мажа́лису шахIри рамада́на, агIо: 21)

Марха дерг, дицделла, хlума кхалла гlерташ хилча Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цхьамма хаттахь: «ХIун эр дара аша, марха дерг, вицвелла, хIума кхалла гIерташ хилча я хи мала гIерташ хилча, (и гуш волу) кхечунна тIехь дуй цуьнга само яйтар?». Жоп: ТIехь ду, Лекха волчо бохун дела: «Делах кхерарна тIехь а, дика дерг дарна тIехь а вовше гIо деш хила». (Сурат: ал-Ма́идахI, аят: 2)». (Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/350)

Iуьйре хилаза ю моьттуш хIума кхаьллича Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iуьйре хилаза ю моьттуш хIума кхаьллича марха долчо, цул тIаьхьа Iуьйре хилла хилар цунна билгалдаьлча, цуьнан марха нийса лорур ду. Марха досту хан хилла моьттуш хIума кхаьлча марха долчо, цул тIаьхьа марха досту хан хилаза хилар цунна билгалдаьлча, цуьнан марха нийса лорур ду». (Шархь ал-АрбаIи́н ан-НававиййахI, агIо: 40)

Марханаш уггаре дика кхобурш Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Марханаш уггаре дика кхобуш берш - шайн марханашкахь АллахI (Сийлахь-Веза ву И), дукха хьехош берш бу». (Вабил ас-Саййиб, 152)