cookie

We use cookies to improve your browsing experience. By clicking «Accept all», you agree to the use of cookies.

avatar

Т а л л а м х о

зIе https://t.me/tallamhoo Ахьа йита хьайла тlаьхьа дика лар! Хьой дагавеъча алийта: - «Дала къинхетам бойла цунах, ма боккха эшам букха иза вайна юккъахь ца хилар».

Show more
Advertising posts
319
Subscribers
+324 hours
+297 days
+6130 days

Data loading in progress...

Subscriber growth rate

Data loading in progress...

00:11
Video unavailableShow in Telegram
﴿وَمَا يُؤْمِنُ أَكْثَرُهُم بِاللهِ إِلَّا وَهُم مُّشْرِكُونَ﴾. Цāрах дукхахберш Дēлах ца теша, шаьш Цуьнца накъост лоцуш а бен». [12:106] اللَّهُمَّ بَرِّئْ قُلُوبَنَا مِنَ الشِّرْكِ وَالكِبْرِ وَالنِّفَاقِ وَالرِّيَاءِ وَالرِّيبَةِ وَالشَّكِّ فِي دِينِكَ .. ‏يَا مُقَلِّبَ القُلُوبِ، ثَبِّتْ قُلُوبَنَا عَلَى دِينِكَ، ‏يا مُصَرِّفَ القُلُوبِ صَرِّفْ قُلُوبَنَا عَلَى طَاعَتِكَ، وَاجْعَلْ دِينَنَا الإسْلَامَ القَيِّمَ. ХIай тхан Дēлa! Тхан дегнаш паргIатдāха Ахь ширканах а, кураллах а, мунēпакъаллах а, моттаргIанашха а, шēкōне диларах а Хьан динехь… ХIай, дегнаш хуьйцуш верг, тхан дегнаш чIагIде Ахьа Хьайн динна тIехь. ХIай, дегнаш тIедерзош верг, тхан дегнаш Хьайна муьтIахь хиларна тIедерзаде Ахьа, тхан дин бакъдолу Ислам-дин де Ахь.
Show all...
01:00
Video unavailableShow in Telegram
رَبَّنَا لا تَجْعَلْنَا مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ «Роббанā лā таджIальнā маIаль-къовмиз-зōлимиин» «Тхан Дела! Зуламечу нахах дIа ма тоха Ахь тхо!».
Show all...
Photo unavailableShow in Telegram
رَبَّنَا لا تَجْعَلْنَا مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ «Роббанā лā таджIальнā маIаль-къовмиз-зōлимиин» «Тхан Дела! Зуламечу нахах дIа ма тоха Ахь тхо!».
Show all...
01:15
Video unavailableShow in Telegram
Селхан БагIуз йоьхкинчу уммато тахан ГIазза оьцур яц. Тамаш бо ахьа, ванах селхан ма дацар уммат, тахан гIаззан тIехь дечулла сов шайн тIехь динчу бусулба нахан сагаттош, тахан ма майра делла иза, хIун хийца делла те олий. Жоп: селхан хилларг дин бахьан долуш хилла дара, ткъа тахан дерг латта бахьан хIоьттина хилла ду. И бахьан долуш керистано цамагийтар селхан цу бусулба нахан тIехIотта, ткъа тахан могуьту цара иза. Цара (цу керистано) цамогуьтучу хенахь уммат тIецахIоьттир бусулба нахан, ткъа тахана цара могуьту дера тIехIуттуш ду иза. Цу тайпа уммато шегара хьал хийцалца, даиман сийсазаллехь дехар ду и! Ткъа кхин а лазаме дерг, мунафикъаш хIинца а вай Iехо гIертар ду! БагIузан охIлан шен бехк бу царна тIехь дечунна бехна болу мунафикъаш, тахан сурт хIоттош бу шай умматац бала бу моттуьтуш. ХIан-хIа! Тхуна дицделла дац аш селхан умматан йина Iиттарш. КхиндIа шоьх Iехалур долуш дац тхо!
Show all...
Photo unavailableShow in Telegram
📍 Цхьа накъост вара, ютуб чохь, инстаграм чохь, массанхьа гитарац эшарш лоькхуш гIарвелла. Иштта кIомал лелош, молуш, узуш вара и. Наха эшарш йохург, локхург ахча луш гена деллер-кх цуьнан хьал. Цхьан дийнахь со волчу веъна, соьца вист хила лаар шена аьлла, хIокху сан жайнеш долчу чохь луьш-олуш виста хуьлуш Iийна, ша мел лелиначух тоба дина, гитара, эшарш, кIомал, малар, озар шадерг Iаддадитина, Iилма Iамо волавелира и, динах нийса кхетам тIевелла, нис велира и. Иштта нийса некъахь цхьан шарахь герга леттир-кх и. Цхьан дийнахь шен хьалхалера гонах, накъостех дIакхетна, и дерриг вон хIума юха доладира цо, соьца гергалло хада а деш. Цу юкъа денош бен цадевлира, гIалара цIавогIуш некъахь авари йина велира и. ВаллахIи хIара нийсон тIехь вай латтар вайгар дац шуна, АллахIа вайн нияташ бахьан долуш латтош хила герг ду шун вайна хIара Ша рез волчу некъахь латтар хьуьнаран ниIмат. Муьлха а дийнахь вайн ният хийца делча, АллахIа вайгар дIаэца тарлуш дукх хIара нур. Дехалаш АллахIе, шеш нийсон тIехь долуш кхалхадар!
Show all...
ХIун башхо ю " الإثْمُ" бохчуна а, "العُدْوَان" бохчуна юккъахь? АллāхIан дашехь: وَلَا تَعَاوَنُواْ عَلَى ٱلۡإِثۡمِ وَٱلۡعُدۡوَٰنِ ۚ «…вовшашна гӏо ма де́ къилахь долчунна́ а, мостагӏаллийна́ [тIекхийдар] а тӏехь». къилахь дерг (الإثْمُ) - иза Дāла ша хьарам динарг ду [къōла дар, зина дар, къаьркъа малар, …]. аль-Iудван (العدوان) бохуш дерг - иза Дāла хIиттийн долу дāзōнаш хēдадар ду кхечу адмийн хоькъехь, тIехвийлар ду хIумангахь. ¹ Имам ибн Джарир Ат-ТIабарий ______________ ¹ вуьшта аьлча: Ша хьо тIехвийларца а, сов вийларца а хьарам хиларе кхочуш дерг ду, ша хьарам дацахь а бухангахь. Хьуна цхьан адмийца юкъаметтиг (взаимоотношения) лело магийна ду, амма хьо цунгахь тIехвийла воьлча, цу адмийн сий тIекхийдаш, цуьнан дехний тIекхийдаш, оццахь из хьарам хиликх хьуна ша мегаш долчура дIа а даьлла.
Show all...
و الله لو مكثت ألف عام تبحث عن نور الحقّ في غير طريق الصّحابة و من تبعهم بإحسان من سلف هذه الأمّة فلن تجده ألبتّة . …ВаллāхIи, хьо ваьхчий а эзар шарахь бакъōнан нур лōьхуш, асхьāбийн а, царна тIехьа безна болу кху уммати салафшан а нēкъахь ца лōьхуш айхь и нур - хьýна иза карам дийра дац цкъа а. Талламхо
Show all...
Photo unavailableShow in Telegram
Цхьан дийнахь, Имам ибн ШихIāб Аз-ЗухIрийга цуьнан хIусамнāнас аьлла: والله لهذه الكتب أشد عليَّ من ثلاث ضرائر . «ВаллахIи, сайна тIе кхиа кхо зуда ялайараллā а деза ма ду суна хIара [хьан] жайнеш». ________ Имам Аз-ЗухIрий тāбиIиншах ву, дуьххьара хьадисаш схьа гулдинарг ву Халиф Iумар ибн Iабдул-Iазийзин омарца. Имам ЗухIрий кхелхина хIижрийн терахьца 124-гIа шарахь. АллāхIа къинхетам бойла цунах!!! Талламхо
Show all...
Имам Хьарб ибн ИсмāIил аль Кирмāнис (АллāхIа къинхетам бойла цунах) боха: وقد أحدث أهل الأهواء والبدع والخلاف أسماء شنيعة قبيحة فسموا بها أهل السنة يريدون بذلك عيبهم والطعن عليهم ДēгIа лааман а, бидIатан а, хилплонан а охIлуно сийсазā а, бōьха а цIерш яьхна юкъа, и цIерша шаьш суннатан охIланна тохкуш а ю цара, суннатан охIлу ēмал беш а, кхāчамбāцаре беш а». «Китаб ас-Суннат» _______ Суннатан охIланна - мужассимунш бу [Далла дегI хилар сацош бу], мушаббихIунш бу [Дēла шен халкъанах тарвеш бу] бохуш тIехь цIераш тохку бидIатан охIланах болчара. Талламхо
Show all...