en
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Open in Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Show more
345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Кху чу диллина долу йозан юккъера, цхьаллиг-цхьа элп, цхьана ӏоттар еш, цхьанах лаьцна вон дерг дуьйцуш, цхьаъ йуьхьӏаржа хӏоттош аьлла дац шуна, Валлахӏи, Аллахӏац дуй ма буу аса, сан хилла ма бац иштта лаам, йа аса лелийна ма дац цу тайпа дерг, соьгар шайна цхьаъ ца тайнехь, соьгар вас шайна хиллехь, суна къинтӏера довлаш, суна бехка а ма биллаш! Аллахӏа сий дойла шун, кху дуьненахь а, эхартахь а!

Эмгаралла йолчун, эамгаралла лаца доккха бахьан ду иза)))

Гуттан а деша тамашийнв долуш, деша эхь хеташ, доьшуш долу йоза, и хӏун йоза ду хаьий шуна? Дера ду, нохчийн къомах лаьцна, оьрсийн маттахь яздина долу йоза, со кхета кхин дерг цу маттахь яздича, амма со ца кхета, нохчийн къомах лаьцна, муьлхха а хӏума, оьрсийн маттахь яздича, чӏогӏа ирча сурт ду иза, деша а дог ца хӏуттуш!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Йиц ца елла тхуна Тхан наной белхийна зама, Диц ца делла тхуна Тхан дай байъина денош, Йиц ца елла тхуна Тхан бераш, шайн нанойх баьхна зама, Цкъа а дицдийр дац И ирча де! 23 Февраль

Repost from N/a
1944 шо. 23 февраль. Оцу дийнахь нохчийн къомана йира йоьрзур йоцу чов. Исторехь дицдан йиш йоцург ду и. Цу буьрсачу Iаьнан дийнахь харцонца шайн махках даьккхира нохчийн, гIалгIайн кхин а цхьадолу къаьмнаш. Вайн нахана тIехь лелийна къизалла.

Repost from N/a
Шен селхане йицйиначу къоман кхане гIийла хир ю, я хиллане а хир яц...

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьо тахна мел ирсе белахь а белхалахь, Нохчичун дог тахна доьлхуш ду хьуна, Хьо белхарх хьох кхарда цхьа а вац хьуна. 23.02.1944

Ма мерза дукх, хьадисан ӏилма..

Тахна а вай и дарс мхьадостуш дукх

Дӏадаханачу дарсехь долийна долчу хьадисан хьокъехь)))

sticker.webp0.00 KB

Ӏакъидатан Академи О украшения вселенной…

– Вайна хӏора хӏуман и 'терминш' бен ца йовзарна, вай дица дукха хуьлу, деха хуьлу, хӏора хӏума ша ша доккхуш, дийца дезаш хиларан...

Пайхамара (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) боху: «марха кхабар - иза турс ду хьуна»

Бераш кхиоран хьокъехь керла академи...✨☀️ Дера ду вай доӏнашца сатесна цу дене хьоьжуш ӏийра, Аллахӏа герга дойла и де, Аллахӏа аьтто а, ницкъ, гӏора а лойла и болх бан ӏалашо йолучун, Аллахӏа цу балхах кхочча пайда схьаэцар лойла вайна а, цу дешаран тӏум йаккха гӏерташ, дерриге диканаш схьаоьцийла вай))

sticker.webp0.00 KB

Рамадан тӏекхачахьа, тхан дегнаш цомгуш ма ду...✨