Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
АллахӀа хьуна деллехь цхьа адам, ахьа цуна мел доӀнаш дарах хьан дог ца Ӏебаш, хьуна цунах хуьлуш долу беркат ца хедаш, тасалолахь цунах!
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ
Шаьш бот чохь яз еш, дакъа лаца лаьъ, аьлла, и дакъа лацар мич юккъахь ду билгал даккха, аз даийтича вай шуна дӀатосуш долу йоза, цхьаъ ду, цундела со нийса ца кхета мега!
Къовсаман юккъехь дакъа лаца лууш ду шу, йа совгӀат луш дакъа лаца лууш ду шу, иза билгал даккха!
Repost from Ӏилманан Аманат
Мадинатехь уггаре хазачу агӀора, уггаре безачу Ӏеламнехан карахула, Пайхамарех (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) бисина болу бахам бу боькъуш, хьо сиха лойлакх иза схьаэца!
Пайхамарех (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) бисина болу бахам - иза Ӏилма ду, цу бахамах цхьа дакъа схьаэцнарг, ирсе хира ву, боккхачу толамехь хира ву, деккъал хиллачерах хира ву!
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ
Шаьш бот чохь яз еш, дакъа лаца лаьъ, аьлла, и дакъа лацар мич юккъахь ду билгал даккха, аз даийтича вай шуна дӀатосуш долу йоза, цхьаъ ду, цундела со нийса ца кхета мега
Repost from العقلاء
цхьана ехха ханчохь ахь дуккха а сатуьйсуш, дог ца дуьллуш диначу доlанашна цхьа дагахь а доццучу хенахь жоп хуьли, цу хьоле кхача лууш дlаихначу хенан ойла ян воьлча и мел дукха хиллехь а цу хьежаран стоьмашка хьаьжча иштта йоккха хан а ца хета иза, мелхо а цу lалашонга ша кхочура вуй хиича и некъ юха а бийра бара оли хета.. хастам бу-кх Аллахlана вайн доlанашна вайна луучу хенахь а ца луш, Шен луучу хенахь луш Волчу..
Хьасан ал-Басрийс боху:
«Бусулба вежарех накъостий алсам хилийта шайна, баккъалла а, цара шафаӀат дийра ду хьуна.»
«ХӀора дийнахь куьзган чу хьожу со, къинош бахьана долуш сайн юьхь Ӏаржа-м ца йелла-те олий.»
Абу Селайман ад-Дараний
Repost from lадлан Харачо
Бепиган цуьрг бен яцахь а, юуург дӀакхосса хьайна лиъча, хӀара сурт дагадаийталахь, и хьал муьлхха хенахь хьайна тӀедан йиш хилар диц а ца деш.
Юха ойла а ехьа, оцу халчу хьолехь цара шайн берашна чуюьллуш йолу Ӏакъидат, АллахӀаца хуттуш церан деган ойланаш!
Шуна ма мотталаш цхьа хӀума даиманна а лаьттара ду, хӀан-хӀа, лаьттар дац, тахан хьо мукъ ву, кхана хьо мукъаз ву; тахан хьан могшалла ю, кхана хьан могшалла яц; тахан хьо жима ву, воккхачунга ца далург дукха дерг далуш, кхана хьо воккха ву, жимачунга далуш долу дукхах дерг ца далуш, иштта дӀадоьдуш ма ду дуьне, тахан хьан ийман лаккхара ду, кхана и лаххара ду; тахана хьо къиношна гена ваьлла декъал хилла, кхана хьо къиношна герга вахан дакъаз ваьлла, ткъа ийман лаккхара хилар, къиношна гена валар, иза хьоьх беркат хулуьйтуш, хьо дикачун бахьан хуттуш, массо а пайден дерг деш, хилар ду, кхана хьан ийман лах делча, къиношна хьо герга вахача, ахьа дечух беркат ца хуьлу, хьо дикачун бахьан ца хуьлу, хьан лаам а ца хуьлу и диканиг дац, цундела катоха, хьай ма хуьллу катоха, кечйе хьайна йалсаманехь лаккхара меттиг!
