Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Дарс дола далле, цу дарсан кечам бу бан безаш, и кечам бу хьуна, уггар хьалха, ният цӀан дарац, АллахӀе доӀнаш дарац, цул тӀаьхьа, хьайн дерриге гӀуллакхаш дӀа дерзорац, хьайн масаш шар ярац, хьайна тӀе хаза духар дохарац, хьайна тӀе хаза хьожа йоху миска хьакхарац, къолам, кехат вахь диларц.
И дерриге хӀума кхочуш дай, дарсе ладогӀа вахьа хаъа, тӀаккха хьуна цу дарсех пайда а бера бу. Наб еш, Ӏуьллуш волуш ахь ладоьгӀна дарсех хьуна пайда бера бац хьуна!
https://t.me/Importantknowledgee
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Деллачунна а хастам бо вай, ца деллачунна а хастам бо вай, ца делларг шеко йоцуш вайна цхьана диканна ду, шеко яц цу тӀехь, вайл а дика вайн хьал девзуш волчу АллахӀа, Шена хааре терра цхьана диканна ца делла и, я цхьана ханна тӀаьхьатеттина хила тарло и, хьуна и хилийта уггаре а дика хан хаьржина.
Иштта хӀара хастам бар вайна даларна а юха а хастам бо вай цу Далла, мел дукха бу-кх, шортта долуш болуш, амма хастам бар, хам бар хӀун ду ца хууш болу нах. Вай царех ца хилийтарна а хастам бо-кх вай.)
Repost from N/a
Цхьаболчу наха АллахIера цхьаъ доьхуш шортта доӀанаш до, делахь а, шаьш дехнарг кхочуш хилла ца карийча дегнаш чу гӀайгӀа а, бала а богӀу царна, наггахь шеконаш а.
Вай олу-кх цаьрга: Шуна хаийла АллахIа Шега мел дахначуьнга Ша доӀанна жоп лура ду аьлла чӀагӀо йина хилар! Делахь а, доӀанна жоп далар массо а хенахь ахьа дехнарг ша ма-дарра кхочуш хилар дац хьуна!
АллахӀа, ахьа дехначул тӀаьхьа кхаа хӀуманах цхьаъ кхочуш хуьлуьйтур ду: Ахьа дехнарг лура ду Цо хьуна. Я ахьа деханчунна меттана хьуна къемат дийнахь ял кеччор ю Цо. Я цуьнан меттан цхьа бала духатухур бу хьох.
Кхин цхьа хIума а ду хьуна коьрта: Ахьа дехнарг хьуна хьайна хаа ца хууш хьуна зене долу хӀума хила йиш йолуш дар хьуна, тӀаккха хьоьх и вон хӀума духатоьхна, цуьнан меттана дика делла хьуна АллахIа!
Цундела хьо вала а волуш АллахIан къинхетамах дог ма дилалахь!
Шайх Мутлакъ ал-Жа́сир.
Repost from Серлонан тоба
Салафех цхьаммо аьлла, шен мутlеламашна дарс хьоьхуш lаш волуш:
«Валлахlи, паччахьашна йовзахьара вайна хаалуш йолу марзо, деган синтем, деган паргlато, и марзо вайгара схьаяккха гlерташ вайца тlом бийр ма бара цара!», - аьлла.
Ахь Ӏилма Ӏамош къахьегаре терра, ахь Ӏамийна долу Ӏилма лардеш а къахьега!
https://t.me/tolibul_1ilm
Собаре хилар, Далла тӀе болх билар, массо хӀуманехь толам бу. Цхьа а дика хӀуманах хаьдна ма вац, и собаре ца хилар бахьан долуш бенна, йа цо Далла тӀе болх ца билар бахьан долуш бенна.
(Схьаэцна)
Repost from Серлонан тоба
Ша кепара хуьлу Къуръанах тасаделла муьлхха а хӀумма, иштта, ша-кепара хьост ду шуна хӀара а. Вайна хаза масал ду, къаьсттина цхьа агӀо декъ Къуръанан а дӀаелла, цуьнан хьокъехь дерг чудуьллуш лелор.
https://t.me/serlo_nur
Къуръанах тасавелларг - Аллахlа боданашкара нуьре воккху!
Шайх Мухьаммад Хьассана (АллахӀа Ӏалаш войла иза) боху :
"Бакъдерг дийцича со хьоьгу бийшан Ӏа йалх сахьт кардешчерах, ВаллахӀи со хьега ма хьоьгу церах."
Ӏуьйра ламазан муха гӀатта веза дуьйцуш хьехаман юккъера..
Хьо хьайн гайн дола далуш велахь, хьох цхьаммо а лай вийр вац хьуна!
Муьлха а вон хӀума гай хьаладуьзначул тӀаьхьа хуьлуш ду!
©доттагӀ
Уггаре чӀогӀа стаг пайда боцучу воккхуш волу ши питан ду хьуна - зударийн питан, гайн питан!
Хьан хьажар тӀера (бӀаьрг лара ца бар тӀера) дӀадолалуш ду хьуна, хьо зудчун лай хилар!
Хаалахь, стагах уггар чӀогӀа лай веш верг, иза зуда ю хьуна!
Хьайна езарг ца ялаеш, хьой везарг яла е, тӀаккха хира ву хьо эла хьан хӀусамехь!
ФирIавн хица вийна;
Намруд чуьркаца вийна;
Къарун лаьттаца вийна;
АбрахIа тIуьлгашца вийна;
Ататуьрк цIе зингаташ вийна;
АллахIа харцонан дай, иштта кигирачу бахьнашца хIаллак бо,
ахь са ма гаттаде, харцо дIа муха йоккхара яра-те алий, харцонан тIаьхьале яц хьуна.
Ахь сагаттаде, бакъо лар муха йер яра-те алий, бакъо йуьсар йолуш ю хьуна, мел зуламхошна дегаза дала.
