Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Хийла айса чу дилла леринарг, иза суна хууш доллушехь, доьххьара хезаш санна суна пайден долуш нис ло.
СубхьаналлахӀ, соьх цхьа пайда ба лиина, еллачун со ден йинарг вукх АллахӀ
ТӀаккха сан лааршан тӀехьаваьзна, сан Делан лааман букъ муха тухур бу?
АллахӀа дойла вай, вай кхолларан Ӏалашонехь чаккха доьвлачерах!
АллахӀа дойла вай кхочча, хьакъ мадду Шен Ӏибадат дечерах!
АллахӀа дойла вай кху Ислам-динан гӀодечарах!
Уггаре сийлахь болу некъахь долучарах!
Уггаре тоьллачу даржехь хира долучарах!
Кху дуьненахь а, эхартахь а АллахӀ реза волучарах!
Кху дуьненахь а, эхартахь а декъал хиллачарах!
Кху дуьненахь а, эхартахь а ирсе долучарах!
Кешни неӀарш, шена дӀайаста елла хилла долучу цу дегӀан, юханехьа чу са кхолла ницкъа кхочуш мила ву?
Ашшафий - дарба деш верг аьлла Шен цӀе йолу цхьа АллахӀ вукх!
АллахӀа нахана луш болу къинхетам сацо цхьа ма вац!
АллахӀа нахана луш болу бахам, могшалла, АллахӀа нахана деш долу дика, иза юхатоха цхьа ма вац!
Repost from Серлонан тоба
Цхьаболчу салафша аьлла:
«Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: -"Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь"».
Фатхьул-Бáрий, 10/478.
Аллахӏан хьалха цхьа-а хеста ца во вай, амма диканца доӀа дар вайна тӀехь ду, хаза гӀиллакх лелор вайца хила дезаш а ду.
Кху интернет агӀора шегара доккха масал эца мегар долуш хьост ду хӀара! https://t.me/vay_nohchiy, хӀоранне масал ду, чохь пайда эца, дика дерг Ӏамо а аьтто болуш, и дика дерг хьоьхуш болчаьрна гӏонакъосталла деш, цера белхаш даржош, массо агӀора шега хьегалучу кепара къахьоьгуш, пайденна хьост ду. АллахӀа къинхетам бойла кху хьостан Дех, цуьнан Дех-Ненах а, Аллахӏа нийса новкъа тӀехь нисвойла, цу тӀехь чӀагӀ а войла иза цуьнан охӀланах мел верг а, цуьнан белхех АллахӀа беркат дойла, АллахӀа аьтто а бойла цунна шен белхаш дӀадахьа, Аллахӏа кху Ислам динан беркате пайде а войла, АллахӀа массо зенах-зуламах Ӏалаш войла кху хьостан Да.
https://t.me/vay_nohchiy
Хьаьнга, хӀун, муха))
Оц хетаршан жоьпаш дуй вай?
И аьтто вай баккха беза, вай дакъа лаца деза, АллахӀа цхьана дикан дагчу тесна и ойла, иншаАллахӀ
