en
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Open in Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Show more
345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Repost from Зератхо
Хьол хьалхабевлла ялсаманин лакхе яккха гӀерташ нах бу хьуна, къовсалол цаьрца¡

Дикка ойла елахь кху хӀуман ... Хьо ирсе вираг - АллахӀ ву, хьуна рицкъа луш верг - АллахӀ ву, хьо Ӏалаш вираг - АллахӀ ву, хьо дакъал вираг - АллахӀ ву, хьуна хазар, гар, куьг, ког, мотт, вахьа хаар, хьала гӀаттар, дехьа валар, сехьа валар, хьекъал, кхетам, эс, и дерриге хӀума, хьуна веш верг - АллахӀ ву, Ӏаламан Дела ву И, Ӏалам кхиош кхобуш верг ву И. ТӀаккха ахьа ойла е, Цо ца вина, хьо ирсе ван ницкъа хьаьнгахь бу? Цо ца лахь, хьуна рицкъа дала ницкъа хьаьнгахь бу? Массо хӀума Шен карахь дерг И ву, цхьаллиг-цхьаъ вац, йа цхьаллиг-цхьа хӀума дац, шен Ӏибадат дан хьакъ долуш, йа вуьшта аьлча, Цуьнан омр тӀера вала, Цо бохург дӀа таса, Цуьнан муьтӀахь ца хила, хьан цхьаллиг-цхьа бахьан дац! Ирса дези - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала! Аьтто бези - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала! Рицкъа дези - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала! Кху дуьненахь, эхартахь декъал хиллачерах хила лаьи - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала! Йалсамане хьан хьанал йа, жоьжахате хьайна хьарам ян лаьи - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала!

АллахӀан деш долу Ӏибадат дӀа тес, хьо рицкъа даккха гӀерта, вай дакъаз ма вала хьо, АллахӀ вац хьуна и рицкъа луш верг? Цуьнан Ӏибадат дарехь сов вала ца везар хьо, хьайна цхьаъ Цуьнгар оьшуш хилча? И ма ду тамашийна хьал) тамашийна кхетам а)

АллахӀан гергахь, чуьрки тӀом мах бац кху дуьнени! ВаллахӀи, АллахӀан гергахь кху дуьнен цхьа мах белхьара, АллахӀа керста нахе, кху дуьненахь хин къурд бойтар ма бацар. Ойла е, хьо кху дуьнен тӀехьа ваьлла лела, веддий хьаьддий дуьнен бахам баккха гӀерта, ткъа хийла АллахӀа фарз дина Ӏибадат а ца деш, амма бакъ ду, хьо велча, и Ӏибадат бен ахьа дӀам гӀура дац, хьан даккхийри цӀенош, машенаш, ахчанаш, и массо хӀума, Ӏадда дитан гӀура ву хьуна хьо дӀа, йа ур-аттал пасаш хира яц хьуна тӀехь, диснарга-м хӀунда дуьйцу. Вуьшта аьлча, хьуна цхьа ши стаг, чуьрки тӀам къуьйсуш гича, хьо воьлур ма вара цу шинах, мел Ӏовдал ву бохар ма дара ахь, изза ду хьуна дуьнен тӀехь ваьлла лелашчунгахь а.

«ХӀай имандиллинарш! АллахӀан новкъахь [джихӀаде] арадовларе шайга, - и даз а делла, лаьттехьа хӀунда теӀа шу? Шу дуьненан дахарна резахилла ткъа, эхартарчу дахарна [хилла дезачу] меттана? Амма дуьненан дахарера хуьлуш долу темаш эхартарачаьрца дуьстича, кӀадбоцург ду шуна!» [Сурат: Ат-Тавба, аят:38]

Къонахчунна дуьне карахь ду, ткъа эхарт дагчохь ду!
Къонахчунна дуьне карахь ду, ткъа эхарт дагчохь ду!

ХӀай, имандиллинарш! Нагахь аша АллахӀана гӀо дахь, Цо шуна а дийр ду гӀо, [Цо] шун когаш а чӀагӀбийр бу. [Сурат «Мухьаммад», аят: 7] https://t.me/Ramzan_Gendargno

Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iилманга кхочуш хIумма а дац, Iамочуьнан нийат цIена делахь». Цунга хаьттира: «ЦIена нийат муха хира ду цуьнан?» Цо аьлла: «Хьалха шена тIера а, юха кхечарна тIера а жехIлалла дIаайба нийат дийра ду цо».

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Доьгlнарг хьайна тlехдер даций а, тlехдаьлларг хьайна доьгlна ца хиллий а хааро дог синтеме дойла хьан...

Халид ибн аль-Валид ... Къонхин йаьххьаш вахьа эгочу хенахь, нахах эзар эзарелла гӀолехь ма ву хьо! Майра вари теш аьлча, шен кӀорнеш лардеш дӀахоьттина долучу, доккхачу лоьмелла майра ма вара хьо. Комаьрша вари теш аьлча, лаьмнаш юккъехул йистан йоьлхуш йолу Ӏоврелла чӀогӀа комаьрша ма вара хьо.

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Зударий гlорасиз хилла бисна те, Халид саннарг ван ца луш?

sticker.webp0.00 KB

АллахӀ реза хуьлда диканиг мел даржош волучуна! АллахӀа массо зеч-зуламах ларавойла Шен омр хьалха даьккхинарг, айбинарг, кхо
АллахӀ реза хуьлда диканиг мел даржош волучуна! АллахӀа массо зеч-зуламах ларавойла Шен омр хьалха даьккхинарг, айбинарг, кхочушдираг! АллахӀа хьостийла шун дегнаш, шун лаамаш кхочуш барехь! АллахӀа декъала дойла шу, АллахӀа ирсе дойла шу, кху дуьненахь а, эхартахь а!

©доттагӀ
©доттагӀ

Хила яздинарг иштта а хира ду, ткъа ца яздинарг, эсехь лозура ду..)))

sticker.webp0.00 KB

Шух цхьаммо ша-шегара бехк баьккхича цхьана а хьолехь ма олийла: "Соьгахь цхьа а дика дац" ХӀунда аьлча вайгахь Тавхьид ду. М
Шух цхьаммо ша-шегара бехк баьккхича цхьана а хьолехь ма олийла: "Соьгахь цхьа а дика дац" ХӀунда аьлча вайгахь Тавхьид ду. Мелхо а цо олийла : "Со кхоьру сайна чохь долчу воно со хӀаллакварна"