Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Муьлхха а хьехам, салам даларах лаьцна, сурт хуьлийла иза, йа видео хуьлийла, башхалла яц, шенахь йолчо яийтича дика хира дара, кху чу 👉 @Dottag_bot
Салам даларан хьокъехь дерг кего дезаш долуш, оц дарсе ладогӀар ца хиларан новкъа ду))
Запись чу ца йуьлли хууш, оц дарсашкахь дуьйцург схьа муха язйира яц))
Пайден дерг хезнехь, хьоллехь схьаязда марзло
Салам даларца - бусулба нах беркатехь бехаш бу, вовший юккъехь барт болуш бехаш бу, марзо йолуш бехаш бу!
Берше салам далар - уьш дукха дезар ду, цаьрца къинхетам хилар ду, иштта царна юккъехь салам далар даржор а ду!
Тахана вай харцо йуьцучу тобаншчу хьоьвсича, вайна карор ду, церан тобанаш дукха хилар а, церан тобанаш чохь тӀе база белла нах дукха хилар а.
Харцо яржочеран тобанаш чохь бӀаьӀнашкахь нах карор бу хьуна, ткъа нийсо яржочеран тобанаш чохь иттанашкахь бен карор бац хьуна...
Цо гойту вайна юккъехь нийсо езарш кӀеззиг хилар, ткъа и нийсо яржош берш кхин а кӀеззиг бу!
Цундела шух цхьа а ма волийл цхьа гӀулч а юха, шух цхьа ма социла ша долийнарг лелочур, шух хӀора а волийла кху некъахь сов, шух хӀораммо а, шен кхетам кхелац лоцийла хӀара некъ схьа, кхин цӀа а дӀахьоьцура боцуш!
Repost from Заватуль худур
Питана гӀаьттинчул тӀаьхьа хьо хезаш стаг хир вац, цундела ду хӀорамма а дакъа лаца дезаш. Цара Ӏехош болу нах, яржош йолу харцо, Ӏилманан аманат лар цадар, хӀинццехь цуьнан дарба лохуш вай къа ца хьегахь тӀаьхьа вайна бале дер долуш ду и питана. Ткъа питана дукха доккха ду: нехан цӀий хьанал дар, нехан сий, нехан зударий хьанал бар, нехан даьхни хьанал дар.lадлан Харачо حفظه الله
Repost from Delan din
Къонах стаг хьан ойланна тIехь хилча а, ца хилча а къонах ву. Тешаме стаг хьан ойланна тIехь хилча а, ца хилча а тешаме ву. Оьзда стаг хьан ойланна тIехь хилча а, ца хилча а оьзда ву. Ткъа гIийла, осала, ямарта, ледара, жахIил стаг хьан ойланна тIехь валахь а, вацахь а ша верг ву. Хьан ойланна тIехь мел верг дика волуш, хьан ойланца мел воцург вон волуш, цу кепара терза ахь лелош далахь, жуьгтийн уггаре чIогIа, къегина, билггал йолу амал хьайца йолуш ву-кх хьо.
© Ахьмад Абу Яхья
Repost from Ӏилманан Аманат
Ӏибадат хьанах олу?
Ӏибадат муха хуьлу?
Ӏибадатан марзо хули?
Ӏибадатан бехкамаш муьлхуш бу?
