en
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Open in Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Show more
345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Мадинате вахан деша аьтто ца хуьлу хӀоранна а, и аьтто боцучун цхьа хаза кхаъ баккхи аса..) Мадинатера дешарем кхочур дац иза бакъдолуш..)) Амма деша лаьъ бохуш волучун аьтто бу-кх, цу Ӏилман шовкъе волучун аьтто бу-кх..

АллахӀа шеца беркат дохьуш доуьйтийла хӀара догӀа, сил чӀогӀа догӀуш долу, АллахӀа хӀара догӀа догӀучу кеппар, цу къиношех а дӀа цӀан дойла вай, АллахӀа кху кеппара шен къинхетам, беркат дуттийла вайна тӀе, АллахӀа Ӏалаш дойла вай!

АллахӀа иштта вайха биначу къинхетаман вайн когаш дегош, бӀаьрг кхерош хилча, цу къемат дийнахь, цӀа а вахана воцучу кепар АллахӀ вайна оьгӀаз гӀура волучу денахь, Цунна Ӏазап муха хира ду аьлла хета шуна?

- АллахӀа хьо хӀо мажлисе валийна, хьо хаьржина, хьоьх къинхетам бан а лиин, хьан къинош гечдан а лиин, хьуна кху хьехамах пайда хилийта лиин.. ©хьехархочун къамел

ХӀора а адам кху динан, умматан пайде хила йиш йолуш ду, мелхо хила дезаш ду, аьттонаш бу дуккха а, тӀаккха, ахьа хӀун дина тахан кху умматан пайде хира долуш? ХӀун дӀа кхачийна ахь? АллахӀа джин а, адам а кхоьллина ма дац Шайна Ӏибадат дан бен! Хьо вуй АллахӀан Ӏибадат деш? Йа хьо эрна хан йойъуш ву? Сахьтанаш, денош, кӀиранаш цу телефон чохь доккхуш, сериалаше хьоьжуш, эрна хан йойъуш, вижан Ӏарца хуьлийла иза, яъхӀума яъарца хуьлийла иза, башхалла яц, хьан хӀора а минот, АллахӀ хьехош, АллахӀан Ӏибадат деш дӀа йолуш яцахь, иза эрна дӀа йолуш ю, хьан цу эрна йайъиначу хенан дала дезаш жоп а ду!

Шен цхьа сатийсам берг, шен сатийсаме кхача къахьоьгуш валахь, иза цу сатийсаме ца кхача йиш яц хьуна! ХӀора а хӀумани чаккхе
Шен цхьа сатийсам берг, шен сатийсаме кхача къахьоьгуш валахь, иза цу сатийсаме ца кхача йиш яц хьуна! ХӀора а хӀумани чаккхе ю, ткъа хьан сатийсами чаккхе иза кхочуш хиларац хира ю хьуна!

Цхьа а Ӏалашо йоцуш долу адам, цхьа а сатийсам боцуш долу адам, иза ирсе дехар дац, ткъа шен Ӏалашо АллахӀан дин даржор хилийтанарг, АллахӀан дин нахана довзийта хилийтанарг, уггаре самукъане, уггаре паргӀата, уггаре ирсе, цӀена, хаза, дехаш адам хира ду, шен самукъа дала, паргӀат хила схьа гуш хӀумма дацахь а...

sticker.webp0.00 KB

ХӀай хьозарийн тоба, шай ши тӀам лура бари те-ш аша цхьама соьга, сайна везарг волуче вахан, цунцани цхьа кӀезиг марзо яцна,
ХӀай хьозарийн тоба, шай ши тӀам лура бари те-ш аша цхьама соьга, сайна везарг волуче вахан, цунцани цхьа кӀезиг марзо яцна, со ваьхначу, сан жималла дӀа йаьллачу юрта вахан, цигахь цхьа кӀезиг марзо эцна схьа вохар вара со. Цига вахан схьа валлалц лура бари те-ш цхьама соьга ши тӀам? ХӀай хьозарийн тоба, шун ирсах хьегна вала ца воли со-м, шайна луучу хенахь, шайн безначарца марзо эцна дахка йиш ю-кх шун...

Ӏеламнах лоруш, церан сий деш хьо хилар, хьо нийсачу новкъахь хилар билгало ю хьуна!

Ӏеламнехан сий а, бакъонаш а ларъярх ду....
Ӏеламнехан сий а, бакъонаш а ларъярх ду....

- Ӏеламнехан дозалла - Шайх Фарукъ...
- Ӏеламнехан дозалла - Шайх Фарукъ...

-Iеламнехан сийлалла цара шайн Iилма дIадаларца хуьлуш ю... АллахIа хьагI лацар я хьагар магийна дац шина хIуманехь бен: даьх
-Iеламнехан сийлалла цара шайн Iилма дIадаларца хуьлуш ю... АллахIа хьагI лацар я хьагар магийна дац шина хIуманехь бен: даьхница дикачу новкъахь харжъяр а, Iилма даржор а – и ши Iамал еза а, сийлахь а йолу дела. IабдуллахI ибн МасIуда дийцина, Пайхамара (Делера а, маршалла а хуьйла цунна) элира аьлла: «Хьега ца оьшу шиннах бен: АллахIа шена бахам беллачу стагах а, оьш-оьшуче, кхоа а ца беш, и бахам дIахьежош волу; АллахIа шена хьикмат [Iилма] деллачу стагах, цу шена деллачу хьикматца кхел еш, и кхечарна дIа а хьоьхуш волу». Хьага мегар ду бохург, шегахь а делийла цаьргахь дерг, цара санна дика болх бийр бара ша а аьлла, хьагар ду.

sticker.webp0.00 KB

Бусалба дин баккъала дезаш болу, бусалба дин бахьанехь эмгаралла йолу, шайгахь къонахалла йолу вежаршка цхьа дехар дара сан: вежарий, суна схьахетарехь вайн къоманна юкъахь хьиджаб лелаяр ваджиб дуй ца хууш цхьаа йоI йисна хуьлийла дац. Цхьаболчеран цIеранаш инзаре телханна кхетам болуш цхьа кIеззиг болчаьрга ца лелайойтуш хила йиш ю иза, хьамма ма лела е аьлча а и ца лело бакъо-м яцар церан, делахь а цара хьиджаб ца лелаярха оьзда доцу дохар лелора дац цара, цундела уьш ца буьйцу ас. Цхьа цIаьрмат, оьзда доцу тIелетта я доца дохарш лелош йолу Иблисан гIоьнчишах Iеха ма лахьара шу, вайна массарна уьш дегаз хета безаш бара, амма цхьаболчарна ца хетахь а хеташ санна лела мукъна хьажахьара шу! Делан Элчано, солляллохIу IалейхIи ва саллям ю, наьIалт хилла нах бу уьш, Ялсасаманенан хьожа кхетар йоцуш нах бу уьш бохуш хьехийна нах бу шуна уьш! Шаьш ЖоьжагIате боьду новкъа тIаьхь хиларалла сов, кхинарш а ЖоьжагIате буьгуш нах бу шуна уьш! Царна лайкаш ца хIитта ян, комментариш ца йита, подпискш ца ян къонахалла лахийша! Шайна уьш арахь гича, цаьрга ма хьежийша, уьш дегаз хета безаш болу, цхьаберш мец жIаьлеш санна царна тIера бIаьрг ца баккхалуш ма хуьлу! Эхь ма ду иза а ца ларало бохург! И а вайга ца далахь хIун боьрша нах дуй вай?! Окху доца дуьненах ма Iехалойша, АллахI реза волуш АллахIна дуьхал вай доьлхахь, вай тоьхна собар зене дойъар дац шуна Цо! ©Враги иблиса

О мой Господь, сохрани моего отца..

Где те, при упоминая которых оживают и расцветают сердца?

Шайх Iабдул-Iази‌з ТIари‌фис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «АллахIа хьарам дина боьха дерг нахана юккъехь даржор, и даржош в
Шайх Iабдул-Iази‌з ТIари‌фис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «АллахIа хьарам дина боьха дерг нахана юккъехь даржор, и даржош волчунна Iазап хир ду аьлла билгал а дина, сихха я цхьа хан яьлча. ХIунда аьлча и боьха дерг нахе и дийцарца, царна деза далийтарца, царна хаздарца и даржор - къайлаха и боьха дерг деш волчул а доккхох къа латош ву. И боьха дерг даржоро цхьаболчу нахана бохам бо, и боьха дерг цаьргара долуьйту, тIаккха и даржош волчунна царах хIораннан цIарах къа хуьлу, и боьха дерг диначунна ша дарна цхьа къа бен ца хуьлу». [Тафси‌р вал-байа‌н, агIо: 4/1830]

Дела динан г1о деш, Дела дин т1ехь къа хьоьгуш лаьцна болу некъ буьтуш бац, ткъа лаца а массара лаца безаш бу, Шайх Ибн База
Дела динан г1о деш, Дела дин т1ехь къа хьоьгуш лаьцна болу некъ буьтуш бац, ткъа лаца а массара лаца безаш бу, Шайх Ибн База ма аллара: «Кху замангахь да1ват дар массарна т1ехь важиб ду.»

Repost from N/a
Тамашийна болх бу иза, уггаре къомана а, халкъана а оьшуш долу адам - иза Дела дин доьвзуш дерг ду. Тоьпанал, йалтанал, ахчанал, коьртаниг ду иза! Ахь дууш долчу йалтанах хӀун пайда бу хьуна иза хьарам ду, йа хьанал ду хууш ца хилча? Ахчанах хӀун пайда бу хьуна иза айхь хьанал агӀора даьккхина йа хьарам агӀора даьккхина хууш ца хилча? АллахӀан дино вайн дерриг Ӏамадо. ХӀора шен хорша дӀанисво цо. Хьо топ кхуссуш велахь, йалта доккхуш велахь, хьолада велахь, ахь мел йоккхуш йолу гӀулч АллахӀан динан дазонашца йаккха езаш ю. Ткъа хьан дин Ӏамо аьтто ца хилла, амма тахан и Ӏамош болучаьрна гӀодан аьтто бу хьан, хьайга балахь даьхница бина, йа доӀанца бина а. Кхана Ӏуьйрана хьуна хьан берашна дин Ӏамора долу нах бу тахан тӀейоха кога йоха бедар эца таро йоцуш къахьоьгуш берш. Вай санна йовха чохь Ӏа ца лууш, дено денна мерзаниг юуш Ӏа ца лууш боьвла ма бац уьш цу новкъа. Цаьрга ма баккхало и кхача, шаьш Ӏилманна тӀехь йойъу хан дуьненна йайъичахьана, делахь и халонаш йолушшехь Ӏилма Ӏамо гӀерташ къахьоьгуш бу. Цу новкъахь царна гӀодаран ял мел йоккха ю вай кхеташ делхьара, хӀора шегарниг бен схьа ма бохуш хира вара вайх, делахь вайна ца хаьа цуьнан мах. Вайна оьшуш ма бу уьш, мутӀелам санна байлахь адам дуй те вайна?