Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Хьалхара меттиг)
Цкъа цу чу ваьлча, ара вала ма ца кхета, еша къорда а ма ца до, йа кӀад ма ца ло, мелхо самукъа дуьйлу, амма сахьтанаш цу чохь дӀа дахьа аьтто баца-кх)
ЛИЪНЕРА СУНА...
Лиънера суна..
Зуда яло, тIаккха зуда ялира ас. Амма, бераш доцуш дахар сингаттаме ду-кха.
Лиира суна..
Сайн бераш хила, тIаккха бераш хилира сан. Амма, жимма хан яьлча квартиран пенош кIордира суна.
Лиира суна..
Сайн беш а йолуш цIа хила. Ткъа дуккха а къахьегначул тIаьхьа, беш а йолуш цIа хилира сан. Амма, бераш даккхий хиллера.
Лиира суна..
Царна зударий бало, тIаккха зударий балира цара. Амма, суна болх бан кIординера, белхан халонаш кIадвора со.
Лиира суна..
ЦIахь саца садаIархьама, тIаккха цIахь сецира со. Сой виссира со, дешна ваьллачу хенахь санна. Амма, со дешна ваьллачу хенахь со дахарна тIевоьдуш вара,ткъа хIинца дахарера дIавоьдуш ву со..
Амма, хIинца а лаамаш бу-кха сан..
Лиира суна..
Къуръан дагахь Iамо. Амма,сан эсо (память) тешна бехк би суна.
Лиира суна..
АллахIан дуьхьа марханаш кхаба. Амма, сан могушалло гIо ца до-кха суна.
Лиира суна..
Буьйсанна ламазаш дан. Амма, сан когашка лела ца ло-кха со.
Ма бакълина-кха Элча (صلى الله عليه و سلم) ша аьллачу хенахь: "Пхиннал хьалха пхиангара пайда эца:
Хьайн жималлера,хьайна къаналла тIеяле.
Хьайн могушаллера, хьайна цамгар тIеяле.
Хьайн хьолера, хьайна къелла тIеяле.
Хьайн мокъаллера, хьайна болх тIебале.
Хьайн дахарера, хьайна валар тIедале.
Я АллахI гIо де Ахь тхуна, Хьо хьахварна тIаьхь а, Хьайна шукур дарна тIаьхь а, Хьайна хаза Iибадат дарна тIаьхь а.
Хьан денойн программи тIехь дацахь:
Духьа ши ракаIат,
Къуръанах цхьа дакъа ,
Буьйсанна витр,
Дика дош алар,
Делан оьгIазло дIайойъу сагIа,
Даллий бен ца гуш къайлах Iамал,
Гергарло леладар,
ХIун чам бу тIаккха дахарех биссинарг?!
ХIай Дела! Оху йоьху Хьоьга ялсамане. Жоьжахатин цIарах лардар а.
АллахIора, АллахIа ца нисдинехьара нислур ма дацара вай.
Я сагIа а лур ма дацар. Я ламаз а дийра ма дацар.
Боссабехьа тхуна тIе синатем.
ЧIагIдехьа когаш Хьайна тIе тхо даьхкича,
баккъаш къиношца даз делла а долуш.
Хьуна Iибадат дина оха,Хьоьгара гIо а лехна оха.
Ялсамане тхан хIусам е Ахь.
https://t.me/Vragi_iblisa
Repost from Рамзан Гендаргно
Цхьана стага элира Элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам): «Дийнахь Дела хьехош оццул вирд ду сан, цу тӀера хьуна салаваташ дохкуш мел хан хилийта ас?». Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «Хьайна луучул хилийта». Оцу стага элира: «ДоьалгӀа дакъа хуьлуьйтур ду ас». Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «Хьайна луучул, нагахь хьо соввалахь хьуна дика ду иза». Оцу стага элира: «КхоалгӀа дакъа хуьлуьйтура ду ас». Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «Хьайна луучул хилийта, хьо соввалахь хьуна дика ду иза». Оцу стага элира: «Ах хан хьуна салаваташ дохкуш хуьлуьйтур ю ас». Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «Хьайна луучул хилийта, хьо соввалахь, хьуна дика ду». Юха а элира оцу стага: «Сайн ерриг хан хьуна салаваташ дохкуш хуьлуьйтур ю ас». Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «ТӀаккха хьан гӀайгӀа дӀаер ю, хьан къиношна а гечдийра ду».
[Тирмизий: 2457]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Repost from BISMILLAH_HEHAM
АллахIан а (субхьанахIу ва таIала), Цуьнан Элчанан а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) даIват нехан лергашка дIакхачор вайна тIехь ду, амма, иза церан дегнашчу кхачийтар АллахIехь ду.
t.me/yalsaman
АллахӀ, ахь кху дуьненахь йина йолу хьан уггаре дика Ӏамалше хьожар ву хьуна, цул тӀаьхьа хьуна хьан Ӏамалше хьаьжжина Йалсаманехь даржа а лура ду хьуна.
Хьоьлла хьалхабоьвлла Йалсаманехь лаккхара даржа дакка гӀерташ нах бу хьуна, къовсалолахь цаьрца!
«Йа АллахӀ, хьоьга доьху оха, Хьай къинхетам бе Ахь тхоьх, кху дуьненахь, эхартахь ирсе де Ахь тхо!»
Repost from lадлан Харачо
ХӀара ду Ислам-дин, Элчанан суннатехь нисвалар а! Дуккхачарна ма-моттара, ламаз-мархан тӀехь чекхдолуш дац Ислам-дин, мелхо а, Ислам-дин: адамашца лело еза юкъаметтиг ю, чохь-арахь, гергарчаьрца, нахаца, балха тӀехь, ахчан тӀехь, самукъанехь, оьгӀазлонехь... ОьгӀазваха бахьана ма нисделлехь шен дин, Элчанан суннат дицдой чуьравуьйлуш, оьгӀавахханчехь бохуш шена луург дуьйцуш дерг дац Ислам-дин!
Ӏилман новкъахь кхиамаш бан кхечу махка ваха везаш хуьлу, Ӏилма лоьхуш, кхечу махка вахарехь шен пайданаш ду.
АллахӀа шен махках хьега ма войла цхьа а, АллахӀа Ӏилман некъ маьрша болуш Ӏилман тӀехь къахьегар лойла вайна, АллахӀа Шен дин дезаш, цу Шен дин дуьхьа шен дегӀан лаамаш буьтур болуш, Ӏилмангахь баккхий кхиамаш бийра болуш тӀехье лойла вайна, АллахӀа маьрша дохийла Ӏилма Ӏамочун некъаш, АллахӀа хӀора шен цӀа ва йиш йоцуш, шен махках хьегна ца Ӏаш, шен ден-ненан, йишех-вешех хьоьгуш верг, могуш-маьрша шен цӀа верза войла, кхин цӀа а шен махках хьега везар воцуш, Ӏилма Ӏомош вохуш-воьдуш некъ лелор болуш!
Къудс маьждиг схьадаьккхина, цуьнан догlанаш схьаэца воьдучу хенахь lумар ибн Хаттlаба Абу lубайде дина къамел..
«хlай Абу lубайда, вай сийлахь деш дерг ислам дин а бен ма дац, ислам дин доцуш кхечу хlуманцани вай и сийлалла ма леххина Аллахlа вай сийсаз деш ма ду, ислам динцани бен и сий айъалуш ма дац и хьан сий ойъург и ислам дин ма ду!»
https://t.me/aluqolyaa
АллахӀа хьоьх хуьлуш долу беркат сов доккхийла, АллахӀа цӀа а дӀа ма хададойла иза!
ХӀара мур дӀакхоьхьар бу-кх вай тӀаккха, цхьана денахь доьлуш, вукха денахь доьлхуш, амма цхьа гӀулч а юха ца довлуш! ИншаАллахӀ
