Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Къуръанац хӀоттаделла хӀума, ша кепара хаза хӀулу, вай вашас ма аллара, хӀоранна хила езаш яра иштта цхьа агӀо, йаӀне кхин а цхьа хьоста, Къуръанац хӀоттаделла долу.
Иштта чӀогӀа мехала, чӀогӀа хаза хьоста ду хӀара 👉 https://t.me/serlo_nur
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
https://t.me/islaman_nazma
https://t.me/islamannuur
https://t.me/ann_nuur
https://t.me/siylaha_sinosh
https://t.me/lamazash
https://t.me/putsmirennih
https://t.me/nisaderg
https://t.me/Delandin
https://t.me/desharh0
https://t.me/+PsGObzUkciAyOWRi
https://t.me/payde_aqo
https://t.me/nohcho_shishan
https://t.me/aluqolyaa
https://t.me/serlonan_toba
https://t.me/payda5
https://t.me/dikaden_busalba
https://t.me/dovziytush
https://t.me/SF1070
https://t.me/desharserlo
https://t.me/tadabbar_alquran
https://t.me/hheham
https://t.me/oramera_nohcho
https://t.me/ehartan_hons
https://t.me/dinan_goncha
https://t.me/lyamnashka_neq
https://t.me/siylahQuran
ХӀорш а ду хьуна.
Repost from N/a
Бера - цӀена яздина кехат санна дукх, уггаре хазаниг, диканиг бен ма яздойла ахьа цу тӀехь!
Хьайна ган луург бен ма яздойла ахьа цу тӀехь!
Цхьа шеко яц, зударий божарше хьежарах пайда ца хилар тӀехь, мелхо зе хиларан тӀехь, делахь а, иштта цхьа шеко яц, хӀоранна кху умматан баккхий Ӏеламнах бовза безаш хилар тӀехь!
Барам, доза лардеш хила веза муьлххачу хӀумангахь!
ХаттӀабан кӀант Ӏумара (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцина, АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Аш билла ма-беззара АллахӀан тӀе болх буьллуш белхьара, Цо шуна, олхазаршна санна рицкъ лур ма дара, Ӏуьйранна меца ара а довлий, сарахь дуьзна цӀадогӀуш долу.»
Сийлахь-Везачу АллахӀа аьлла: «АллахӀана тӀе болх буьллучунна - И кхачаме Ву!»
Оцу аятт билгалдо: нагахь муьлхха а адам АллахӀа омра динарг деш, Цо цамагийначух ларлуш, АллахӀах кхерахь, Цунна АллахӀа муьлхха а гаттонера а, халонера а кӀелхьарволийла лур ю, рицкъ тӀедан бахьанаш нисдийра ду адман коьртехь а, дагахь а цахиллачура. АллахӀана тӀе болх биллиначунна, И кхачаме хир ву массо а сингаттамах а, гӀайгӀанах а и адам хьалхадаккха.
Дин даржо, умматан пайде хила шовкъе болу йижаршан цхьа чӀогӀа мехала хьехар ду, чӀогӀа боккха аьтто бу, иза хӀун аьтто бу аьлча, шайн цӀиндайшан кхин а цхьацца зударий бала бе, ша хан ца тоьуче далахь, шолгӀа зуда йолче хьовсор бу аша уьш))
Шен дешар, болх некъ боцург, чохь дерг а хуьлу, цо хан йойъу дукха, цундела аьтто болчур мелла а къахьега пайден дерг даржорехь
ХӀора денахь маситта деха йоза чу дуьллуш, ойла хилара, йоьшура юй теш оли, делахь а, сан болх пайде дерг даржор бу, оле чу дуьллург чу дуьллура.
Тахана нисса мискъар зарратал дохко а ца доьвла.
АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Бусулба стега даьхний хьакъ доцуш схьаэцнарг, тӀекхоьвднарг, АллахӀан доьхьал гӀура ма ву, АллахӀ шена оьгӀаз вахна волуш, ткъа АллахӀ шена оьгӀаз вахана стаг, цкъа а декъал хир вац, АллахӀ шена оьгӀаз вахана стаг, дакъаз вера ву.»
Хьакъ доцуш бусулба нехан даьхнийн тӀекхоьвдинчунна, АллахӀ оьгӀаз воьдуш ву!
АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Дарж лахаран тӀехь, цу дарже хӀиттаран тӀехь сутар хир ду шу, амма къемат дийнахь дохко валар ду иза.»
И даржа, дозалла дац, амма жоьпалла ду!
Иштта кхетта цунах шайгахь масал долу Къонахий
