en
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Open in Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Show more
345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Уггаре хьалха адман хаьа дезарг, иза уггаре мехехь, уггаре дика, уггаре пайде цо дийра дерг - иза Ӏилма Ӏамор дуй хаар ду! Дуьненахь Ӏилма Ӏамдарал лаккхара мах болуш хӀумма дан дац! Ткъа Ӏилма Ӏамочунна, хьекъал долчунна цуна мах хиича - цо цуна хан ло! Ӏилмо - шай дайшкахь лераме нах ца хиллачеран а, лерам бойта! Ткъа Ӏилма ца хиларо - тоьлла цӀе йоккхуш нах хиллачеран а цӀе йойъа! Ӏилмо - вочух ларвалар тӀе вуьгу! Деган паргӀатон тӀе а вуьгу! Лакха а воккха! АллахӀа аьлла: «Ткъа буй теш хууш берш а, цахууш берг а цхьа терра» Кхин а аьлла: «АллахӀа даржашкахь лакха боху шух ийман диллинарш, шайна Ӏилма делларш» Кху дуьненахь цхьа а хӀума ца го суна, АллахӀа кхерар, цхьана хьаьрчина Ӏилмел гӀоле, иза ду дуьненахь кхочуш хилла дарж! Цундела вайх хӀораммо Ӏилма лаха деза, цунца цхьани АллахӀах кхерар хилийта деза! © Шайх ӀабдуллахӀ Аш-ШанкъитӀи

sticker.webp0.00 KB

ТОЬЛЛА УММАТ... ХӀара Исламан-уммат, АллахӀа схьакъастийна уммат ду! АллахӀа кхан хӀуманац схьакъастийна вай: уггаре хьалха, тоьлла уммат ду вай, ткъа вайх тоьлла уммат динарг кхо хӀума ду: вай ийман диллар; диканиг де алар; вониг ма де алар! АллахӀа Къуръан чохь бах: «Умматех тоьлла уммат ду шуниг, адмашан дикан гучудаьлла долу; диканиг де олуш, вониг маде олуш, АллахӀах тешаш! Ткъа вай и кхо хӀума кхочуш ца дича, дикал дӀайолу вайгар. Дикал дӀа хӀунда йаьлла вайгар аьлча, дера йаьлла вайн ийманаш гӀелладеллан дела! Тахана вайна юккъехь дуккху а нах ма бу, керстаналла дӀакхайкхош, диканиг де ца олу вай, вониг маде ца олу вай, цундела вайна тӀехь олал ду деш. Нагахь санна вайна хьалха санна вай уггаре тоьлла уммат хилла дӀахӀитта лаахь, диканиг де олуш, вониг маде олуш, АллахӀац ийман диллина дӀанис дала деза вай! ТӀаккха АллахӀа лакха дохар ду вай! © Шайх ӀабдуллахӀ Аш-ШанкъитӀи

sticker.webp0.00 KB

БУСУЛБА СТЕГАН ӀАДАТ... Вайна томехь ду - эсал долуш хилар! Вайна томехь ду - собаре хилар! Вайна томехь ду - вовшийн реза хилар, къахьоьгуш хилар, неха лерам беш хилар, хан эрна йойъуш ца хилар, вай бала боцучу хӀуман вай юккъа гӀерташ ца хилар. Хьадисехь ма аллара: «Бусулба стаг шай дин дика лелош хиларан билгало - цо шен бала боцург Ӏаддадитар ю» Шу иштта хилахь, шу сийлахь хира ду, ларам болуш хира ду, цул тӀаьхьа шух дӀа мел ийначун шух асар хира ю, шух пайда хира бу. Шу иштта хилахь, ьӀаккха хӀара уммат кхиочарна юккъехь хира ду шу! Вай хила мегар дац ойла ца еш, йа акха а. Уггаре коьртаниг вай терго яр ду, вайн хӀора а болх, низам тӀаьхь хилар, муьлхха хӀума и делахь а, низамца хила деза иза, низам коьрта ду, цул тӀаьхьа вайнч коьрта ду Ӏилма Ӏамор, юх цунца Ӏамал яр а. Уггаре хьалха, вай къамел - Ӏилмац хила деза, вай диста ца хуьлуш Ӏар - Ӏилмац хила деза, вай цхьа хӀума къобал дар - Ӏилмац хила деза, вай цхьа хӀума юха тохар - Ӏилмац хила деза. ШолгӀа - вай дин, вайн догӀмаш тӀехь гуч даккха деза вай! Тахана Исламан-Ӏалам халонехь дехаш ду, хӀунда аьлча вай деш долу къамел динах лаьцна хӀулу вай, ткъа вай дираг дин дохош хуьлу! © Шайх ӀабдуллахӀ Аш-ШанкъитӀи

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
photo content

sticker.webp0.00 KB

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

sticker.webp0.00 KB

Ӏеламстагах дика ойла ца хилар ду, (йаӀне, вон ойла хилар ду) - цуна Ӏиттарш еш хеттарш далар!

Ӏеламстага диначу хӀуманах хьо кхета хьажар - важиб ду!

Динан охӀланах болу нахах (Ӏеламнахах) дика ойла хилар - важиб ду!

Хьуна хаьа ца хууш, оц Ӏеламстага лардан дезаш хӀуманаш ду! Цундела оц Ӏеламстагах кхета хьажа, гӀийбат далле, бухтан далле, йа и дацахь а, ойла а ма хуьлийла хьан во Ӏеламстагах лаьцна!

Цхьама хаттар деллехь, оц хаттарах хьайна массо хӀума хууш далахь, хьан цу хаттарна жоп дала йиш йоцуш, хьан бакъо йоцу меттигаш хуьлу! И хӀун меттигаш ю аьлча, хьо меца валахь, йа тӀех вуьзна валахь, йа наб йохуш валахь, йа кӀад велла валахь, иштта кхин дӀа а, оц хьолашкахь хьан кхел йа йиш яц, хьан хаттарна жоп дала йиш яц, шарӀахь мегаш дац!

Ӏеламнахах дика ойла хилар важиб ду!