Ӏилманан Аманат
Open in Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Show more345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
Аллахӏ воцучун, кхин цхьанне ца йоьвзуш, цхьа а къайле юй хьан? Цхьа а къайлаха йина ӏамал юй хьан?
Къемат дийнахь, мийзан терзантӏехь вайн дерриге хӏума узар долчу дийнахь, хьан 'дика ӏамалш' ахьа Аллахӏан дуьхьа доцуш, нехан дуьхьа, нахарга хьайн цӏе йаккхийтар дуьхьа йина йолу, вон ӏамалш хилла дӏахӏуьттур ю, хьуна дуьхьал йоьвра ю, тӏаккха, цу кепара ирча сурт дӏа ца хӏоттийта, хьан дерриге дуьненах, са долу, са доцуш йолу хӏуманах, къайлаха йина ӏамалш хила езаш ю, ур-аттал, ахьа аьтто куьйгац сагӏа луш, хьан аьрро куьйгах и къайла доккхуш сагӏа дала дезаш ду ахь, иштта къайлаха ӏамал йан езаш ю ахьа!
Зудчун духаре хьаьжжина, цу зудчун дол деш болу божарший мах хадбо!
Зуда хьарам (тӏехь долуш, амма доцуш санна) духар лоло елахь, цуна чура божарший сий дужуш ду!
Зуда хьанал (Дала тӏедиллина) духар лелош елахь, цуна чура божарший сий ойбуш ду!
Стег сий - цу стега чура зударш лардан дезаш ду!
Нагахь санна бала чӏагӏ беллехь, толама, йаӏне паргӏато, цхьанхьа генахь боццуш, йаӏне герга болуш, лаьтташ бу хьуна!
Цу баланаш, халонаш, сингаттамаш муъмин нах, ийманехь а, Аллахӏан а, Цуьнан Элчан а муьтӏахь хиларехь бен совва ца боху!
Repost from N/a
Кхечаьрна Ӏилма довзийтар, хьехар дар, бахьан ду - Ӏилма совдала а, иза кхиа а, ткъа иза диканна дуьхьала диканца бекхам барах ду, АллахӀана лайшна дика лиъначунна, АллахӀа диканехь аьтто бо.
Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр
[Ахьадису ал-Ахлакъ агӀо: 351].
Диснарг чу ца дуьллаш ӏад ӏа веза моьтта суна)
Аллахӏа Шен ниӏматаш доттийла тӏе, кху чохь долчух пайда оьцуш, йоьшуш волчух, Аллахӏа кху умматан пайде, беркате дойла шу!
АЛЛАХӀА ХЬАСТИЙНА УММАТ...
Веза-Силахь волчу Аллахӏа, Къуръан чохь хьастийна уммат ду хӏара уммат!
Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа Къуръан чохь кху умматан хоттийна долчу куцаний, тахана Исламан умматехь лаьтташ долчу хьоланий а юккъехь йоккха башхалла ю!
Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа боху: «Нахана юккъе даьхна долчу умматеха, уггаре дика уммат ду шу, диканиг де олуш ду шу; вониг ма де олуш ду шу; Аллахӏац ийман дуьллуш ду шу!»
Кхеча аятехь боху Аллахӏа: «Иштта, хӏай бусулба нах! Оха шу нисдаре терра, шуна нийса некъ гайтаре терра, юккъера уммат дина Оха шух, нийсо еш дика уммат дина Оха шух! Къемат дийнахь нагӏан тӏехь шу теш хилийтархьамма! Иштта, Элча шун тӏехь теш хилийтархьамма!»
Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа Къуръан чохь кху умматан хӏоттийна долчу куце вай хьоьвсича, юха, тахана кху умматан лаьтташ долчу хьоле вай хьоьвсича, йоккха башхалла карйо!
Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа хӏоттийна долчу цу куьцан, Исламан уммат гена даьлла кардо!
Муьлхха а уммат, кхеча умматаца къовса дала тарлуш йолчу агӏон тӏехь, Исламан уммат тӏехьа дисан кардо вайна!
Масалан, тӏем майданга вай хьоьвсича, тӏем майдангахь, Исламан уммат кериста нехан уммател тӏехьа дисан кардо!
Эканомик майданга вай хьоьвсича, эканомик майдангахь а, Исламан уммат тӏехьа дисан кардо, шен таронаш йаккхий йоллушехь!
Ӏилман майданга вай хьоьвсича, ӏилман майдангахь а, кериста уммател, бӏаьӏ шерашкахь вайн уммат тӏехьа дисан кардо!
Барт хиларе, цхьаъ хиларе вай хьоьвсича, Исламан умматехь, цхьа барт болша, ши паччахьалкх каро а халду!
Исламан умматан гӏиллакхашка вай хьоьвсича, гӏиллакхан агӏо а, Исламан умматан телхан кардо!
Ткъа Къуръан бакъ ма ду, Къуръан чохь харца хӏума ма дац!
Къуръано хӏара уммат, уггаре а дика уммат ду бохуш хилча; хӏара уммат юккъер уммат ду; нийсо еш уммат ду, бохуш хилча, Къуръано вай цу кепар хьестина долуш, вай хьал цу куьцац дохуш дацахьа, бахьана, вай ваьш ду!
Цу Къуръано бохурга, лело ма деззара вай ца лелорна, Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) тӏехьа даза ма деззара вай ца дазарна!
Амма, вайн хьал телхан делахь а, вайн хьал гӏийла делахь а, Къуръанан, суннатан вай гӏехь гена доьвлехь а, дог дилла мегар дац вай, муххале а, сатийсам сав баккха беза вай!
Исламан уммат кога хӏоттаре, Исламан уммат сама даларе сатийса меттиг ма бу вайн!
Цул сов, Исламан уммат кона хӏуттар ду аьлла, Исламан уммат юха а чӏагӏ лура ду аьлла, тешам ма бу вайн!
Хӏунда аьлча, Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа боху: «Баккъалла а, Тхайн Элчошна а, муъмин нахана а гӏо деш ма ду Тхо! Дуьнен дахарехь а, теш хӏуттар болчу дийнахь а!»
Иштта, Пайхамара (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла хьуна: «Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа, хӏара латта гулла дин, гайтар суна, кху латтан малх баленш а, малх бузенш а гайтар суна, баккъалла а, сан умматан паччахьал, Аллахӏа суна гайтанчу, цу латтан тӏе дӏакхочар долуш ма ду!»
Веза-Сийлахь волу Аллахӏан чӏагӏо ю иза, ткьа и чӏагӏо йовзитинарга, Аллахӏан Элча ву (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам)
Ӏадатехь адмо, цхьана хӏуман тӏехь кхиамаш бо, цхьана белхан тӏехь ка йолуш хуьлу.
Амма, вай хӏиц вуьцар волу Къонаха, массо хӏуман тӏехь, массо белхан тӏехь ка йолуш хилла ву: шен ӏибадат тӏехь а; нахаца лелош йолчу юкъаметтигашкахь а; шен майраллехь а; комаьршалехь а; собарехь а; кхетамехь а; хьекъалехь а; эсал хиларехь а; массо хӏуман тӏехь, массо гӏулкхан тӏехь, белхан тӏехь а, кхечарелла а хьалха волуш, кхечарелла а ка йолуш Къонах хилла ву и!
Хӏинца вай вуьйцур волу Къонаха, Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа шега аьлларг ву: Баккъалла а, лаккхарчу гӏиллакхаш тӏехь верн ма ву хьо!
Цул совва, Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа, шен дахарац дуй биънарг ву иза, шен дахарац дуй биина Къонах ву иза! Аллахӏа аьлла: Хьан дахарац дуй ма буу Аса, баккьалла а шен тилларгахьа ловзуш ма бу уьш!
Цу Къонахчун тӏехьа хӏиттаний бен, йалсаманен чу вай гӏура доцу Къонах ву иза!
Къемат дийнахь цу Къонахчо шафаӏат дичий бен, Аллахӏа холкъан хьесап, барт хаттар дӏадолора доцу Къонах ву иза!
Къемат дийнахь цхьанне Пайхамара, шен тӏехьа хӏиттина хилла болчу нагӏана шафаӏат дийра ма дац, цу Къонахчо доьххьар шафаӏат дичи бен!
Вай, Аллахӏан Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дийцар дийца дохкуш ду!
Вай, Аллахӏан Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дахара довза дагахь ду!
Веза-Сийлахь волчу Аллахӏа, къемат дийнахь уггаре хьалха гӏаттор верг ву иза!
Къемат дийнахь, хастаман байракх олуш йолц байракх, шен карахь хир ерг ву иза!
Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дозалла дийцина вай доьвра дац.
Цу Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дозалле хьаьжжина, цуна дахарац бала кхачар, цуна дахарехь мел лелла болу болх бовзаран тӏехь шовкъе хилар, цу Элчан дозалле хьаьжжина доккха хила дезаш ду, чӏогӏа хила дезаш ду вайн!
**Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дийцар довзара, массо а заманчохь а коьрта болх хилла бу, амма вайн заманчохь и болх гуттара а, тӏех сов коьрта бу!
Хӏунда аьлча, Исламан умматан хьал тиша ду!
Цхьаболчу махкашкахь, Исламан уммат тил делла лелаш ду; вукха махкашкахь Исламан уммат декъа делла лаьтташ ду!**
Ӏилма - аманат ду!
Аллахӏа хьуна делла аманат ду иза, цундела, цхьа а хӏума къайла ца кхоьхьуш, ма дарра, хьо харца веш хӏума и делахь а, динехь нийса дерг, билгал даккха!
Цу кепара хӏумо, хьо сийсаз вийра вац, мелхо сийлахь вийра ву!
Аллахӏан кхел ца лелча ца йолу!
Аллахӏан хьуна цхьа дика дӏакхачо лиъча, иза шайтӏегхулани кхачийна а, хьуна дӏакхочар ду хьуна!
Мутаӏелам шелла а лахарчунга (ӏилмангахь) хьежа ца веза;
Мутаӏелам шелла а лаккхарчунга (ӏилмангахь) хьежа веза!
Хӏунда аьлча, мутаӏелам жимма а шен хаамаш гулла белча, шелла а лахарчунга хьежахь, кхерам бу цо куралла ярха!
Ткъа мутаӏелам шелла а лаккхарчунга хьежахь, иза сийсаз хуьлу, иза кхета шен хаамаш, хӏорд чура хин тӏадам а боций!
Сан доттагӏ, шен езарг ша йаъахь, (мерза хӏума) шех вон масал оьцар ду шен доьзало бохуш, йа йолуш и ца йууш ӏаш юй хиъча, йуьхьӏаржа хӏоьттира со.. Аллахӏа сий дола хьан, Аллахӏа суна моьттачул дика хуьлитийла хьо!
Хьан дешнаш тахана а, коьртара ца довлуш, йоккхал лар йитан сан дагчохь, Аллахӏа кху дерриге умматан пайда а, беркат а дойла хьоьх!
Масал эца хьакъ долуш, хьо сан хиларан йуьхькӏам бу суна!
Дала хьанал динарг ӏаддадиталуш доцучунга, хьарам дерг а диталур дац!
Хьайн са марзаде хьанал дерг ӏаддадита, тӏаккха цуна хьарам дерг ӏаддадита а атта хира ду хьуна!
