ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ
Open in Telegram
3 280
Subscribers
-324 hours
+157 days
+15730 days
Posts Archive
3 279
Адам дукхадезаро, цуьнан сакхташ гарах бIаьрзе веш хиларх терра, иштта иза цадезаро а цуьнан диканаш гарах бIаьрзе во.
Шайх lабдул-lазиз Тlарифий
3 279
"Хьенех велла, цуьнан агlонна (аккаунт) тlе жалоба кхоссахьара аша" - бохун долу хlума ма даржа делахь хьой дуьненчохь волуш.
3 279
Хазалло АллахӀана гергахь сийлахь вина цхьа а вац, АллахӀана гергахь сийлахь хилар ду - Цунна муьтӀахь хиларца.
АллахӀа боху: «АллахӀана гергахь шух гӀоли верг - Цунах кхоьруш верг ву».
[Сурат «ал-Хьужурат», аят: 13]
3 279
Мах бац, ахь арахь лардеш долчуьнан, хьайн чохь хьо и лардеш вацахь! ХӀунда аьлча, хьайна кхин а чӀогӀа важиб дерг кӀелдитина Ӏаш ву хьо.
[«Маьждигера дарс»]lумара رضى الله عنه аьлла: «Суна хаза хета стаг шен доьзалца бера санна волуш. Ткъа оьшучу хенахь — къонахчун амал гучу а йоккхуш».
«аль Факаха уаль мизах» 37.
3 279
Юха доьрзуш доцу кхо хӀума:
– Багара арадаьлла дош.
– ДӀадахана де.
– Байна болу тешам.
3 279
«Хьо léха ма лойла, лай шен везачуьнца хир ву аьллачу къамелах, хьо дика lамал еш вацахь. Жуьгтий а, жаlаран динехь берш а бу хьуна шайна Пайхамарш дукха беза бохуш, делахь а, уьш бац хьуна Пайхамаршца»
Хьасан аль басрий.
3 279
Умматан мостагӏ хила, цу умматан мостагӏашна улле дӏа а хӏоьттина, кера герз эца дезаш вац стаг.
Амма и осала хилар, и ледар хилар, и аьшпаш буьттуш хилар, тешаме цахилар, шен Далла ӏеса хилар, и дерриге умматна мостагӏ хилар ду. Хӏунда аьлча, цу кепара болу нах умматна юккъехь совбевлча, умматан толам генаболу, эшам герга богӀу.
Ледара нах умматна юккъехь дукха хиларе терра, и уммат сийсазлонехь деха. Ткъа къонахий цу умматехь совболаре терра, и уммат толаман герга доьду.
3 279
Цара дlатосур ву хьо, хьабаьхканчул тlаьхьа.
Гамо лоцур ю цара хьоьца, хьо везначул тlаьхьа.
«амма Хьо дlа ца тесна хьан Дала, йа хьоьца Цо гамо а ца лаьцна..» 93:3.
3 279
Хьуна адамаш сов дукха дика довзахь, дуьненах чам бер бу хьан, цундела, мел дукха тешнабехкаш хиларх, тешам хила беза адамех, ца беза церан дуьхьа, цlена хьайн дуьхьа.
3 279
Йа Аллахا кхоччуш долу ийман доьху оха Хьоьга, нисйе Ахь со, сан тоба къобал де Ахь, фитан чу ма йожийта Ахь со, соьх а ма де ахь кхечунна фитан, цlена дог ло Ахь суна, дика лар йитанчарех йе Ахь со, сан lамалш дика хилийта Ахь, уьш цlенна Хьайн дуьхьа йина хилийта Ахь.
Йа Аллахا, сан дахар а, сан ялар а бусулба динехь йолуш бен ма хилийта Ахь.
3 279
Уггаре йоккха хазна (сокровище) езаш вуй хьо?
АллахIа хьайна делчунна тоам бар - иза юкх уггаре мехала хазна. Тlаккха хира ву хьо ирсе а, синтеме а, сутараллах гена а, эхартан ойла тlе яхийтана а.
